Урок №37 Дешнийн ч1аг1делла цхьаьнакхетарш (фразеологически карчамаш)

Урокан тема ю: Дешнийн ч1аг1делла цхьаьнакхетарш (фразеологически карчамаш).
Х1окху урокехь вай хоуьйтур ду, нохчийн мотт хьалдолуш, говза, ира, суртх1отторан тайп-тайпана г1ирсаш  болуш хилар а, вайн дайша  маттахь доккха хьекъал  гул а дина, т1аьхьенна схьакхачийна хилар а. Мотт вуно ницкъ болуш бу. Цо дог-ойла ойъу, эшаво, чов йо, чов ерза а  йо, эхьхоьтуьйту, ойлайойту, кхетаво. 
Къоман мотт а, адамийн хьекъал а, кхетам а, г1иллакх-оьздангалла а кхиорехь йоккха меттиг д1алоцу дешнийн ч1аг1деллачу цхьаьнакхетарша фразеологизмаша. 1аламат дукха ду уьш вай маттахь. Царах цхьадерш довзуьйтур ду вай шуна.
— Дашо куьйгаш ду Айзин, — бохура бабас. —  Багахь мотт бац,
Массанхьа шен куьг кхачо г1ерташ йоллу.
Ткъа бабас бохучух цецвуьйлура жима Асхьаб.
— Муха хир ю дашо куьйгаш долуш, багахь мотт боцуш йо1?
— Шуна хуур дарий бабас бохучун маь1на дан?
— Муха йо1 ю-те Айза? Х1ун ала г1ерта баба?
Оцу дешнийн ма1на иштта хир ду:
Хаза, говза г1уллакх дан хууш йо1 ю Айза. Цунна хабарца дечу г1уллакхах к1елхьаръяла  ца хаьа, массо г1уллакх дан г1ерташ йоллу.
— Х1окху предложенешкахь билгалдаьхна дешнийн цхьанакхетарш.
— Дашо куьйгаш ду Айзин, — бохура бабас. – Багахь мотт бац, массанхьа шен куьг кхачо г1ерташ йоллу. 
Х1окху дешнаш юкъара цхьа дош д1адаьккхича, кхеран маь1на хийцалур дара. Хьовсал шу дика тидам беш.
Х1ара дешнаш вовшах къаста йиш йоцуш ду. 
Вовшех къаста йиш йоцуш, вовшашца уьйр ч1аг1ъелла, вовшех къастийча маь1на духуш, даима цхьаьна лелаш дешнаш я дийнна предложенеш хуьлу. Царех дешнийн ч1аг1делла цхьаьнакхетарш (фразеологически карчамаш) олу.
Дешнийн ч1аг1делла цхьаьнакхетарш тайп-тайпана чулацам болуш хуьлу. Къаьсттина дукха нисло уьш халкъан барта кхоллараллехь: иллешкахь, эшаршкахь, дийцаршкахь, х1етал-металшкахь. Иштта исбаьхьаллин произведенешкахь а нисло уьш. 
Х1инца х1окху предложенешкахь болчу  фразеологически карчамийн маь1наш доста хьовса. 
Хазахетар совдаьлла, ког лаьттах ца кхеташ, лелара к1ант.
Накъосташа лергах ца хьаькхира кхуо дуьйцург.
Эццахь дош-дашера делира к1ентийн. 
Х1окху предложенешкара фразеологически карчамийн  маь1наш иштта ду:
Ког лаьттах ца кхеташ – воккхавеш
Лергах ца хьаькхира     —  тергал ца дира
Дош — дашера делира   —  дов делира
Фразеологически карчамаш, шатайпа хьекъале чулацам болуш, вайн меттан исбаьхьалла  совйоккхуш, къамелан говзалла кхион меттан г1ирс бу. Цара, цхьа башхачу басарша санна, шатайпаначу маь1не дерзадо вайн къамел.
Масала, хьовсур ду вай  х1окху дешнийн ч1аг1деллачу цхьаьнакхетаршка:
«Цхьаъ санна» —  бертахь, цхьаьна бохург ду.
«Ч1имаш-м ца биъна?» — хабарна галваьлла, нийса ца луьш волчуьнга олу.
«Лергех мехий дахар» — хьехарш дар.
«Б1аьрг тоха» — хьажа.
«Корта беттар» — дехар дар.
«Пхьуьйшахула лаьхьа эхьар» — къайлах цабезам лелабар.
Дешнийн ч1аг1делла цхьаьнакхетарш шатайпа хьекъале чулацам болуш, кица санна, халкъан меттан г1ирс бу.
Д1аяханчу урокашкахь 1амийнарг жимма карла а доккхуш, кхид1а болх бийр бу вай.
Х1окху предложенешкара фразеологически карчамаш  схьа а лехна, церан маь1наш даста хьовсур ду вай:
Мохал- маса веана схьакхечира к1ант.
1одара ваьлча санна воьдура иза новкъа.
«Мохал –маса» фразеологически карчам бу, цуьнан маь1на сиха бохург ду.
«1одара ваьлча санна» фразеологически карчам бу, цуьнан маь1на чехка бохург ду.
Сиха, чехка – х1ун эр дара аша х1окху дешнех лаьцна?
Х1окху дешнийн алар, яздар тайп – тайпана ду, амма маь1наш гергара ду.Уьш синонимаш ю. 
«Мохал – маса болар долуш ву иза»
«Уьнт1епхьид санна текхан болар ду цуьна» 
«Мохал-маса» — чехка 
«Уьнт1епхьид санна» — меллаша 
Х1окху  фразеологически карчамийн маь1наш муха нисло? Дуьхь-дуьхьал нисло. Х1ара дешнаш антонимаш ю. 
Вайна ма-гарра, фразеологически карчамаш гергара а, дуьхь-дуьхьал маь1наш долуш а нисло.
Дешнийн ч1агделла цхьаьнакхетарш хаа деза, вайн матта юкъадахко 1ама а деза, х1унда аьлча цара вай къамел ирдо, хаздо, шордо.
Мотт  адамийн дахаран уггаре а сийлахь-йоккха хазна ю шуна. Цундела дешан говзалла а, меттан хазна а йо1-б1аьрг санна ларъян еза вай.
Урок кечйинарг
Пайтаева Хадишт Абдул-Вахабовна 

Close
Яндекс.Метрика