Нохчийн мотт.
2 класс
Урок №9
Урокан ц1е: «Мукъаза аьзнаш а, уьш элпашца билгалдар».
-Де дика дойла шун, хьоме дешархой!
-Дахаран массо а дийнах пайда а оьцуш, вайн нагахь санна дешар т1ехь кхиамаш хилахь, вай сий долуш дехар ду кху лаьтта т1ехь.
-Вай д1айолайо рог1ера нохчийн меттан урок.
-Хьоме дешархой, тахана вай дуьйцур ду мукъазчу аьзнех а, уьш билгалдечу элпех а лаьцна.
-Олучу хенахь багахь я къамкъаргехь х1аваана цхьацца дуьхьалонаш хуьлуш долчу аьзнех мукъаза аьзнаш олу.
Мукъаза аьзнаш олуш еккъа г1овг1а хеза (ш, х, с) я аззий, г1овг1ий хеза(д,б,г1).
— Х1инца суьрташка а хьовсуш т1ера схьаязде дешнаш.
Слайд:
Помидор г1абакх бепиг шиша хьормат
Слайд: ( нийса иштта хир ду)
Помидор, г1абакх, бепиг, шиша, хьормат.
-Тидам бе, х1ора дашера хьалхара аз олуш х1аваъ багахула чекхдаларан.
-Муха олу, парг1ат я дуьхьало йолуш?
-Аз а, г1овг1а а хеза я еккъа г1овг1а?
Слайд:
Аз [п] олуш еккъа г1овг1а хеза;
Аз [г1] олуш аззий, г1овг1ий хеза;
Аз [б] олуш аззий, г1овг1ий хеза;
Аз [ш] олуш еккъа г1овг1а хеза;
Аз [хь] олуш еккъа г1овг1а хеза;
-Х1инца 1амийнарг т1еч1аг1деш т1едахкарш кхочушдийр ду вай:
-Дешнаш д1аязде, цкъа хьалха-еккъа г1овг1а хезаш дерш;
т1аккха аззий, г1овг1ий хезаш дерш.
Слайд:
Берам, молха, толам, салаз, вота, г1удалкх, хьоза, говр, цициг, кхоьш, пеш, лом.
— нийса иштта хир ду:
Слайд:
— (еккъа г1овг1а хезарш) -(аззий, г1овг1ий хезарш)
1.Толам,. берам
салаз, , молха,
хьоза, вота,
цициг, г1удалкх
пеш, , говр,
кхоьш; лом,
-Ткъа х1инца, т1адамийн метта оьшу элпаш а дохкуш, т1ера схьаяздийр ду вай дешнаш:
Слайд:
…остам, …ор, …ам, ше…а, ка…, а…ар, мо…, …аба, …али, …елг, …азам, …ам.
Слайд: (нийса иштта хир ду)
Хьостам, кор, лам, шекъа, кад, ахьар, моз, кхаба, гали, п1елг, ц1азам, т1ам.
-Х1етал-металехь юьйцург х1ун ю хаьар дарий шуна?
Ла а дог1ий жоп д1аязде еак1овш чу.
—Ц1а дуьззина хьеший бу,
Чу-ара довла кор-не1 дац.
Слайд: (нийса жоп)
х | о | р | б | а | з |
-Х1инца ас йоьшуш тидам а бай ала, маца хилла берийн цхьаьнакхетар?
Слайд:
-Де дика хуьлда хьан, Хьава!
-Диканца дукхавехийла хьо, Мохьмад!
-Нийса боху, дийнахь хилла.
-Нагахь санна церан цхьаьнакхетар суьйранна хилла хилча, муха ала дезара?
-Нийса боху, суьйре дика хуьлда ала дезара.
Слайд:
Тидам белаш. Вовшашка маршалла хоттуш, кегийчара баккхийчаьрца лараме я г1иллакхе хиларан ц1е йоккху:
Деца, Баба, Ваша.
-Тахана урокехь вайна девзи мукъаза аьзнаш а, уьш элпашца билгалдан а 1еми вай.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу.
1одика йойла шун! Марша 1ойла!
Алабаева Тамара Висадиевна
Соьлжа-г1аларчу № 14 йолчушколан
Нохчийметтан, литературинхьехархо.