1 класс. Урок №23 «БУКВА Ш»

Урок № 23

Де дикахуьлдашун, хьомедешархой!

Мукъаза аз а, элп а Шш довзийтар, яздар.

— Де дика дойла шун, бераш.

— Кийча дуй шу цадевзарг довза, цахуург Iамо?

-Шу кечам бина девллехь, вай дIайолор ю рогIера нохчийн меттан урок.

 -ДIаяханчу урокехь вайна муьлха аз а, элп а девзира?

Вайна девзира аз, элп ЧI чI, таханасунашунадовзийталаьакерла аз а, элп а.

ХIокху урокехь вайяздан Iамор ду могIанан а, доккха а Ш ш.

Иштта вайна Iемар ду Ш элп юкъахь долу дешдакъош, дешнаш, предложенеш яздан.

Яханчу урокехь вай Iамийра могIанан а, доккха а чI ЧI

Iамийнарг карладаккхий вай?

Слайд:

чI ЧI (МогIанан а, доккха а элпгойту)

ЧIурам дош дIа а яздеш чIураман суртгойту.

Маса декъах лаьтташ ду и дош?

Слайд:

ЧIурам — чIу–рам (шина дешдекъах лаьтташ ду)

ХIинца и дошюкъахь долуш предложени ялор вай.

Слайд:

Сайна гайта буса урам,

Ас латийра беха…чIурам.

———

ХIинца Iамор дувай могIанан а, доккхаа ш Шэлп.

Муьлха аз дуиза? Мукъа я мукъаза? (мукъазаду)

Слайд:

Ш ш олучу хенахь багахь хIаваана дуьхьало хуьлуш, гIовгIа бен цахеза. Иза мукъаза элп ду

Далорду вай Шш элпаца дешдакъош

Слайд

Ша шо ши шу ше

Аш ош ши уш еш

Ш элп юкъахь долу дешнаш далош, уьш дешдакъошка доькъурду вай хIинца?

Слайд:

шада – ша-да

шаптал – шап-тал

шелиг – ше-лиг

— хьалхара аз [ш] ду

Иштта предложени йоьшур ю вай:

Слайд:

Машар адамийн ирс ду.

Машар – бохучу дашана

——-

Ткъа хIинца, бераш, Iемар ду вай доккха а, могIанан а Шш элп яздан.

Слайд:

Ш – хIара зорбанан доккха элп ду;

ш – хIара зорбанан жима элп ду;

Ш хIара йозанан доккха элп ду;

ШШШШШШШ…

ш — хIара йозанан жима элп ду

шшшшшшш…

——

Муьлха могIан чу яздо вай йоза? (жимачу могIан чу)

МогIанан лакхара а, лахара а сизаш гайтар

Слайд:

Тидаме мила вухьовсий вай? Стенах тераду вайн элп ш?

Хьаьвди юххехь Iуьллуш ду,

Хьовса цуьнга дика шу:

Ш элп дуй и алалаш,

ДIаяьккхича цуьнан гIаж!

ХIинца схеме а хьовсуш, цкъа хьалха хIаваэхь, цул тIаьхьа тетрадаш тIе яздийрду вай могIанан а, доккха а Шш элп.

Ш элп юкъахь долуш дешнаш даладе вай

Слайд:

шиша

шура

шаьлта.

ХIинца иштта болх бийр бу вай.

Дешнаш яздар.

Слайд:

Дитт — дитташ

Шовда — шовданаш

Кор — кораш

Ведар — ведарш

-Ш, -наш, -аш тIекхетарца хIун хийцадели дешнашкахь?

Дара цхьаъ, хили дуккха а.

——-

Тахана вайна девзира могIанан а, доккха а элп ш Ш.

Хиира Ш элп мукъаза хилар а.

Цу тIехь вай урок ерзайо.

Шун Iодика йойла. Марша Iойла.

Close
Яндекс.Метрика