Нохчийн меттан интернет урок
Урок 12
1-ра класс
Урокан цIе: Мукъаза элп а, аз Б б довзийтар.
— Маршалла ду шуьга, хьоме бераш! Тахана вай дIахьур ю рогIера нохчийн меттан урок. Нохчийн мотт,ненан мотт. Нанас аганан иллица Iамабо вайна вайн ненан мотт. Къен бац дешнашца,оьзда бу,бийца аьхна бу иза. Ламанан сирла шовда санна цIена бу вайн нохчийн мотт, олхазарийн эшарех тера, зевне бека иза. Маьлхан йовхо ю цуьнца, беттан нур ду цуьнца. Ткъа и цхьа а цуьнан хазалла вайна евзар яц,нагахь санна вай иза кIорггера Iама ца бахь. Цундела вай и дика Iамо хьовсур ду. Вайн таханлера урок вай хIетал – металца йолор ю.
Слайд
ХIетал-метал хаийла шуна:
Куйнаш стиглахь а дуьтий
Чу охьа буьссурш муьлш бу? (БIараш)
Малх дIабуьзча, даим керта
Дуссу тийна Iаьржа верта.
Цунах кхоьруш со ца лела
Майра кIант со волу дела. (Буьйса)
Вайн тхов тIера ах сискал (Бутт)
— Муьлхачу элпаца дуьйлалуш ду хIетал-металийн жоьпаш? (Б — элпаца)
— ХIун Iамор ду вай тахана урокехь?
— Вай Iамор ду Б-элп яздан а, деша а.
Дешнаш тIехь болх.
Слайд
— Котам, бIоржам, газа, ангали, бирдолаг, беттаса, зу, верта, буьрка, малх, бад.
ТIедиллар:
ДIадеша дешнаш. Б-элп юкъахь долу дешнаш билгалдаха.
Талла вай: БIоржам, бирдолаг, беттаса, буьрка, бад.
— Вай яздийр ду жима а, доккха а элп Бб.
Йозанан жима элп б яздар.
— ТIадам буьллу белхан могIанна кхоалгIа дакъа деш лакхахь. Цу тIера хьала гу буьллуш аьрру агIо охьавогIу. Лахарчу могIанна тIе кхочуш хьаьвзаш аьтту агIор тасалуриг юьллуш лакхарчу белхан могIанна, гIоьнан могIанна юккъе кхаччалц. Кхузахь аьтту агIо гола а тухуш дIавоьрзу.
Йозанан доккха элп Б яздар.
ТIадам буьллу лакхарчу белхан могIанна, гIоьнан могIанна юккъе. ОхьавогIу сиз хьокхуш лахарчу белхан могIанна тIе кхаччалц, кхузахь чIара а буьллуш, хьаьвзина сизах дехьа а волу. Кхузахь хьаьвзаш охьавогIу лахарчу белхан могIанна тIе. Лаха кхочуш и сиз чухьокху язйинчу меженна герга кхаччалц. ШолгIа меже юьллу лакхарчу белхан могIанна, гIоьнан могIанна юккъехула пурхнехьа сиз хьокхуш.
— Хьоме бераш, хIинца цхьа тIедиллар кхочуш дийр ду вай.
— Лахахь далийначу дешнийн хьалхарчу элпех йоьIан цIе вовшахтаса хьовсур ду вай:
Слайд
Берд
Алкханч
Рема
Етт
Татол
— Муха ю йоьIан цIе? (Барет).
— Муьлхачу элпаца язйина вай и цIе? (доккхачу элпаца)
Слайд:
Дагахь латтаде!!! Доккха элп Б яздо нагахь санна цуьнца предложени йолалуш елахь я иза адаман цIе елахь, ткъа кхечу меттигашкахь лаьтташ и делахь жима элп б яздо. Иза мукъаза аз ду.
Слайд
Оха язди,дукха язди,
Йозано тхан пIелгаш кIадди.
ПIелгаш,Iадда ма Iелаш,
Хьалхий – тIаьхьий идалаш.
Кхийса – кхийса – кхийсалуш,
Ида, ида кIад ца луш.
Вай дика садаьIи, хIинца вай кхин дIа а болх бийр бу.
Iамийнарг тIечIагIдийр ду вай.
Слайд
Вай долчахь хьошалгIахь ЧIирдиг ву.ЧIирдигна тIедиллар дина, амма мен гIертарх, цуьнга кхочуш ца даделла иза.гIо дей вай цунна? Итт элпах Б, А, Ш, У, Е, Д, Н, Г, ГI, О итт дош кхолла деза, Б-элп тIера дуьйлалуш дерш. Цхьа элп юх-юха а юкъадало мегаш ду.
Жоп:
Беда, бун, бад, бага, бугIа, бод, бен, бегаш, беш, бога, баба.
— Тидам бе: мича меттехь лаьтташ ду Б элп?
— Б элп лаьтташ ду дашна юьххьехь, чаккхенгахь .
— ДIаязде хIара дешнаш а, дешдакъош а.
Слайд
Ба, би, бе, бу, бо.
Баба, битон, бога, бурам, берам.
— Хьоме бераш, кхин а цхьа тIедиллар хир ду шуна. ХIокху дешдакъошна тIера дIадуьйлалуш долу дешнаш кхолла.
Слайд:
Ба (зар, хам, ппа, Iар, сар, жа, га)
Нийса жоп: базар, бахам, баппа, баIар, басар, бажа, бага.
Бе (зам, кхам, дар, гаш, раш, рам)
Нийса жоп: безам, бекхам, бедар, бегаш, бераш, берам.
— Шина а могIанера цхьацца дош юкъахь а долуш предложени хIоттае вай.
Слайд:
Масала: Нана базара яхара. Бераш хаза ловзуш ду.
— Вайна тахана девзи Б элп.
— Iеми доккха а, жима а Б б элп яздан.
— Хьоме дешархой,т аханлера урок ерзош суна деша лаьа Арсанукаев Шайхис язйинчу стихотворенин могIанаш.
ЛадогIал цкъа соьга,
«Хьекъале корта».
ЛадогIа яккхий дIа лергара потт.
Йист йоцу хIорд санна,
Бу хьуна шорта
Ша хууш волчунна
Вайн нохчийн мотт.
— И Iамо а, бийца а,цуьнан кIоргенаш йовза а дала аьтту бойла шун.Iодика йойла шун!
Пайдаэцна литература:
Солтаханов Э.Х.,Солтаханов И.Э.,Эдилов С.Э. Iамат «Нохчийн мотт» 1-ра класс;
Эдилов С.Э.»Ловзуш Iема»; Эдилов «Самукъане грамматика».