Урок 3
Нохчийн меттан интернет урокан хIоттам:
Урокан цIе: МогIанан доккха а, жима а элп Аа.
Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
— Вай хIинца дIайолор ю рогIера нохчийн меттан урок. Тахана вайна урокехь девзар ду зорбанан а, йозанан а элп Аа. Иштта вайна Iемар ду Аа юкъахь долу дешнаш, предложенеш, дешдакъош деша.
ЛадогIа туьйране.
А хьалхара хIунда ду?
Чохь йоккха гloвгla эккхийтина дохкуш дара абата юкъара схьадуьйлу элпаш. Массо а элп бохург санна чукхийсалуш дара, абатан уггар хьалхара элп А хIунда ду, шай-шай хIунда дац, бохуш. — ДIадаккха и элп! — мохь беттара мукъачу элпаша, — тхо а ду и санна. Декъала хуьлда xlapa гIурт! — ХIун ду хуьлуш дерг мукъана, — бохуш, хуьлучух кхета гIертара шеконан мукъа аьзнаш. — Ангина, авсал боху цамгарш оцу элпа тIера дIаюьйлалуш ю, ткъа и элп абат дIайолош муха нисделла?! И тайпа забарш ян оьшуш дац. — Нийса ду, — бохура шайн дагахь мукъазчу элпаша, — уггаре дика дешнаш — адам, амал, алу, ахча А — на тlepa дIадуьйлалуш ма ду. Массарел а чIогIа мохь бетташ, чурадаьлла хьийзара элп Я. — Со ца кхета, абатан хьалхара элп А хIунда ду Я а доцуш? — Дера ду, — дистхилира хIинццалц тийна Iаш хилла А элп, xlopa беран а хьалхара дош А-на тlepa дIадолало дела. — И хIун дош ду? — къардала ца туьгура Я элп. — Axla- axla, — бохург ду-кх, — элира А элпо. — Цул сов, и бер дIадижош а, карзахдаьлча тедеш йолу хIума а ю оцу элпа тIера дIайолалуш.
— И хIун хIума ю ахь юьйцург?
— Ага.
— Иштта ду и! — тIечIагIдира чIогIачу хьаьрко.
Слайд:
— Вайна кху суьрта тIехь ага го. Маса дош ду оцу предложенехь? (кхо дош).Муьлха аз хеза ага бохучу дешан юххьехь?
Дешан юьххьехь аз [а] хеза.
— А элпо аз [а ] ло. Ага дош дешдакъошка доькъу вай а-га. Шиъ дешдакъа хили вай.
— Хьалхара дешдекъа А ду. ШолгIа дешдакъа га ду. Шина а дешдакъошкахь ду аз а.
-Дашна хьалха дика хеза аз а,ткъа хIинца вай юккъехь а, чаккхенгахь а долу дош эр ду.
— Ага дешан схема
— Кху суьрта тIехь вайна го гата.Гата боху дош дешдакъошка доькъу вай.
— Га-та маса дешдакъа хили вайн?
— Нийса боху, шиъ.
— Шина а дешдекъехь ду мукъа элп а.
Гата дешан схема
— Схьахьовса кху схеми тIе. Мукъа элпаш вай цIечу басахь билгалдо.
А элп хила йиш ю дешан юххьехь: алкханч, абат, Абу.
Дешан юккъехь: кхача, хьаша, гали.
Дешан чаккхенгахь: бухIа, эса, зуда.
Слайд:
— Бераш, хIун го вайна суьрташ тIехь?
— чен сурт;
— чIеран сурт;
— гIаш (листья);
— ахчан сурт;
— бедан сурт;
— гатанан сурт.
Ча, чIара, гIаш, ахча, бад, гата.
Оцу массо дашехь вайна хеза аз Аа.
Слайд
— Легашка хьожуш хIун ала олу лоьро?
Лоьро ала олу (А-а-а);
Слайд (йоI тайнигах ловзуш)
— ЙоIа тайниг муха тахкайо?
(А-а-а-а) оле тахкайо.
Йозанехь аз элпаца билгалдо.
Слайд: (зорбанан Аа гайтар)
А — хIара доккха зорбанан элп А ду;
а — хIара жима зорбанан элп а ду.
ХIинца доьшур ду вай тахана девзина элп Аа.
А а А а Аа Аа Аа
— ХIинца вай и элп яздан Iамор ду:
Слайд: (йозанан элпаш гайтар)
— Ткъа хIара доккха а, жима а йозанан элп а ду.
Слайд (анимацица гайта)
— Вай хIинца кепана тIаьххье хIаваэхь яздийр ду доккха а, жима а элп Аа.
— ХIаваэхь яздо элпаш.
— Къоламца яздо.
Тетрада тIе дIаяздо цкъа хьалха доккха А элп, цул тIаьхьа жима а.
А А А А А А А А А А А А А А А А А А А А А А А А А А
а а а а а а а а а а а а а а а а а а а а а а а а а а а а а а
— ТIадамийн меттана оьшу элп дуьллуш, вовшахтаса хьовсий вай хIара дешнаш.
Слайд
Аб…т, …хкарг, чIар…, аг…, чар…, р…ма, ч…мда, …дам. |
Нийса кеп: Абат, ахкарг, чIара, ага, чара, рама, чамда, адам.
— Кху тIехь вайн таханлера урок чекхйолу.
Iодика йойла. Марша Iойла!