2 класс урок№7 Элпаш э, е юкъадогIу дешнаш

 Урок №7  «Элпаш э, е юкъадог1у дешнаш».

Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой.

-Х1окху урокехь вайна девзар ду -Э,Е-  элпаш юкъадог1у дешнаш а, уьш нийсаяздаран бакъонаш а.  Иштта царех йозанехь пайдаэца а 1амор ду вай.

Слайд:

Шуьга ду маршалла,

Хьомсара дешархой.

Дехийла ирс хуьлда,

Ховшалаш шу охьа.

Могуш-маьрша шу гар-

Дийнан беркат ду.

1илмане шу кхийдар-

            Мах боцу совг1ат.

-Х1инца вай хьовсур ду х1окху т1адамийн меттана маь1ница дог1у дош дилла

Слайд :(суьрташца гайта)

Х1етал-металш

Ч1ог1а сиха хьийза к1еза,

Чехош уьйт1ахь аьттан ….   (эса)

Сарралц арахь идда лелла

Бекъа еа сагатделла.

Шек ма яла, ч1ама бекъа,

Лур ас хьуна мекхан….        (Экъа)

Жимчу к1ентан бац цхьа бехк,

Ша кагъели «къена» ….   (ехк) .

Иза боьтту- шура ло,

Т1аккха шура шуна ло.

Цунах олург, дийцалаш,

Шун а буй те божлахь…?     (Етт)

Слайд:

Эса, экъа, ехк, етт. ,

-Х1ун ду оцу  дешний юкъара.

Оцу дешнийн юкъара элпаш ( э, е) ду.

Д1аязде дешнаш .  Э, е- элпашна к1ел сиз хьакха.

Слайд:

 Эмкал, ехк, эса, экха, эвла, д1аэца, д1аехка.

етт, етшура, бел, кема, мекха, д1аели

— Муьлха аьзнаш билгалдо цара?

— Тидам бе дашехь е, э  элпийн яздаран.

Слайд:

Элп Э дашна юьххьехь а, мукъачу элпана т1ехьа а бен ца яздо.

Масала: эчиг, д1аэли.

Элп Е дашна юьххьехь а, мукъачу а, мукъазчу а элпана т1ехьа а яздо.

Масала: ехк, д1аели,бел.

  -1амийнарг т1еч1аг1деш, кхочушдийр ду т1едиллар.

-Элп дайна.Т1адамийн метта дог1у элпаш х1иттаде.

Слайд:

…ла, …шар, …са, …лп, …скар, …вла, …р, …лхьамч.

Т1едиллар нийса кхочушдинехь иштта хир ду

Эла, эшар (ешар), эса (еса), элп, эскар, эвла, эр, элхьамч.

Декъа дешнаш  шина тобане.  Д1аязде тептар т1е.

Эскар, бер, д1аеша, элхьамч, де, д1аэца, елира, элира.

1-ра тоба: -е- элпаца дерш;

2-г1а тоба: -э-элпаца дерш.

Бер                                         эскар

Д1аеша                                   элхьамч

Де                                            элира

Елира                                       д1аэца

-Муьлхачу билгалонашца яздина  и дешнаш тобанашка?

Элп Е дашна юьххьехь а, мукъачу а, мукъазчу а элпана т1ехьа а яздо.

Элп Э дашна юьххьехь а, мукъачу элпана т1ехьа а бен ца яздо.

-Кхин цхьа т1едиллар а кхочушдийр ду вай.

Иштта предложенеш д1а а язъяй, е элпюккъехь долу дешнаш билгалдаха. Дийца цуьнан  нийсаяздарх лаций.

Слайд:

Урам новкъахь, адамашна юккъехь, некъах тиллера жима йо1. Едда лелаш, мохь хьоькхуш, шен нана лоьхуш яра и йо1. Наха хоьттура цуьнга: «Муха яра хьан нана?»

Б1аьргех хиш оьхуш йолчу йо1а элира: «Шуна ца хаьа? Сан нана массарел а тоьлашха ерг ю» 

— Т1едиллар нийса кхочушдинехь иштта хир ду:

Слайд:

Урамновкъахь, адамашна юккъехь, некъах тиллера жима йо1. Едда лелаш, мохь хьоькхуш, шен нана лоьхуш яра и йо1. Наха хоьттура цуьнга: «Муха яра хьан нана?»

Б1аьргех хиш оьхуш йолчу йо1а элира: «Шуна ца хаьа? Сан нана массарел а тоьлашха ерг ю»

— Элп Е дашна юьххьехь а, мукъачу а, мукъазчу а элпана т1ехьа а яздо.

-Х1окху урокехь Э,Е  элпаш юкъадог1у дешнаш а, уьш нийсаяздаран бакъонаш а йовзийти  вай шуна. Иштта царех йозанехь пайдаэца а 1амий.

        Шун 1одикайойла, марша 1ойла.

Close
Яндекс.Метрика