Урок №36 Антонимаш

Д1аяханчу урокашкахь вай дийцира омонимех, синонимех лаьцна. Х1окху урокехь вай шуна йовзуьйтур ю антонимаш. Слайд № 2
Антоним грекийн дош ду.
«анти» — дуьхьала , «оним» — ц1е бохург ду.
Дуьхьала + ц1е
1ай — шело, аьхка – йовхо
Х1ара дешнаш дуьхь-дуьхьал маь1наш долуш ду:
1а-аьхке
Шело-йовхо.
Предложенешкахь билгалдаха хьовса  дуьхь-дуьхьал маь1на долу дешнаш.
1.1ай шийла хуьлу, аьхка йовха хуьлу.
2.1ай денош доца хуьлу, аьхка деха хуьлу.
3.1ай 1алам д1атоь, ткъа аьхка денло.
Х1окху предложенешкахь дуьхь-дуьхьал маь1на долуш дешнаш ду: 1ай, аьхка, шийла, йовха, д1атоь, денло.
Х1ара дешнаш антонимаш ю.
Маь1ница дуьхь-дуьхьал долчу дешнех антонимаш олу. 
Х1инца хьовса шайна карайой х1окху стихотворенин мог1анашкахь  антонимаш:
Дешалаш, Iамалаш.
Кхиаеш амалаш.
Варийлаш, хаалаш:
Уггаре коьртаниг-
Диканиг схьаэцар,
Эккхадар вониг.
Диканиг, вониг – уьш антонимаш ю.
Антонимаш оьшу вайн ойланаш къамелехь хаза, к1орггера  гайта а,  меттан таронаш шоръян а.
Нагахь шу х1окху теманах кхеттехь, х1ара болх бан хьовсур ду вай: дешнашна антонимаш ялае. 
Нагахь санна, аша нийса дешнаш лахахь, цу дешнийн хьалхара элпаш вовшахтоьхча, хьекъал боху дош дешалур ду вайга:
Оьг1азе — 
Йоца —
Къона —
Нийса —
Нилха —
Аша и болх нийса бинехь, хила еза антонимаш  х1орш ю.
Оьг1азе – хьасене 
Йоца — еха
Къона — къена
Нийса — аг1ор
Нилха — луьста.
Вай ма-аллара, хьекъал боху дош д1ах1оьтти. 
Вайн маттахь антонимаш къаьсттина дукха нисло кицанашкахь, масала:
Сихалло са диъна — собаро лам биъна.
Сихалло-собаро — антонимаш ю.
Ц1ахь  шайна юккъахь антонимаш йолу барх1 кица язде.
Кху т1ехь  вайн урок чекхйолу. 
Шун  Iодика йойла, марша 1ойла.
Урок кечйинарш:
Нагомерзаева Тамара Бадрудиновна
Исраилова Луиза Абдул-Галимовна

Close
Яндекс.Метрика