3 класс. Урок 29. Билгалдош. Юкъара кхетам.
— Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
— Вай шуьца дIайолор ю рогIера нохчийн меттан урок.
— Шуна девзар ду хIуманийн билгалонаш гойтуш долу дешнаш, Iемар ду царех пайдаэца.
-Хьанна хуур дара хIун дош ду хIокху тIехь дуьйцург?
Слайд:
ХIуманан билгало гойту
Къамелан дакъа ду со.
Муха ю? Я хьенан? Стенан?
Хаттаршна ас жоьпаш ло. (Билгалдош)
— Нийса боху, билгалдош ду иза.
— Байт дIайоьшур ю вай билгалдешнийн тидам беш.
Слайд:
Мерза кхор
Кхор бу хилла, можа, мерза,
Горга, чкъор ду сов хаза.
Ас и юккъех боькъур бу,
ДоттагIчунна а кхачор бу.
— Кху тIехь буьйцург кхор бу. Кхор – цIердош ду.
— Кхор муха бу, аьлла хаттар делча, вай жоп лур ду:
Можа, мерза, горга- уьш билгалдешнаш ду.
Слайд: Дагахь латтаде:
ХIуманан билгало а гойтуш, муха? мухачу? хаттаршна жоп лучу дешнех билгалдешнаш олу. Предложенехь билгалдешнаш цIердешнашца уьйр йолуш хуьлу: довха де, хаза бIаьсте, боккхачу тIулге.
— Iамийнарг тIечIагдеш тIедиллар кхочушдийр ду вай.
ЛадогIа хIетал – метале. ХIун ю цу тIехь юьйцург?
Слайд:
Вехаш-Iаш ву тхан цIа чохь цхьа эла:кетар кIеда, корта горга, бIаьргаш баьццара бу цуьнан. Мекхаш нилха, амма деха ду. Когаш боца, лергаш кегий, амма сема. (цициг)
— Муьлхачу дешнаша гIо дира вайна и хIун ю хаа?
Слайд:
КIеда, горга, баьццара, нилха, деха, боца, кегий,сема.
— ХIокху дешнаша хIуманан билгало гойту. Цара жоп ло муха? бохучу хаттарна. Уьш билгалдешнаш ду.
Слайд
ХIетал-метал хаийла шуна:
Куро лела бай тIехула,
ПаргIат йоьду хи чухула,
Шен маьхьсеш а лелайо,
КIеда месаш вайна ло. (гIаз)
— Схьаязде, билгалдешнашна кIел сиз хьакха.
Слайд:
Куро лела бай тIехула,
ПаргIат йоьду хи чухула,
Шен маьхьсеш а лелайо,
КIеда месаш вайна ло. (г
— Кхин а цхьа тIедиллар кхочушдийр ду вай.
— Лахахь далийначу цIердешнашна билгалдешнаш лаха.
Слайд:
Говр – (чIамара …)
Тетрадь – (керла …)
Коч – (еха …)
— Гергарчу хьесапехь жоп иштта хир ду.
Слайд:
Говр — чIамара, чехка, расха.
Тетрадь — керла, сийна, цIена
Коч — еха, хаза, можа
— Билгалдешнашна маьIница догIу цIердешнаш тIеязде.
Слайд:
(ЦIена, зевне, самукъане) хIаваъ, аз, йиш;
(цIен, боккха, мерза) Iаж, хьач;
(сийна, цIена) коч, хох;
(кIеда, кIайн) шекар, бамба.
Нийса иштта хир ду.
Слайд: (Нийса жоп)
ЦIена хIаваъ, зевне аз, самукъане йиш;
ЦIен, боккха Iаж, мерза хьач;
Сийна хох, цIена коч;
КIеда бамба, кIайн шекар.
— Вайна тахана девзи билгалдешнаш. Iеми текстехь уьш билгалдаха. Иштта церан хаттарш а девзи вайна.
— Кху тIехь вайн урок чекхйолу. Iодика йойла шун, марша Iойла.