Урок 17
Нохчийн меттан интернет урокан хоттам.
Урокан ц1е: Дехий, доций мукъа аьзнаш а, уьш йозанехь билгалдахар а.
-Де дика дойла шун, хьоме дешархой.
— Вай х1инца д1айолор ю рог1ера нохчийн меттан урок.
-Таханлерчу урокехь вайна 1емар ду мукъа аьзнаш дехий, доций хилар а, уьш йозанехь билгалдахар а.
—Х1етал-метал хаийла шуна:
Жима ю, 1аьржа ю, лата а ца лета,
Цергаш ца юхку, керта а ца вуьту.
-«Дог1а» нийса боху:
Слайд:
Дог1а
-Б1аьрхиш 1енош, деа чехка,
Мархаш ма ю иза хехка.
Керта хьийзаш, хелхар ди,
Корех леташ, уьш ц1анди
Алал, бераш, х1ун ю и?
«Дог1а» нийса боху.
Слайд:
Дог1а
-Хьалхарчу х1етал-металан жоп, х1усмаш ларъеш, ков-керт лардеш тухуш долу дог1а ду.
-Шолг1ачу х1етал-металан жоп б1аьрхиш 1енош санна, чехка стиглара дог1уш долу дог1а ду.
-Тайп-тайпана маь1наш ду оцу шина дешан, яздар цхьатера доллушехь.
— Церан маь1наш хуьйцург х1ун ю?
Слайд:
Мукъа аз — о дехий, доций хилар ду.
—Нохчийн маттахь цхьадолчу дешнийн маь1на хийцало хьалхарчу дешдекъера мукъа аз деха я доца алар бахьанехь.
Д1адеша дешнаш:
Слайд:
Бажа-бажа
Ваха- ваха
Мекха- мекха
Дакъа- дакъа
-Нохчийн йозанехь а, о, у, е аьзнийн деха хилар билгал ца доккху. Церан деха я доца хилар маь1наца къаьста:
Слайд:
хьаша- хьаша, шу- шу, мекха- мекха, дог1а- дог1а.
Д1аеша предложенеш.
Слайд:
Гурахь диттийн г1аш мажло. Со школе г1аш воьду . Б1аьста дог1а дог1ур ду. Аса ц1енна дог1а туьйхира.
-Билгалдаьхна дешнаш вовшашца дуста.
-Х1ун башхалла ю царна юккъехь?
— Х1ун ду церан цхьатера хьовсий вай?
-И дешнаш цхьатера яздо, амма церан тайп-тайпана маь1наш ду.
-Церан маь1наш хуьйцург мукъачу аьзнийн деха я доца хилар ду.
-Йозанехь церан деха я доца хилар билгал ца доккху.
-Иза вайна маь1ница къаьста.
Слайд:
И, уь, юь деха хезаш хилахь, царна т1ехьа й яздо: динахь- дийнахь, юьлу- юьйлу, буьйса, луьйчу, хуьйцу, суьйре.
-1амийнарг т1еч1аг1деш т1едиллар кхочушдийр ду вай:
Д1аеша предложенеш.
Слайд:
Оцу динахь со хахкавелира.
Оцу дийнахь со хахкавелира.
-Юста и ши предложени вовшашца.
-Хьалхарчу предложенехь мукъа аз и доца ду.
-Шолг1ачу предложенехь мукъа аз и деха ду.
-Вай таханлерчу урокехь мукъачу аьзнийн деха а, доца а хилар дийци.
Слайд:
Дагахь латтаде: нохчийн йозанехь а, о, у, е аьзнийн деха хилар билгал ца доккху.
— Церан деха я доца хилар маь1ница къаьста.
Слайд:
И, уь, юь аьзнаш деха хезаш хилахь, царна т1ехьа й дуьллу: Масала: туьйра, дийцар, юьйлу.
-Цу т1ехь вай таханлера урок ерзор ю.
-Шун 1одика йойла! Марша 1ойла.
Пайдаэцна литература:
1 Э.Х. Солтаханов. И. Э. Солтаханов. Нохчийн мотт 2 класс. Соьлжа-г1ала АО «ИПК» Грозненский рабочий»-2016 ш.
2 С.Э. Эдилов. «Ловзуш 1ема»(Юьхьанцарчу классийн хьехархошна методически пособи) ГУП «Книжное издательство,»-2007 ш.
Урок кечйинарг нохчийн меттан хьехархо: Дашаева Аминат Салаудиновна