Х1окху урокехь дуьйцур ду т1едерзарх лаьцна. Оьрсийн маттахь цунах обращение олу.
Шуна дагадог1у хир ду «Кхо ваша а, саьрмак а» ц1е йолу туьйра.
Цу юккъара цхьа жима кийсак д1аеша еза аш:
Дуьхьалбаьллачу саьрмако хаьттина к1анте:
— Ахь х1ун до, к1ант, хьо стенга воьду?- аьлла.
— Со-м цхьанхьа а ца воьду. Тхан дас ша валале весет динера, х1окху новкъа ма г1олаш, аьлла. Иза х1унда аьлла хилла те цо, хьажа веанера со-м,- аьлла к1анта.
Саьрмако х1ун хаттар до к1анте?
– Ахь х1ун до, к1ант, хьо стенга воьду?
Оцу хаттарехь к1ант бохучу дашо х1ун хоуьйту вайна?
Къамел хьаьнга деш ду (хьанна т1е дерзийна деш ду) хоуьйту.
Кхузахь къамел саьрмако к1анте деш ду, к1ант боху дош т1едерзар ду.
Къамел хьанна я стенна т1е дерзийна деш ду гойтучу дашах (я дешнийн цхьаьнакхетарх) т1едерзар олу.
Т1едерзар цхьана дашах я дешнийн цхьаьнакхетарх лаьтта.
«Мерза мотт, хьо кхоьллинчо
Хьо мел тайна кхоьллина.
Хьан хазалла евзинчо
Хьо мел сийлахь лийрина».
(Ахматов Ваха)
Х1окху стихотворенехь т1едерзар ду — мерза мотт, иза дешнийн цхьаьнакхетарх лаьтта.
Х1инца, цхьа дийцар д1а а дешна, хьовса т1едерзарш дуй цу юкъахь.
Цхьана дийнахь шен дедеца хьуьнах ц1азамаш лахьо вахара Адам. Царна дитта т1ехь тарсал гира. Адамна дагадеара тарсале шайна дитта т1ера б1ар кхосса ала.
— Х1ей! — аьлла, мохь туьйхира к1анта. Тарсал юха ца хьаьжира. «Муха эр дара те цуьнга?»-ойла йира к1анта.
— Суна дагадеи! – олу цо шен дедега.
— Тарсал! Кхосса тхуна б1ар!
— Ой, сел хаза соьга вистхилларг мила вара те?- ойла йира тарсало.
Цул т1аьхьа Адама массаьрга а дукха дийцира ша тарсале аьллачух лаьцна.
Стага шен къамелехь т1едерзар хаза, мерза аларо ладуг1уш волчун ойла къамелана т1еерзайо, ладог1а дог а доуьйтуш. Х1окху дийцар т1ехь вайна и гучу а долу.
1амийнарг т1еч1аг1деш, вовшашца дечу къамелехь билгалдоккхур ду вай т1едерзар.
— Асет, хьайн нанна муьлха совг1ат дийр ду ахь, йинчу денца иза декъалъеш?
Зайнап, иза балхара ц1аяле массо г1уллакх дийр ду-кх аса.
— Иза дан а ду хьуна уггаре а деза совг1ат, Асет.
Кху предложенешкахь Асет, Зайнап боху дешнаш т1едерзарш ду.
Х1инца хьовсур ду т1едерзар предложенин меже хуьлий.
Предложенешна синтаксически къастам бийр бу.
Сан Даймохк, хьоьца сан дахар малхаца къега.
Нана, хьан дикалла кхачалур яц цкъа а.
1-чу предл-хь:
(Х1ун до?) къега — сказуеми
Къега (х1ун?) — дахар – подлежащи
Къега (стенца?) хьоьца- кхачам
Къега (муха?) — малхаца-латтам
(Хьенан?) дахар — сан — къастам
2-чу предл-хь:
(Х1ун хир дац?) кхачалур яц — сказуеми
Кхачалур яц (х1ун?) дикалла – подлежащи
Кхачалур яц (маца?) цкъа а – латтам
(Хьенан?) дикалла-ненан- къастам.
Х1окху предложенешкахь Сан Даймохк, Нана т1едерзарш ду. Цара предложенин меженашца грамматически уьйр ца тосу. Цундела уьш предложенин меженаш ца хуьлу.
Вай дийцира х1окху урокехь т1едерзарх лаьцна. Х1ун хии вайна?
1. Къамел хьанна я стенна т1е дерзийна деш ду гойтучу дашах (я дешнийн цхьаьнакхетарх) т1едерзар олу.
2. Т1едерзар предложенин меже ца хуьлу.
Ц1ахь 5кл. учебник т1ера 84 -г1а шардар кхочушде.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. 1одика йойла шун.
Пайдаэцна литература:
1. В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
3. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. «Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992 , аг1о 50-53.
7. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
Урок кечйинарш:
Хумакиева Зара Хасмагомедовна
Исраилова Луиза Абдул-Галимовна