1 класс
Урок № 24
Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой!
ХIокху урокехь вай дуьйцурдумогIанандоккха а, жима а элп Цц.
Йозанан доккха а, жима а элп Цц довзийтар. Элп Цц кхечу дешнашца яздан Iамор.
Слайд
Дешнаш тIехь болх (Суьрташ гайта)
Буцхьакха йитинаметтиг? (Цана)
Баьпках? (Цастар)
Дама а, ахьар а луьйсуш болу гIирс? (Цаца)
Хаттар: Ц элп мукъа элп ду я мукъазаэлпду?
Яккха цуьнан цIе.
Муха алало цуьнан аз паргIат я хала?
Дуста: Ала аз [Ц], хIинца аз [А].
Слайд 4.
[А] аз вайга паргIат алало, цундела и мукъаду. Ткъааз [Ц] олучухенахь багахь хIаваана новкъарло хуьлу, цундела [Ц] мукъаза аз ду.
Мукъачу элпашца дIадоьшур вай ц элп.
Слайд:
Ц — хIара зорбанандоккха Цду
ц — хIара жима зорбанан ц ду
Ц – хIара йозанан доккха элп ду
ц – хIара могIанан элп ду.
—-
Ц элп юкъахь долуш, дешдакъош доьшур ду вай:
Слайд: ца цу цо ци це
ац уц оц иц ец
Бераш, шуна девзий Ц элп юкъахь долу дешнаш? Даладе уьш.
Слайд:
Цана, цаца, дарц, куц, кица, нуц, сацам, цадешар, цирк.
Доькъурду вай хIара дешнаш дешдакъошка
Слайд:
цана – ца-на
цаца – ца-ца
кица – ки-ца
сацам – са-цам
цадешар – ца-де-шар
Слайд:
ХIинцамассо а дашера ц элп билгалдоккхур ду вай:
— Ас кхин дахка лоцур бац!
ЧIагIо йора цициго,
— Ас кхин дахка буур бац
— Дуй буура цициго.
Хала дара цунах теша, хала дара чIогIа,
Нах цецбевлла цуьнга хьежарх,
Цуьнга ла шаьш догIарх.
Мичахь дара царна хууш, —
Аш и бабе хатта: Дума бара цициго бууш, дара кхаба даьтта. (С. Гацаев)
——
Слайд:
— Муьлха элп дайна вайн дешнашкара?
….ел, …ерг, …ана, бу…, ку…(цел, церг, цана, буц, куц)
Слайд: (Цц элп).
— ХIара дуй йозанан доккха элп Ц. ХIара йозанан жима элп ц.
ХIинца Iемарду вай йозанан доккха а, жима а элп Цц дилла.
Цкъахьалха хIаваэхь яздо вай элп ц.
Слайд:
ХIинца вай схеме хьовсуш, тетрадаш тIе дIаяздийр ду могIанан элп ц.
цццццццц…
Доккха элп Ц а
ЦЦЦЦЦЦЦ…
Муьлхачу могIан чу яздоваййоза? (жимачу могIан чу)
МогIанан лакхара а, лахара а сизашгайтар.
ХIинца вайдешдакъошяздийрду.
Ца, цо, цу, ци, це
Ац, оц, иц, ец
— Ц элпана буха сиз хьакха.
Бераш, ц юкъахь долу шдешнаш хьан далор дара?
Цхьана дешдекъах лаьттарш;
Шина дешдекъах лаьттарш;
Кхаа дешдекъах лаьттарш.
Толлувай:
1. Цу, церг, цел – цхьана дешдекъах лаьтта
2. Ца-ца, ца-на, ци-циг, цаьп-цалг — шина дешдекъах лаьтта
3. ца-де-шар – кхаа дешдекъах.
Вай Iамийнарг тIе а чIагIдеш, предложенеш язйийр ю вай.
Слайд
Дешар — серло, цадешар — бода. (кица)
Маса дашах лаьтта предложени? (деадашах)
Слайд: хьалхара дош — дешар
2 — серло
3 — цадешар,
4 — бода
Урок ерзош, вай Iамийнчун жамI дийр ду вай:
— Вайна тахана девзи могIанан а, доккха а элп Цц.
— Хии иза мукъаза аз хилар а. Олучу хенахь багахь хIаваана дуьхьало, новкъарло хуьлуш, гIовгIа бен цахеза.
Урок цу тIехь ерзор ю вай.
Iодика йойла шун, марша Iойла!