Нохчийн метан интернет урокан х1оттам. 2 класс.
27. Гергара дешнаш.
-Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
-Вай х1инца д1айолор ю рог1ера нохчийн меттан урок.
-Тахана вайна хуур ду, стенах олу гергара дешнаш, муха лаха беза гергарчу дешнийн орам а.
-Цхьана дашах схьадевллачу дешнех гергара дешнаш олу.
Слайд:
Юкъара (цхьатерра) дакъа а, маь1ница вовшашна гергара а долчу дешнех гергара дешнаш олу:
Масала: Деша-дешар- дешархо,пондар-пондарча.
-Х1ара дешнаш «Деша» бохучу а «пондар» бохучу а дешнех схьадевлла ду.
0Х1ора а дешан шен лексически маь1на ду.
-Вайна хаа деза, лексически маь1на бохург х1ун ду а, дешнийн кеп хийцаялар х1ун бохург ду а.
-Цхьадолчу гергарчу дешнийн орамера мукъа элп хийцалуш хуьлу:
Масала: Хьун- хьуьнхо.
-Хьовсур вай хьеха бохучу дашах гергара дешнаш кхолла:
Слайд:
Хьеха- хьехам- хьехархо
-Оцу дешнийн орам «хьех» бу.
-Цу орамах керла дешнаш кхолладелла, шайн лексически маь1на а хийцалуш.
-Хуьйцур вай хьехархо боху дош дожаршца:
Слайд:
Ц1. хьехархо
Дл. хьехархочун
Л. хьехархочунна
Др. хьехархочо
К. хьехархочуьнца
Х. хьехархочух
М. хьехархочуьнга
Д. хьехархочул
-Дош дожаршца хийцадаларх, цуьнан лексически маь1на ца хийцало. Вайна ма-гарра, хийцаелларш чаккхенаш бен яц. Цундела вай дожаршца хийцина дешнех гергара дешнаш ца хуьлу. Церан кеп хийцаелла.
-Х1инца хьовса шина б1ог1амалгерчу дешнашка:
Слайд:
Беш-бешан
Бешахо-бешах
Бешлелархо-бешаца
-Хьалхарчу б1ог1амалгера дешнаш гергара ду, ткъа шолг1ачу б1ог1амалгехь дерш цхьана дешан кепаш ю.
-Ткъа х1инца 1амийнарг т1еч1аг1деш т1едиллар кхочушдийр ду.
-Д1аязде х1ара дешнаш, оцу дешнийн юкъара дакъа билгалдаккха:
Слайд:
Теша, тешам, тешнабехк;
Язда, яздар, яздархо;
Талла, таллам, таллархо;
Кхолла, кхоллам, кхолламхо.
Слайд: (нийса иштта хир ду)
Теша, тешам, тешнабехк; — теш
Язда, яздар, яздархо; — язд
Талла, таллам, таллархо; — талл
Кхолла, кхоллам, кхолламхо; — кхолл
-Х1инца шаьш кхочуш де иштта т1едиллар:
-Цхьана орамах схьадевлла гергара дешнаш цхьана мог1ане д1аязде.
Слайд:
Куьйгалла, оьзданиг, хьехам, ахархо, зуламхо, куьг, хьехархо, оьздангалла, зулам, хьеха, оьзда, аха, куьйгалхо.
Слайд: (нийса иштта хир ду)
Куьг, куьйгалхо, куьйгалла;
Хьеха, хьехам, хьехархо;
Аха, ахархо;
Зулам, зуламхо;
Оьзда, оьздангалла, оьзданиг.
-Тахана вайна хии, стенах олу гергара дешнаш, муха лаха беза гергарчу дешнийн орам.
Иштта цхьана дашах схьадевллачу дешнех гергара дешнаш олий а,
Уьш схьакаро а.
-Кху т1ехь вай таханлера урок ерзор ю.
1одика йойла шун.
Марша 1ойла!
Дудаева Ирса Хожаевна.