3 класса. Урок №34 «Хандешан карара хан».

3 класс. №34

Хандешан карара хан.

— Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

— Вай юха а дIахьур ю рогIера нохчийн меттан урок.

— Тахана вай дуьйцур ду хандешан карарчу хенах лаьцна.

— Яханчу урокехь вайна хиира стенах олу хандош а, предложенехь хандош муьлха меже хуьлу а.

— Жимма хандашах Iамийнарг карладаккхий вай?

— Къамелан хIун гIуллакх кхочуш до хандашо?

Слайд.

Хандош — иза къамелан дакъа ду. Цо хIуманийн дар я хилар гойту. Хандешнаша хIун до? хIун дина? хIун дира? хIун дора? хIун дин? хIун динера? хIун дийр ду? бохучу хаттаршна жоп ло:

Масала: яздо, яздина, яздира, яздора, язди, яздинера, яздийр ду.

йоьшу, ешна, йийшира, йоьшура, йийши, ешнера, йоьшур ю.

— Предложенехь хандош дукхахьолахь сказуеми хуьлу.

Масала:

Слайд.

ДогIа догIу.

Бераш луьйчу

1-чу предложенехь:

(хIун до?)догIу сказуеми.

(нохчийн маттахь предложенеш меженашца къастош, дуьххьара сказуеми къастадо, сказуемина тIера хаттар подлежащина ло. )

Слайд.

2-чу предложенехь:

ХIун до?луьйчу – сказуеми.

— ХIинца вай хандешнийн хенашца хийцадаларх лаьцна хаарш шордийр ду.

Слайд:

Хандош хенашца хийцало.

Цуьнан кхо хан ю:

карара

яхана

йогIу

Слайд.

Карарчу хенан хандешнаша хIун до? хIун хуьлу? бохучухаттаршна жоп ло.

Масала: хьожу, лоькху, хьосту, дека.

оьцу, йоьшу, хуьйцу, хьуьйсу, угIу, юьйцу, юсу, олу.

— Иштта тIедиллар кхочушдан хьовсу вай

— ТIадамийн метта, дага а лаций, карарчу хенан хандешнаш даладе.

Слайд:

Говр чехка … Можа хьоза хаза … Хьехархочо дика дийцар … Тамарас книга … ДогIа … ЖIаьла …

— ТIедиллар нийса кхочушдинехь иштта хир ду.

Слайд:

Говр чехка йоду. Можа хьоза хаза дека. Хьехархочо дика дийцар дуьйцу. Тамарас книга йоьшу. ДогIа догIу. ЖIаьла лета.

— Кхин цхьа тIедиллар иштта хир ду. Текст дIаеша.

Слайд:

Аьхке хир ю-кх!

Нохчийн меттан урок ю юьхьанцарчу классехь цхьанна чохь. Хандешнийн хенаш Iамош ду бераш. Ойлан еваьлла Мовсар – дика ца Iамийна цо.

Карарчу хенан хандешнашна масалш даладел, — боху хьехархочо.

Вукхо жоп ца ло.

— Алал, хIета: со луьйчу, хьо луьйчу, бераш луьйчу аьлча, муьлха хан хир ю?

— Аьхке хир ю-кх!

(Ж. Махмаев).

Муха дала дезара оцу хаттарна жоп?

(со луьйчу, хьо луьйчу, бераш луьйчу аьлча – иза хандешан карара хан ю, цара хIун до? Бохучу хаттарна жоп ло.)

— ДIаяздийр ду вай хIетал-метал.

Слайд:

Диллинчу корах чу

БогIий, схьакхочу,

Лерехь до шабарш,

Я барзах угIарш.

ДIатоь и, дIаэккха,

Юха схьаэккха,

Лела сов маса,

Каде а, чехка,

Боьду и хIорда тIе

Кеманаш лехка.

-Карарчу хенан хандешнаш билгалдохур ду вай.

Слайд:

Диллинчу корах чу

БогIий, схьакхочу,

Лерехь до шабарш,

Я барзах угIарш.

ДIатоь и, дIаэккха,

Юха схьаэккха,

Лела сов маса,

Каде а, чехка,

Боьду и хIорда тIе

Кеманаш лехка.

— ХIун ю те хIетал-метал тIехьюьйцург. (Иза мох бу)

— Хьоме дешархой, хIокху урокехь вай дийци хандешан карарчу хенах лаьцна.

— Кху тIехь вайн урок чекхйолу.

— Iодика йойла! Марша Iойла!

Close
Яндекс.Метрика