2 класс урок№10 Мукъаза аз а, элпа й

2 класс  Нохчийн мотт

Урок № 10 «Мукъаза аз а, элп а Й»

-Де дика дойла шу, хьоме дешархой!

-Вай д1айолайо рог1ера нохчийн меттан урок.

Бераш, суьрташка а хьовсий, ц1ерш яха церан.

Слайд:

…од                      ..

-Аша тидам бинехь, оцу массо а дашехь  вайна  хеза  аз [й].

Вай тахана  1амор ю  й  элп юкъадог1учу дешнийн нийсаяздаран бакъонаш, элп й юкъадог1у дешнаш сехьадаха а.

Й – элп зевне мукъаза аз ду.

— Шена юххехь мукъа аз доцуш,  цо дешдакъа ца кхуллу:

Слайд:

йо-за, нох-чий, ший-ла.

-Нохчийн маттахь й элп масех маь1нехь лела:

-элп  яздо  о,оь,и  элпашна хьалха хезаш хилахь;

Слайд:

йоза, йоьза, йиша, йог1у, йол.

Оьрсийн маттахь санна, нохчийн маттахь а й элпо ах мукъа аз билгалдо. Оцу маь1нехь лелаш долу й элп коьртачу декъана а, о элпашна т1ехьа нисло.

Слайд:

бай, тай, сай, бой, дой.

Нохчийн маттахь й элп озоран хьаьрк хуьлий а лела.

Озоран хьаьркан маь1нехь элп й лела и, уь, юь элпашна т1ехьа.

Слайд:                                          

дийнахь, гуьйре, юьйлу.

Нохчийн маттахь й элп дукхаллин терахьан чаккхе хуьлий а лела. 

Слайд:

доттаг1-доттаг1ий, оьрси-оьрсий, х1ири-х1ирий.

Нохчийн маттахь элп й дозаран хуттурган маь1нехь лела.

Слайд:

Сой,  Асеттий,  Мареммий цхьани туькана г1ур ю.

-1амийнарг т1еч1аг1деш т1едахкарш кхочушдийр ду вай:

— Х1окху суьртийн ц1ерш д1аязъе кхаа б1ог1амалге,

й элпаца долалуш  долчу дешнашна к1ел сиз хьакха;

Слайд:

      Тай       чайник            бай                   йовлакх    майка           йол.

Слайд: (нийса иштта хир ду)

    Тай, чайник, бай, йовлакх, майка, йол.

Х1инца кхин цхьа т1едиллар кхочушдийр ду;

-Х1ора  мог1анерчу дешнех предложенеш х1итто хьовсур ду вай:

(й элп долу дешнаш дешдакъошка декъа)

Слайд:

ловзу, майданахь, бераш

ю, майканаш, т1ехь, царна

гулйира, дадас, йол.

Слайд:

(Нийса иштта хир ду)

Бераш май-данахь ловзу.

Царна т1ехь май-канаш ю.

Уьш буьрканах  ловзу.

-Дагахь латтаде: Й элп шайца долу дешнаш дешдакъошка доькъуш,   элп й бухахь а дуьтуш доькъу:

Масала: Май-ка, г1ай-ба, май-да, хьай-ба, чай-ник.

-Вай тахана дийцира й элпах лаьцна.

-Кху т1ехь вайн  таханлера урок чекхйолу.

-Шун 1одика йойла,

-Марша 1ойла!

Алабаева Тамара Висадиевна

 Соьлжа-г1аларчу № 14 йолчушколан

нохчийнметтан,литературинхьехархо.

Close
Яндекс.Метрика