3 класс
Урок №15.
Предложенин коьрта меженаш. Подлежащи а, сказуеми а.
— Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой!
— Суна хетарехь, аш сатесна хир ду керлачу хааршка, уьш шайна дахарехь оьшуш хилар а хууш. Вай шуьца дIайолайо вешан рогIера нохчийн меттан урок.
Слайд:
— ДIаеша предложени:
Месала цициг цIа чохь ловзу.
— Стенах лаьцна дуьйцу хIокху предложенехь?
Цицигах.
— ХIун до цициго? Ловзу.
— Цициг дош юкъара дIа а даьккхина, йоьшу вай предложени.
Месала цIа чохь ловзуш ду.
— ХIун ловзуш ю? МаьIна кхеташ дац.
— Ткъа хIинца юкъара дIадоккху вай ловзуш ду боху дош.
— ДIайоьшу предложени. Месала цициг цIа чохь.
— Ткъа цо хIун до хууш дац.
— Цициг ловзубохучу дешнаша предложенин коьрта маьIна билгалдоккху. Уьш предложенин коьрта меженаш ю.
Слайд:
Коьрта меженаш подлежащи а, сказуеми а ю.
-Подлежащино предложенехь хьанах я стенах лаьцна дуьйцу, гойту.
Слайд:
Подлежащино мила? хIун? муьлш? хьан? стен? бохучу хаттаршна жоп ло. Предложени толлуш подлежащина буха цхьа сиз хьокху.
Масала: Буьйса яхъелла. Стенах лаьцна дуьйцу предложенехь? Буьйсанах.ХIун? – буьйса – подлежащи. Цхьа сиз хьокху вай. ХIун дина? Яхъелла.
— Иза шолгIа коьрта меже ю – сказуеми. Предложенехь ши сиз хьакхарца билгалдоккху.
Слайд:
Сказуеми-коьрта меже ю. Цо предложенехь подлежащих лаьцна хIун олу гойту.
— Сказуемино хIун до? ХIун дина? ХIун дийр ду?
бохучу хаттаршна жоп ло.
— Вайна хии: предложенин ши коьрта меже хилар — подлежащи а,
сказуеми а.
— Ткъа хIинца Iамийнарг тIечIагIдеш тIедахкарш кхочуш дийр ду вай.
— Коьртачу меженашна буха сиз хьокхуш схьаязъе предложенеш.
Слайд:
Со зоопарке вахара. Кегий бераш акхарошка хьуьйсура. Дешархочо хаза сурт дуьллу. Буьйса юьйлира. Даккхий лайн чимаш эга дуьйладелира.
Нийса иштта хир ду:
Слайд:
Со-подлежащи, вахара — сказуеми;
бераш-подлежащи, хьуьйсура — сказуеми;
дешархочо-подлежащи, дуьллу — сказуеми;
буьйса подлежащи, юьйлира — сказуеми;
чимаш-подлежащи, эга дуьйладелира-сказуеми.
— Кхин а цхьа тIедиллар кхочушдан хьовсур ду вай.
— МаьIница догIу подлежащиш язде.
Слайд:
Хьоькху шийла __________. КIайн лайн _________ лаьтта оьгу. Хьуьнах жимачу юьхка тIехь хиъна Iара _______
Билгалонна дешнаш: тарсал, мох, чимаш.
Нийса жоп иштта хир ду:
Слайд:
Хьоькху шийла мох. КIайн лайн чимаш лаьтта оьгу.
Хьуьнах жимачу юьхка тIехь хиъна Iара тарсал.
— Кху тIехь вайн урок чекхйолу.
— Iодика йойла, марша Iойла шу!
Пайдаэцна литература:
I. Солтханов Э.Х.,Солтханов И.Э. ,Эдилов С.Э. «Нохчийн мотт» 3 класс
-Соьлжа-гIала: АО «ИПК « Грозненский рабочий» -20I6
2.З.Д.Джамалханов « Нохчийн мотт » II дакъа Синтаксис Нохч-ГIалгIайн АССР-н педучилищан 3-4-чуй курсийн студенташна учебник Грозный Нохч-ГIалгIайн Книжни издательство I985
3.Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-гIала 2005 шо
4.Эдилов С. Э. «Ловзуш ,Iема» Соьлжа-гIала 20I2 шо.
5..З.Д.Джамалханов, У.Х.Эжаев ,Э,Х.Солтаханов. Юьхьанцарчу классашкахь нохчийн мотт хьехаран некъаш.-Грозный :ГУП «Книжное издательство»
Кечйинарг: Грозни-гIалин № 56 йолчу юккъерчу школан нохчийн меттан, литературин хьехархо Абуева Таиса Ильмадиевна.