3 класс. Урок №35 «Хандешан яхана хан. Хандешан йогIу хан»

3 класс. Урок №5

— Де дика хуьлдашун, хьомедешархой! ДIайолор ю вай рогIера урок.

— Вайнах ууш ма – хиллара хандешнаш хенашца хийцало. Хандешан коьрта кхо хан а ю: карара, яхана, йогIу хан. Яханчу урокехь вай Iамийра хандешан карара хан. Хиира муьлхачу хаттаршна жоп ло хандешан карарчу хено.

— ХIокху урокехь вай дуьйцур ду хандешан яханчу а, йогIучу а хенех лаьцна.

— ХIинца Iамийнарг карладаккха хьовсий вай?

1. Стенах олу хандош?

Слайд.

ХIуманан дар я хилар гойтучу дашах хандош олу.

— Хандешнашна муьлха хаттарш хIиттадо?

Слайд.

ХIун до? ХIун хуьлу? Боху хаттарш хIиттадо.

— Даргойтучу хандашна муьлха хаттар хIоттадо?

Слайд.

ХIун до? Боху хаттар хIоттадо.

Хилар гойтучу хандашна — ХIун хуьлу? хаттар хIоттадо.

Слайд:

Масала: шелло, йохло, Iаржло, кIайло, сенло, макхло.

ДIаязъе предложени.

Слайд.

Яхас книга йоьшу. (хIун до?)

-Йоьшу бохучу хандашо мича хенахь хуьлуш долу дар гойту?

Слайд.

— ХIинцца, карахь долу дар гойту. (иза карара хан ю)

— Вай карлаяьккхи хандешан карара хан.

— ХIинца вай дуьйцур хандешан яханч ухенах лаьцна.

— Хандешан яханчу хено дар я хилар хилла даьлла хилар гойту.

Слайд.

Цо хIун дин? хIун дира? хIун дина? хIун динера? хIун дора? Бохучу хаттаршна жоп ло.

Масала:

хIун дин? — дийци

ХIун дира? — дийцира

ХIун дина? — дийцина

ХIун динера? — дийцинера

ХIун дора? — дуьйцура

— Iамийнарг тIечIагIдеш цхьа тIедиллар кхочушдийр ду вай.

— Карарчу хандешнех яханчу хенан хандешнаш де.

— ТIедиллар нийса кхочушдинехь иштта хила деза.

Слайд.

Доьшу, яздо, ловзу, охку, соьцу, луьйчу, Iуьллу.

— Карара хан, яхана хан.

ХIун до?       хIун дора?              хIун дин?

Доьшу          доьшура                 дийши

Яздо              яздора                     язди

Ловзу            ловзура                   левзи

Охку              охкура                     аьхки

Соьцу           соьцура                   сеци

Луьйчу         луьйчура                лийчи

Iуьллу           Iуьллура                  Iилли

ХIинца вай дуьйцур ду хандешан йогIучу хенах лаьцна.

Слайд:

Дар яхилар хиндолчу хенахь хирг хилар гойтучух йогIу хан олу.

ЙогIучу хено хIун дийр ду? Бохучу хаттарна жоп ло.

Слайд:

Масала: гIур ву, эр ду, дуьйцур ду, кхочур ву.

— ХIинца Iамийнарг тIечIагIдеш, хIара карарчу хенан хандешнаш хуьйцур ду яханчу а, йогIучу а хенашца.

Слайд:

ловзу

воду

кхоллу

оху

хьокху

дуьйцу

яздо

— Цу хандешнийн хийцадалар иштта хир ду:

Слайд:

Ловзу – левзина – ловзур ву

Воду – ведда – водур ву

Кхоллу – кхаьллина – кхоллур ду

Оху – аьхна – охур ду

Хьокху – хьаькхна – хьокхур ю

Дуьйцу – дийцина – дуьйцур ду

Яздо – яздина – яздийр ду

— ХIокху урокехь вайна девзи хандешнийн яханчу а, йогIучу а хенашца хийцадалар.

— Кху тIехь вайн урок чекхйолу.

— Iодикайойла! Марша Iойла!

Close
Яндекс.Метрика