ШИРА ДИЙЦАРШ:


Цкъа мацах, гена хьалха, адам а, lалам а ийна дехачу заманахь, цхьана эвлаяана кхерчахь ц1е яьлла хилла боху. Догуш хилла цуьнан ков-керт, йиш йоьхна дlасауьдуш хилла иза. Массо а садолу хlума орцахдаьллера боху цунна. Шайга далун гlо-накъосталла дина хlораммо а. Чlегlардигаша, схьа а кхоьхуш, цlарана тlе поппарш кхийсина; кхокхарчаша тlемаш лестийна, цlе йожон дагахь; ткъа хьозарчаша тlе чемхалгаш тийсина, цара цlе марса йоккхий ца хууш. Уггаре а цlе марса яьллачу хенахь, дуьнена йистера цхьана lам чуьра, багахь эцна хи а дохьуш, буйннал бен йоцу пхьид кхьачнера цу къемате, хlуп-аьлла, цо и хи тlетуххушехь, дlаяйнера цlе. — Етт-эсий лолда-кх хьо лазон йолчун! — аьлла, боху эвлаяо. Хlетахь дуьйна еза лоруш ю боху пхьид, ен а, лазо а мегаш дац.
Петимат Абубакарова

Close
Яндекс.Метрика