Урок №15 Т1едерзарехь сацаран хьаьркаш

Тахана д1ахьур ю вай рог1ера  урок: Т1едерзарехь сацаран хьаьркаш. 
Вайн урокан 1алашо ю: т1едерзар долчу предложенешкахь  сацаран хьаьркаш нийса х1итто хаар. 
Д1аяханчу урокехь вай т1едерзарх лаьцна 1амийна.
Хьовса Ахматов Вахас язйина «Даге хьехам» ц1е йолчу стиотворенехь т1едерзар дуй
Хьайн къоман сий ахь  кхадахь,
Хьайца бен хьан ойла яцахь.
Хьайн ден-ненан сий деш дацахь,
Хьайн сий дайний хаалахь, дог.
Даймахке хьан безам бацахь,
Цунна даца кийча дацахь.
Дайн г1иллакхаш доцуш дахахь,
Хьо цхьалха дуй хаалахь, дог.
(Ахматов Ваха)
Шен къомана,  махкана хьанала хила везар а, ден-ненан сий а деш, дайн г1иллакхаш лоруш, ваха 1амадо  вайна х1окху мог1анаша. Ткъа и дерриге  а  яздархочо шен  даге  дуьйцуш  ду, цунна беш  бу  цо и хьехам. Цундела  дог  боху дош т1едерзар  ду. 
Йозанехь иза запятойца билгалдаьккхина. Кхузахь т1едерзар  цхьана дашах лаьтташ ду.
Ткъа т1едерзар шиннах я масех дашах лаьтташ а хуьлу. 
Масала:
— Де дика хуьлда хьан, воккха стаг.  
Кхузахь т1едерзар шина дашах лаьтташ ду.
Ткъа х1инца вай далош долу г1оьнна дешнаш юкъахь долуш предложенеш х1итто хьовса деза шу  
Г1оьнна дешнаш:
Тешаме доттаг, лераме хьехархо, хьоме Даймохк.     
Оцу дешнашца иштта предложенеш х1иттийна  хила тарло, масала:
Сан тешаме доттаг1, вехар  ву хьо сан дагчохь  даимна!
Маршалла ду хьоьга, лераме хьехархо!
Декъала хуьлда хьо, тхан хьоме Даймохк!
Хьалхарчу предложенина синтаксически къастам бийр бу вай:
Сан тешаме доттаг1, вехар  ву хьо сан дагчохь  даимна.
Кху предложени юккъахь: вехар ву  сказуеми ду, хьо подлежащи ду, дагчохь  латтам хуьлу,  сан къастам бу, даимна  иза а латтам бу. 
Сан тешаме доттаг1  т1едерзар хуьлу х1окху предложенехь.  Иза предложенин меже  яц.
Ткъа х1инца т1адамийн метта  маь1ница дог1у дешнаш юккъа а далош, д1аязйийр ю вай х1ара предложенеш. 
Г1оьнна дешнаш: нана, мотт, малх.
Мерза  …,  хьан хазалла евзинчо хьо мел сийлахь лийрина!
Хьо ца хилча, сирла  …, хаза хир дацара дахар!
Ма мерза ю хьоьца яьккхина хан, хьомсара …!
Х1инца хьовсур ду вай, муха нисъелла шун предложенеш:
Хьалхарчу предложенехь мотт боху дош маь1ница дог1уш ду.
Мерза  мотт, хьан хазалла евзинчо хьо мел сийлахь лийрина.
Шолг1ачу предложенехь малх боху дош х1оттор ду вай:
Хьо ца хилча, сирла малх, хаза хир дацара дахар!
Кхоалг1ачу  предложенехь маь1ница дог1у нана боху дош.
Ма мерза ю хьоьца яьккхина хан, хьомсара  нана!
Х1окху предложенеша гойту т1едерзарехь сацаран хьаьркаш х1итторан бакъо:    
Нагахь санна  т1едерзар предложенин юьххьехь хилахь, цунна  т1ехьа  запятой  юьллу. Иза юккъехь хилахь,цунна  шина а аг1ор  запятой  юьллу.  Нагахь  т1едерзар  предложенин чаккхенгахьхилахь, цунна хьалха  запятой юьллу.
Х1ара бакъо шайн дагахь латтае.
Ц1ахь шаьш дешначу туьйрана юккъара  цхьа кийсак язъе т1едерзарш юкъахь долуш.
Кху т1ехь урок чекхйолу. Шун 1одика йойла, марша 1ойла.
Пайдаэцна литература: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. «Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992 , аг1о 50-53.
7. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
Урок кечйинарш:
Хумакиева Зара Хасмагомедовна
Исраилова Луиза Абдул-Галимовна

Close
Яндекс.Метрика