3 класс. Урок №36 «Хандешан билгалза кеп»

 Урок №36  3-г1а класс

 Урок ц1е: Хандешан билгалза кеп.               

— Марша дог1ийла шу, хьоме бераш!

-Дагадоуьйту, хандашо х1ун гойту?

Слайд:

Хандош – иза къамелан дакъа ду.

Цо  х1уманийн  дар  я  хилар  гойту. Хандешнаша х1ун до? х1ун дина? х1ун  дира?

х1ун дора? х1ун дин? х1ун динера? х1ун дийр ду? бохучу хаттаршна жоп ло.

Масала:

Слайд : яздо, яздина, яздира, яздора, язди, яздинера, яздийр ду.

— Хандешнийн хенашца хийцадаларан кепаш карлайохур ю вай.

Слайд:

Хандош хенашца хийцало, цуьнан кхо хан ю:

карара хан, яхана хан, йог1у хан.

Слайд:

Ас         дуьйцу

              дийцина

              дуьйцур ду

 х1ун до?- дуьйцу /карара хан/,

х1ун дина?- дийцина /яхана хан/,

х1ун дийр ду?-   дуьйцур ду/йог1у хан/.

-Ткъа дийца?  Маца дийца  деза? Муьлхачу  хенахь лаьтташ ду и хандош?

-Цо хан ца гойту.

-Вай тахана дуьйцур ду хан билгал  ца  ечу хандешнех  лаьцна.

Ас         дуьйцу

              дийцина

              дуьйцур ду

              дийца

 Слайд:

Хандешан билгалза кеп ю.

Цо жоп ло: х1ун дан? бохучу хаттарна.

Слайд:

Масала: х1ун дан? деша, яздан, аха, лара, хатта, дийца;

 -Цхьана дешдекъах лаьттачу хандешан   билгалзачу кепан чаккхенга 

   Слайд: 

-н яздо  
лан
1ан
дан
ган

-Ткъа х1инца, 1амийнарг т1еч1аг1деш,  вай кхочушдийр ду х1ара т1едахкарш.

1-ра т1едиллар.

-Хандешнаш билгалзачу кепе х1иттаде.

Слайд:

Лору, хоржу, оху, вог1у, воду, вуьжу, вуьгу, доьшу, ловзу,

 гойту,  дуьйцу, 1уьллу.

Слайд:

Нийса иштта хила деза.

Лору-лара, хоржу-харжа, оху-аха,  вог1у-ваха, воду-вада, вуьжу-вижа, вуьгу-вига, доьшу-деша,   ловзу-ловза,  гойту-гайта,   дуьйцу-дийца,  1уьллу-1илла.

2-г1а т1едиллар. Схьалаха билгалзачу кепехь  цхьана дешдекъах лаьтташ  долу  хандешнаш.   

Слайд:

лоь
го
юу
оху
йо
олу
вог1у

 

Слайд:

Нийса иштта хила деза.

йо-ян
вог1у- ван     ван
го-ган
лоь-лен

 

Вайна девзи билгалзачу кепан хандешнаш, хии цара хенашца гергарло лелош  цахилар,   цара дуьххьалд1а г1уллакхан дар хилар гойтуш хилар.

Цу т1ехь вайн таханлера урок чекхйолу.

1одика йойла шу! Марша 1ойла!

Close
Яндекс.Метрика