ШИРА ДИЙЦАР:


КЪИЗА 1АДАТ

Къан а велла, г1ора а эшна, доьзална бале вала воьлча, халкъалахь сецна даьлла ламаст кхочушдеш, цхьана тускар чу а виллина, говран ворданахь к1анта д1акхосса ваьхьна хилла шен да. Генна, адам т1е ца кхоччуча, д1аваьхьна цо иза. Цхьана берда йисте а ваьхьна, ша чукхуссучу даьлча, дас аьлла шен к1анте:
— Айхьа со чукхуссучу хенахь соьцане тускар ма кхоссалахь.
К1анта хаьттина дега:
— И х1унда бохура ахьа?
Дас жоп делла:
— И тускар хьуна хьайна а оьшур ду, хьайн к1анта, х1инца ахьа со санна, хьо д1акхуссучу хенахь.
Цо иштта хьехар дича, к1анта дикка ойла а йина, шен да юханехьа ц1а ваьхьна.
И шиъ ц1енна герга кхоччучу хенахь царна дуьхьал кхетта оцу стеган к1ант. Цо, цец а ваьлла, шен дега аьлла:
— Вай, ахьа юхавалош ма ву вайн дада. Иза д1акхосса ваьхьна вацара хьан?
Дас жоп делла к1антана:
— Соьга дадас элира: «И тускар д1а ма кхоссалахь соьцане, хьуна хьайна а оьшур ду хьуна иза, хьайн к1анта хьо д1акхуссучу хан т1екхаьчча». Цо иза аьлча, ойла а йина, дош дац-кх аса лелорг аьлла, ойла хилла, х1ара ц1авалош вог1у-кх со.
Т1аккха жимачу к1анта шен дега аьлла:
— Хьо дада а эцна д1аваханчул т1аьхьа, сан а дезар ду-кх цкъа мацца а, сан дас шен дена диннарг дан бохуш, ойла йоьхна, висинера-кх со. Ма дика ду-кх ахьа дада ц1а а валийна, сан са парг1атдаьккхина.

Close
Яндекс.Метрика