3 класс. УРОК №33 «Хандешан хенашца хийцадалар»

3 класс. Урок №33

Нохчийн мотт.

Урокан цIе: Хандешан хенашца хийцадалар.

— Маршалла ду шуьга.

— Вешан рогIерчу урокехь вай шуна довзуьйтур ду хандешан хенашца хийцадалар. Церан башхаллаш йовзуьйтур ю, хандешнех болу хаамаш а шорбийр бу.

— Хандешнаш хенашца хийцало.

— Бераш, бераш, дика бераш,

— Дикка хьовсий, тидам белаш!

— Суьрта тIе а хьовсий, тидам а бай алал:

Слайд: (шеран хенийн суьрташ гайта)

— ХIун го шуна суьрта тIехь?

Аьхке, бIаьсте, гуьйре, Iа.

— Уьш хIун ю?

— Шеран хенаш.

Слайд:

— Сахьто гойтуш ерг?

Хан.

— Оцу дашна дош тIетоьхча муьлха дош кхоллало?

Хандош.

— Хандашо хан гойту, уьш хенашца хийцало.

Слайд:

Карачу хенан хандешнаша хIун до? бохучу хаттарна жоп ло,дар я хилар къамел дечу хенахь кхочушхилар а гойту.

Масала:

— Ас тай – махий схьаоьцу, тайнигана коч тоьгу.

— (ХIун до?) (Схьаоьцу, тоьгу).

 Слайд:

Хандешан яханчу хено хIун дин? хIун дира? хIун дина? хIун динера? хIун дора? бохучу хаттаршна жоп а ло, дар я хилар къамел дале хьалха хилла хилар а гойту.

Масала:

Мохьмада туьйра дийци бабина.

Бераша ладуьйгIира хьехархочуьнга.

Дешархоша суьрташ дехкина.

Селима школе яханера.

Аминас хабарш дуьйцура.

Хандешан йогIучу хено хIун дийр ду? хаттарна жоп а ло, дар я хилар къамел динчул тIаьхьа кхочушхирг хилар а гойту.

Масала:

Мамина аса совгIат дийр ду,

Цо суна тайниг оьцур ю.

Iамийнарг тIечIагIдийр ду вай хIинца.

Кепа чохь хIора хаттарна буха кхоккха хандош язде

Слайд:

ХIун до? ХIун дина?   ХIун дийр ду?  

Слайд: Нийса жоп иштта хир ду.

ХIун до? воьду луьйчу яздо ХIун дина? вахара элира левзира   ХIун дийр ду? хьожур ву дуьйцур ду яздийр ду  

— Кхин цхьа тIедиллар кхочушдан хьовсу вай.

— ДIаеша предложенеш. Кхаа предложенера хандешнаш вовшашца дуста. -ДIаязъе предложенеш хIокху рогIаллехь: дар къамел дуьйцучу хенахь, къамел дийцале хьалха, къамел дийцинчул тIаьхьа кхочуш хуьлуш ерш.

Слайд:

1. Iуьйранна аса зарядка йира, юьхь йилира, яахIума йиира, тIаккха школе вахара.

2. Школехь оха доьшу, яздо, суьрташ дохку, переменехь ловзу.

3. Урокаш чекхъевлча, тхо ловзур ду.

— ТIедиллар нийса кхочушдинехь иштта хир ду.

Слайд:

1. Школехь оха (хIун до?) доьшу, яздо, суьрташ дохку, переменехь ловзу.

2. Iуьйранна аса (хIун дира?) зарядка йира, юьхь йилира, яахIума йиира, тIаккха школе вахара.

3. Урокаш чекхъевлча, (оха хIун дийр ду?) тхо ловзур ду.

— ХIокху урокехь вай шуна довзийти хандешан хенашца хийцадалар. Церан башхаллаш йовзийти, хандешнех болу хаамаш а шорби.

— Мотт хааро а, мотт безаро а алсамбохийла шун дешарехь кхиамаш.

— Iодика йойла шун. Марша Iойла.

Close
Яндекс.Метрика