1 класс. УРОК №11 «БУКВА Х»

Нохчийн меттан интернет урок.

1-ра класс.

Урок №11

Урокан цIе: Мукъаза аз а, элп а Хх довзийтар, яздар.

— Де дика хуьлда шун, хьоме бераш.

-Хазахета вай юха а цхьаьна вовшахкхетта.

— Хазахетарца дIахьур ю вай рогIера урок.

— Вай урок дIайолалуш, ас шуна хIетал-металш лур ду, аша дика ладогIа.

Слайд:

Дечках етташ еха зIок,

Йоккху гIовгIа гонах цо

Туьйсу лаьтта дечкан хIур

— ХIун ю иза?

(хенакIур)

— ХIетал-метал хаийла шуна, хесахь кхиъна тайп-тайпана хасстоьмаш?

— Муьлхарниш бу уьш?

Слайд:

Наьрс, помидор, хох, хорсам, хорбаз.

— Царех Х элп юкъахь дерш муьлхарниш бу?

Слайд:

Хорбаз, хох, хорсам.

— Мича меттехь лаьтташ ду х элп оцу дешнашкахь?

Слайд:

Юккъехь, чаккхенгахь

— ХIинца вай дешдакъош далор ду, ткъа шу царех дешнаш кхолла хьовса.

Слайд:

Ха —                               (хара, хабар, хазар)

Хе —                               (хедар, херх, хехо)

Хи —                              (хирург, хингал, хиш)

Хо —                               ( хох, хола, хорсам)

Ху —                               (худар, хумпIар, хурма)

— Вай тахана яздийр ду Х элп.

Слайд: (анимаци)

— ТIадам буьллу лакхарчу белхан могIанна тIехула. Гу а буьллуш, хьаьвзина охьавогIу аьрру агIор. Лахарчу могIанна тIекхочуш техкарг юьллу, цунна тIера дIа тасалург юьллу. ШолгIа меже юьллу. ТIадам буьллу лакхарчу белхан могIанна тIехула. Гу буьллий, хьаьвзаш охьавогIу аьтту агIор. Лахарчу белхан могIанна тIе кхочуш техкарг, цунна тIера дIа тасалург юьллу.

— ХIинца вай Х элп хIаваэхь дуьллур ду.

— Тетрадаш тIехь дIаяздан хьовсий вай жима а, доккха а элп Хх.

— Иштта яздо могIанан жима элп х

Хх Хх Хх Хх Хх Хх Хх Хх Хх Хх Хх Хх Хх Хх Хх Хх Хх Хх Хх Хх Хх Хх Хх

— ХIокху дешнаш юккъера схьалаха Х элп юкъахь долу дешнаш:

Слайд:

Милт

Хох

Вота

Дарц

Маха

Худар

Тхи

Москал

Духар.

— Хьовсур вай нийса билгалдаьхний те вай Х элп юкъахь долу дешнаш:

Слайд:

Хох

Маха

Худар

Тхи

Духар

— Лахахь далийначу дешнийн хьалхарчу элпех йоьIан цIе вовшахтаса хьовсий вай:

Слайд:

Хох

Етт
Дахка
Акхтарг

— Муха ю йоьIан цIе? (Хеда).

— Муьлхачу элпаца язйо вай иза? (доккхачу элпаца)

— ХIунда язйо вай иза доккхачу элпаца (иза адаман цIе йолу дела).

— Дагахь латтаде: доккха элп Х яздо нагахь санна цуьнца предложени йолалуш елахь я иза адаман цIе елахь, ткъа кхечу меттигашкахь лаьтташ и делахь жима элп х яздо. 

— ХIинца предложени язйийр ю вай.

Слайд:

Румисас молха молу.

— Маса дош ду хIокху предложенехь?    

Х элп юкъахь долу дош муьлхарниг ду?  

— Муьлхачу элпаца йолало предложени  

— Чаккхенгахь хIун юьллу? 

Слайд: (нийса иштта хир ду)

— Маса дош ду хIокху предложенехь? (кхоъ)

Х элп юкъахь долу дош муьлхарниг ду? (молха)

— Муьлхачу элпаца йолало предложении? (доккхачу элпаца)

— Чаккхенгахь хIун юьллу? (тIадам)

— Хьоме бераш,Iамийнарг тIечIагIдеш хIетал-металш дуьйцур ду вай.

Слайд:

Етта а ца етта, дов ца до, амма велхаво?

Дечиг хадон гIирс?

Когаш бац, тIемаш бац, сиха йоьду, тIаьхьа кхуьур вац?  

— Нийса иштта хир ду:

Слайд:                   

Хох

Херх

Хан

— Муьлха аз а, элп а девзи вайна тахана?

— Вайна девзи аз х,Iеми доккха а, жима а Хх элп яздан.

— Хьоме дешархой, таханлера урок вай ерзайо хIокху стихотвореница:

Дика дешнаш нахе баха
КIорда ца до суна цкъа а.
Воьдуш, вогIуш, волалуш,
Лела со уьш гуттар бохуш.
Олу уьш ас дийнахь кхузза-

Iуьйре, суьйре дика йойла,
Марша да шу, марша Iойла,
Де дика шун даим дойла,
Буьйса  Дала декъалйойла,
ДогIуш, доьлхуш, марша гIойла.

Эдилов С.

— Хьоме бераш, иштта хаза, оьзда, гIиллакхе хуьлийла шу даима.

— Iодика йойла шун!

— Марша Iойла!

Close
Яндекс.Метрика