Урок № 12 Нохчийн меттан интернет урок 2 класс
Тема : «Дош а, дешдакъа а»
-Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
-Вай юха а д1ахьур ю рог1ера нохчийн меттан урок!
-Тахана вайна 1емар ду, предложенера дешнаш къасто, уьш дешдакъошка декъа а.
-Иштта хуур ду мукъачу озо дешдакъа кхуллуш хилар а.
Суьрташка а хьовсий , ц1ерш яха х1уманийн.
Тидам бе маса декъе декъало х1ора дош.
Слайд:
Цхьо-гал сай чим-чар-г1а пхьа-гал
Цхьо-гал, пхьа-гал дешнашкахь ши дешдакъа ду;
Чим-чар-г1а— кхо дешдакъа;
Сай— цхьа дешдакъа.
-Муха хуур ду дашехь маса дешдакъа ду?
Слайд
Х1ора дешдакъехь мукъа аз хуьлу.
Дашехь мукъа аз долччул дешдакъа а хуьлу.
-Х1инца д1адоьшур ду вай б1ог1амалгара дешнаш.
Грозный, г1ала, ю, шар, де,
вайн республикин , коьрта ха, ол, зар
-Хьалхарчу б1ог1амалгехь дерш дешнаш ду;
-Ткъа шолг1а б1ог1амалгехь дерш-дешдакъош ду.
-Дешнех предложенеш кхуллур ю вай,
ткъа дешдакъойх-дешнаш.
Слайд:
Нийса иштта хир ду.
Вайн республикин коьрта дешар
г1ала Грозный ю. олхазар
Слайд:
Предложени дешнех лаьтта. Дешнаш аьзнех лаьтта. Аьзнаш йозанехь элпашца билгалдо. Дешнаш дакъошка декъало.
-Бераш, вай муха кхетта хьовсуш,т1едиллар кхочушдийр ду вай.
Дешнаш т1е а тухуш, д1аязде дешнаш.
Слайд:
Хор…, …бакх, го…, эм…, цхьо…, …гал, …хат, къо…, олха…, …таг1ий, на.., …рамат, …ца , ки… .
Слайд:
Нийса иштта хир ду.
Хорсам, г1абакх, гота, эмкал, цхьогал, пхьагал, кехат, къолам, олхазар, доттаг1ий, нана, орамат, цаца, кица.
Дешдакъа хила тарло :
1)цхьана мукъачу озах лаьтташ(о-рам);
2)цхьана мукъачу а, мукъазчу озах лаьтташ а (ис-танг);
3)цхьана мукъачу, масех мукъазчу озах лаьтташ (сти-гал, пхьид)
-Юха а цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай.
Кхаа б1ог1амалгахь д1аязде дешнаш : цкъа хьалха –цхьана дешдекъах, т1аккха-шина дешдекъах, цул т1аьхьа кхаа дешдекъах лаьттарш.
Слайд:
Говр, цхьогал, мангалхо, етт, гомаш, ангали, сай, дешархо, ехк, пхьагал, баркалла, уьстаг1, сту, яздархо, пондарча, газа, ча, борз, лом, эмкал, туьха, п1ераска.
Нийса иштта хир ду.
Слайд:
Говр цхьо-гал ман-гал-хо
Етт го-маш ан-га-ли
Сай пхьа-гал де-шар-хо
Ехк уьс-таг1 бар-кал-ла
Сту га-за яз-дар-хо
Ча эм-кал пон-дар-ча
Борз туь-ха п1е-рас-ка
Лом
-Хьоме дешархой, тахана вайна 1еми, предложенера дешнаш къасто, уьш дешдакъошка декъа а. Иштта хии мукъачу озо дешдакъа кхуллуш хилар а.
Цу т1ехь вай ерзор ю таханлера урок.
1одика йойла шу! Марша 1ойла!