2 класс урок№8 Элпаш я, яь, ю, юь юкъадогIу дешнаш

 Урок №8

 «Элпаш я, яь, ю, юь юкъадог1у дешнаш»

-Маршалла ду шуьга, хьоме бераш!

-Тахана вай юха а вовшахкхийти рог1ерчу нохчийн меттан урокехь.

-Тахана вайн хуур ду  Я, ЯЬ, Ю, ЮЬ элпаша ши аз билгалдеш хилар, иштта церан  нийсаяздаран бакъонаш а 1амор ю вай.

— Тидам бе х1окху дешнийн, т1едуза оьшучу элпаца.

Слайд:

лг1у, рг1а, хк, …шка.

Слайд: (нийса иштта хир ду.)

ялг1у, юрг1а, юьхк, яьшка.

 я, яь,ю,юь- мукъа  элпаш  ду.

— Уьш мукъа хилар вайна хаало аларехь, цхьа а новкъарло ца хуьлу багара арадолучу х1аваана.

-Таханлерчу урокехь стенах лаьцна дуьйцур ду вай?

Слайд: Я, яь, ю, юь элпаша дашна юьххьехь а, мукъачу элпашна т1ехьа а ши аз билгалдо.

Слайд:

ялта [йалта], яьшка [ йаьшка],

д1аяла [д1айала ], д1аяьлла[д1айаьлла ],

юрт[йурт ], юьхк [ йуьхк], т1еюьгу [т1ейуьгу].

Нохчийн меттан дешнашкахь уьш мукъазчу элпашна т1ехьа ца яздо.

Слайд:

ялта, яьшка, юьхк, юрт, юьртахо, ялх, яьсса, юьртахь, яьшна, яй, юьхьиг, юкъ, юрг1а.

-Х1инца вай дешнийн цхьаьнакхетарш цхьана дашца хийца хьовсур ду.

Слайд:

Ворданан хьалхара лакхе   -………..  .

Ялта чудухку г1ирс- ………….. .

Д1авуьжуш т1етосург — ……. .

Дитт д1ахадийча бухахь юьссург — …….

Нийса кхочушдинехь иштта хир ду.

Слайд:

Ворданан хьалхара лакхе   —ялкха.

Ялта чудухку г1ирс- яьшка.

Д1авуьжуш т1етосург –юрг1а.

Дитт д1ахадийча бухахь юьсург – юьхк.

-1амийнарг т1еч1аг1деш, цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай, еак1овш чу дог1у элп а дуьллуш;

 син
 лг1у
 лта
 хар
 раш
 сли

Слайд: (нийса иштта хир ду)

Ясин
ялг1у
ялта
яхар
яраш
ясли

—кхин а цхьа  т1едиллар кхочушдийр ду вай х1инца.

-Дикка ойла а яй,т1адамийн меттана дог1у элп дилла.

Слайд:

…ртахо, д1а…лу, т1е…ху, д1а…хна, д1а…хьа, …шка,

д1а…хку, схьа…хна, д1а…гу, …стина, …хьиг, …лх, …лу, …су.

-Болх нийса кхочушбинехь, иштта хила беза.

Слайд:

Юьртахо, д1аюьлу, т1еюху, д1аяьхна, д1аяхьа, яьшка, д1аюхку, схьаяьхна,д1аюьгу,яьстина,юьхьиг,ялх, юьлу,  юсу.

-Вайна хууш хиллачул сов х1ун девзи тахана х1окху урокехь?

 — Вайна  хии Я, ЯЬ, Ю, ЮЬ элпаша ши аз билгалдеш хилар а,церан  нийсаяздаран бакъонаш а евзи.

-Цу т1ехь вайн урок чекхйолу

-1одика йойла. Марша 1ойла.

Close
Яндекс.Метрика