2 класс УРОК 20
Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
Х1окху урокехь вай дуьйцур ду Ь, Ё, Ф, Щ элпаш юккъехь долчу дешнех лаьцна.
Слайд:»» «»
Ф, Ё, Щ, Ь элпаш юккъехь долу дешнаш оьрсийн маттара схьаэцна ду.
Церан нийсаяздар дагахь латто деза.
Масала: асфальт, ферма, фартук, кофта, футбол.
-Флот — бохучу дашна т1ера цхьацца элп х1окху дешнийн чаккхене а дуьллуш, керла дешнаш кхуллур ду вай.
Слайд:
ФЛОТ+ шар(ф) ама(л)
метр(о) сахь(т)
Флот — цхьана гӀуллакхна кечдина хикеманаш ду. (сурт гайта)
-Х1инца ас х1етал-метал лур ду шуна:
Слайд:
Буса шелло, г1ура чаг1ло,
Денош жимма дахло,
Чимаш ловзош, дарц а хьаьвзи,
Ала, муьлха бутт бу иза?
(Цхьацца элп дуьллуш, кепа чу д1аязде
ф е в р а л ь дош)
ф | е | в | р | а | л | Ь |
-Маса аз, маса элп ду х1окху дашехь? Элпаш дукха х1унда ду?
Слайд:
Февраль дашехь 7 элп ду, 6 аз ду. (Ь — к1едачу хьаьрко аз билгал ца до)
Слайд:
Диц ма де. Т1еэцначу дешнашкахь к1едачу хьаьрко (Ь) шена хьалхара мукъаза аз к1аддеш ала дезар гойту.
—
— Кхин а цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай.
-Д1аязйийр ю вай х1ара предложенеш, — Щ элпана к1ел сиз хьакха.
Слайд:
Тхан ц1ахь кхо щетка ю. Цхьана щеткица цергаш ц1анйо аса. Вукху щеткица мачаш ц1анйо. Кхоалг1ачу щеткица бедарш ц1анйо.
— Билгалдаьккхинчу дешант1аьххьарчу дешдекъехь о х1унда яздина, ё а ца яздеш?
Слайд:
Билгалдаккха деза: оьрсийн маттара схьаэцначу дешнашкахь бен Ё ца яздо, нохчийн маттахь долчу дешнашкахь ЙО яздо.
Масала: йол, йовлакх, йома.
—Нийса жоп иштта хир ду:
Слайд:
Тхан ц1ахь кхо щетка ю. Цхьана щеткица цергаш ц1анйо аса. Вукху щеткица мачаш ц1анйо. Кхоалг1ачу щеткица бедарш ц1анйо.
Ц1анйо, бохучу дашехь чакхенгахь О яздина, ё ца яздеш.
-Х1окху урокехь вай дийцира: Ь, Ё, Ф, Щ элпаш юккъехь долчу дешнех лаьцна. Довзийтира церан нийсаяздар а.
-Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. 1одика йойла шун ,марша 1ойла.
Пайдаэцна Нохчийн мотт. Солтаханов Э.Х. Солтаханов И.Э. Эдилов С.Э.
Соьлжа- Г1ала. АО « ИПК «Грозненский рабочий» -2016
Урок кечйина: Хьехархо СОШ № 36.
Батаева Альбика Асхабовна.