Урок №28 ЦIердешнийн дожаршца хийцадалар (легар).
(3 класс, хьехархо: Хожаева Эсет.Усмановна)
Хазнашлахь хазна
Ненан мотт къоман.
Ненан мотт мел беха,
Къам дуьсу даха.
Ткъа нагахь мотт шен лахь,
Къам лей дIадолу,
Ненан мотт бицбинарг
Сийсазво наха.
( Ш.Арсанукаев)
— Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
Вай рогIера урок дIайолор ю байтаца.
Евзаш Марха суна ю,
Мархин шортта хьекъал ду,
Дадас Мархина хьекъал ло,
Мархас цуьнан тидам бо
Оьздангалла Мархица лела
Массо Мархех тарлуш ву
Ала суна ,дешархо:
Вевзи шуна Мархел гIоле?
—
Хьанах лаьцна ю байт? Байт Мархех лаьцна
ю.
-Схьаяздийр ду вай Марха боху цIердош, цуьнан хийцадаларан тидам а беш.
-Стенан тидам бина аша? Марха дешан чаккхенаш хийцаелла.
-Вай тахана дуьйцур ду цIердешнаш дожаршца хийцадаларх.
— Иштта вайна хуур ду цIердешнийн бархI дожар хилар а , девзар ду церан хIоран хаттарш а , чаккхенаш муха хийцало а хуур ду.
Слайд:
Хаттаршца цIердешнийн чаккхенаш хийцаяларх дожаршца хийцадалар я легар олу. Нохчийн маттахь бархI дожар ду. ХIора дожаран шен хаттарш ду.
Слайд:
ЦIерниг дожар — мила? йиша
хIун? кехат
Доланиг дожар — хьенан? йишин
стенан? кехатан
Лург дожар — хьанна? йишина
стенна? кехатна
Дийриг дожар — хьан? йишас
стен? кехато
Коьчалниг дожар — хьаьнца? йишица
стенца? кехатца
Хотталург дожар — хьанах? йишех
стенах? кехатах
Меттигниг дожар — хьаьнга? йише
стенга? кехате
Дустург дожар — хьанал? йишел
стенал? кехатал
-ХIинца цхьа тIедиллар кхочушдийр ду вай.
— ТIадамийн метта оьшу дожарийн чаккхенаш а йохкуш предложенеш тIехь болх бийр бу вай. Ищтта къовларшкахь билгалдоккхур ду , муьлхачу дожаршкахь лаьтташ ду и дешнаш.
Слайд:
Тхойшиннан говр.. йоргIа эцна йоьлхуш яра. ТIе а вахана, хьаьжча , иза хилла адам.. коьрт.. туьта. Аьтту агIор дIахьаьжча, иштта гуьйре… можачу духар.., лаьтташ лекха раьгIнаш ю.
Слайд:
— ТIедиллар нийса кхочушдинехь иштта хила деза.
Слайд:
Тхойшиннан говраш (ЦI. д) йоргIа эцна йоьлхуш яра. ТIе а вахана, хьаьжча , иза хилла адаман ( Дл. д) коьртан (Дл.д) туьта. Аьтту агIор дIахьаьжча, иштта гуьйренан (Дл.д) можачу духарца (К. д), лаьтташ лекха раьгIнаш ю.
— ТIера схьаязде билгалдаьхна цIердешнаш.
Слайд:
Каде хьийза бIаьста мокха хьоза. Иза адамашца чIогIа гергарло долуш ду. (Хь. Хасаев)
Хьоза, адамашца.
-Iамийнарг тIечIагIдеш, билгалдаьхна цIердешнаш дожаршца хийца.
Слайд:
ЦIерниг дожар — мила? адамаш
хIун? хьоза
Доланиг дожар — хьенан? адамийн
стенан? хьозанан
Лург дожар — хьанна? адамашна
стенна? хьозанна
Дийриг дожар — хьан? адамаша
стен? хьозано
Коьчалниг дожар — хьаьнца? адамашца
стенца? хьозанца
Хотталург дожар — хьанах? адамех
стенах? хьозанах
Меттигниг дожар — хьаьнга? адамашка
стенга? хьозане
Дустург дожар — хьанал? адамел
стенал? хьозанал
-Хьоме дешархой, со тешна ю, кху уроках аша пайдаэцна хир бу аьлла.
-Кху тIехь вешан урок ю вай.
-Шун Iодика йойла, марша Iойла!