3 класс.
Нохчийн меттан интернет-урок.
Урокан цIе «Дешан чаккхенгахь шала мукъаза аьзнаш яздар»
Урок №20
— Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой! Беркате хуьлда вайн таханлера цхьаьнакхетар.
— Вайна тахана евзар ю дешан чаккхенга шала мукъаза аьзнаш яздаран бакъонаш, Iемар ду царех йозанехь пайдаэца.
— Ткъа таханлера вайн цхьаьнакхетар дIадоло лаьара суна цхьана забаре дийцар тIера.
Слайд:
Дийцар «Топ»
ДIайоьдуш урок хилла. Хьехархо хилла цу урокехь диктант язйойтуш берашка. Цхьана дешархочо хаьттина: «Топ бохучу дешан чаккхенгахь цхьа П дуьллу я ши Пп дуьллу»? — аьлла.
— Хьехархочо жоп делла: «Цхьалгониг елахь цхьа П дилла, шалгониг елахь ши Пп дилла», — аьлла.
— Нийса вуй и хьехархо? Шуна хIун аьлла хета? Муха яздан деза дош ТОП?
-Шуна хаьий, хьоме бераш?
Слайд:
Цхьадолчу дешнийн чаккхенгахь, цIерниг дожарехь шала мукъаза элпаш яздо, нагахь и дош хийцича аз шалхадолуш делахь
— ДIаязде дешнаш:
Слайд: Дитт — дитташ, мотт — меттан, бутт — беттан, хатт — хатто, балл (стом) — болло, ботт — батто, колл — коьллаш, класс — классан, топ — тоьпан.
— ТIадамийн меттана догIуш долу элпаш а дохкуш, дIаязъе дешнаш.
Слайд 3.
Тал…архо, лат…а, поп…ар, кхол…ар, нит…аш, сат…ам, гIул…акх, лоп…аг, гIил…акх, дот…агI, даьт…а, чач…ам, гIум…агI, ак…ази, хIут…ут, туьп…алг.
— ХIинца толлур вай нийса яздиний хьовсуш
Слайд:
Таллархо, латта, поппар, кхоллар, нитташ, саттам, гIуллакх, лоппаг, гIиллакх, доттагI, даьтта, чаччам, гIуммагI, аккази, хIуттут, туьппалг.
— Шун хаарш толлуш кхочушдо вай кхин а цхьа тIедиллар.
— ДIаязде кицанаш, кIел сиз хьакха шалха элпаш долчу дешнашна.
Слайд:
Аьхка цхьа де дайинарг Iай итт дийнахь меца лелла. Аьхкенан дийно Iаьнан бутт кхобу. Буьйса яьккхинчу хударна мотт Iемина. ДогIа ца дилхича, хатт балац, йиш ца лекхча, хелхавалалац.
— ХIинца толлур вай нийса яздиний хьовсуш
Слайд:
Аьхка цхьа де дайинарг Iай итт дийнахь меца лелла.Аьхкенан дийно Iаьнан бутт кхобу .Буьйса яьккхинчу хударна мотт Iемина.ДогIа ца дилхича , хатт балац, йиш ца лекхча, хелхавалалац.
— Со тешна ю нохчийн мотт кхиорехь, къоман гIиллакхаш лардарехь вай массара а кхидIа къахьоьгуш, оцу новкъахь бакхий кхиамаш бохург хиларх.
— Дала аьтто бойла вайн оцу некъа тIехь цIена чекхдовла!
Iодика йойла шун! Марша Iойла!
Пайдаэцна литература:
СолтахановЭ.Х, Солтаханов И.Э., Эдилов С.Э. «Нохчийн мотт — 3 класс» Соьлжа-ГIала АО «ИПК» «Грозненский рабочий» — 2016 ш. «СтелаIад» журнал. Эдилов С.Э. «Самукъане абат». «Ловзуш, Iема» Эдилов С.Э. Методически пособи. Юкъарадешаран ишколийн юьхьанцарчу классийн хьехархошна.
Кечйинарг: МБОУ «Гимназия №4»
нохчийн меттан, литературин хьехархо
Хумакиева Зара Хасмагомедовна