1 класс. УРОК №4 «БУКВА У»

Урок 4

Нохчийн меттан интернет урокан хIоттам:

Урокан цIе: Мукъа аз а, элп а Уу довзийтар, яздар

Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой.

— Вай хIинца дIайолор ю рогIера нохчийн меттан урок.

Слайд:

-Бераш, хIокху суьрта тIехь го вайна угIуш борз. Буса борз муха yгIy? («У-у-у»).

— Уггар тидамечунна хуур ду вай тахана муьлха элп Iамор ду.

— Алал юха а У-У-У.

— Цхьа а новкъарло йоцуш, деха алало  вайга, мукъа аз долу дела [у]

Слайд: (Суьрта тIехь гойту жима а, доккха а уУ элп)

Вайна тахана девзар ду зорбанан а, йозанан а аз а, элп а у, У.

Бераш, хIара йозанан жима элп у ду

Слайд:

у

хIара йозанан доккха элп У ду.

Слайд:

У

У элп хила йиш ю дашна юьххьехь:

урам, урчакх, Умалт.

Дашна юккъехь:

бурч, тIулг, хьун.

Дешан чаккхенгахь:зу, къу, алу.

Вай хIинца у элп яздан Iемар ду.

Слайд: (анимацица гойту)

— Ручка юьллу лакхарчу белхан могIанна тIехула. Доца сиз а хьакхий хьаьвзаш охьадуьйла, юха лакхарчу белхан могIанна  тIе кхаччалц, кхузахь хьаьвзина хьалагIуо, юха шаьш хьаькхначу сиза тIехула охьавогIу лахарчу белхан могIанна тIекхочуш,  хьаьвзина аьрру агIор хьалавоьду, белхан могIанна юккъе кхаччалц.

У У У У У У У У У У У У У У У У У У У У

Жима элп у тептар тIе дIаяздар.

Лакхарчу белхан могIанна тIе тIадам буьллу. Цу тIера охьа нийса сиз хьокху. Охьакхачале хьаьвзина хьалавоьду лакхарчу белхан могIанна тIе кхаччалц. Кхузахь хьаькхначу сиза тIехула охьа нийса сиз хьокху гIоьнан могIанна, лахарчу белхан могIанна юккъе кхаччалц. Кхузахь, хьаьвзаш юха хьалахьо, тIаьхь–тIаьхьа хьалха хьаькхначу сиза тIе а хьуш. Лахарчу белхан могIанна тIе кхочуш хьаькхначу сизах «шад» а беш, дехьа сиз хьокху.

у у у у у у у у у у у у у у у у у у у у у у у у у

Iамийнарг тIечIагIдар тIехь болх бийр бу вай хIинца.

слайд

Бурч                                                                    Иту                        

ХIун го вайна хьалхарчу суьрта тIехь?

(бурч а, цуьнан схема а го )

Бурч-дашехь (б) элпана тIехьа хеза аз [у] .

ШолгIачу суьрта тIехь?

(иту а, цуьнан схема а го)

Иту — бохучу дашехь шолгIачу дешдекъехь хеза аз [У].

Ткъа хIинца, бераш, аша гайта дезар ду шаьш муха кхетта хIокху уроках.

Слайд:

Кху суьрташ тIехь вайна гуш ерш хIун ю? (бутт, зу, хьун).

Цу дешнашкахь хезий вайна аз [у]?

Бутт, хьун дешнашкахь юккъехь ду у элп, ткъа зу дашехь чаккхенгахь ду.

ХIокху урокехь вайна девзи мукъааз а, элп а [Уу] Уу, иштта Iеми жима а, доккха а цуьнан яздар а.

Шайн тетрадаш тIехь Iама жима а, доккха а уУ элп яздан

Кху тIехь вайн урок чекхйолу.

Iодика йойла. Марша Iойла!

Пайдаэцна литература:

  1. Э.Х.Солтаханов. И.Э.Солтаханов. С.Э.Эдилов. Абат 1 класс. Грозный:АО

«Издательско-полиграфический комплекс Грозненский рабочий, 2016».

2. С.Э. Эдилов. «Ловзуш Iема» (Юьхьанцарчу классийн хьехархошна методически пособи)

3. З.Д. Джамалханов, У.Х.Эжаев, Э.Х. Солтаханов. Грозный ГУП «Книжное издательство»

Close
Яндекс.Метрика