3 класс. Урок №15 «Предложени а, дешнийн цхьаьнакхетарш а»

3 класс. Урок №15                

 Нохчийн меттан интернет урокан хIоттам (3-гIа класс)

Тема: «Предложени а, дешнийн цхьаьнакхетарш а»

— Де дика хуьлда шун, хьоме бераш!

— Вай тахана дIахьур ю вешан рогIера нохчийн меттан урок.

— Сийлахь, воккхачу оьрсийн яздархочо Л.Н.Толстойс нохчийн маттах лаьцна аьлла: «Нохчийн мотт уггаре а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь» Цу маттехула девза вайна оьзда гIиллаккхаш, кхоллало Даймахке болу цIена безам.

— Тахана вай дуьйцур ду предложенех а, дешнийн цхьаьнакхетарех а лаьцна. Предложенехь дешнийн цхьанакхетарш довза а, схьакъасто а Iемар ду. Хуур ду дешнийн цхьанакхетаршкахь дешнаш коьрта а, дозуш а хилар. Царна юкъара уьйр хаттарца билгалйоккхий, уьш схьакъасто а Iамор ду вай.

— Лерина тидам бе вай кху шина предложенин.

Слайд:

Дешархоша урокашна кечам бира.  

Асвада месала, бовха куй эцна.

— Маса дашах лаьтта хьалхара предложени хьовсур ду вай.

Дешархоша, урокашна, кечам, бира.

— ХIара предложени деа дашах лаьтта, ткъа дешнийн цхьаьнакхетар кхоъ хир ду кхузахь.

Слайд:

1. Дешархоша бира;

2. Кечам бира;

3. Урокашна бира (кечам).

— ХIинца шолгIачу предложенига хьовсур ду вай:

2. Асвада месала, бовха куй эцна.

— Кхузахь, предложени пхеа дашах лаьтта, ткъа дешнийн цхьаьнакхетар диъ хир ду.

Слайд:

  1. Асвада эцна;
  2. Куй эцна;
  3. Месала куй;
  4. Бовха куй.

Бераш, хьалха урокашкахь Iамийначу коьртачу а, коьртазчу а меженех Iамийнарг дагалаций вай.

Слайд:

Коьрта меженаш ю – подлежащи, сказуеми;

Коьртаза меженаш ю – кхачам, къастам, латтам.

— ХIинца оьрсийн маттахь дагалаций вай уьш.

Слайд:

Главные члены предложения – подлежащее, сказуемое;

Второстепенные члены предложения – дополнение, определение, обстоятельство.

Дика хууш хилла шуна-м. Иза мехала ду.

— Лерина дIайоьшур ю вай стихотворени:

Слайд:

КIайн Iа ду Даймехкан

Аренаш кхолуш,

Дайн оьгу полларчий-

Лайн чимаш ловзуш.

Ас шуьга стих язйо

Ешийта тховса,

Декъала хуьлда шу

Керла шо гIоттуш! (I. Мамакаев)

— Поэт воккхаве Iаьнан хазаллех.

— Цо гойту Iаламехь хуьлу хийцамаш. (ло дар )

Слайд:

Предложенехь дешнаш вовшех маьIница дозу.

Предложенехь дешнийн уьйр хаттарийн гIоьнца хаьа.

Дешнийн цхьаьнакхетарехь цхьа дош вукхунах дозуш хуьлу.

Тидам бе! Подлежащино, сказуемино дешнийн цхьаьнакхетар ца кхуллу:

— ДIайоьшу вай предложени:

Слайд:

Меллаша охьаоьгу лайн чимаш.

— Лайн чимаш, меллаша охьаоьгу — уьш дешнийн цхьаьнакхетарш ду.

ХIун до? охьаоьгу — сказуеми ду; ˭

Охьаоьгу  хIун? Чимаш — подлежащи ду;

Чимаш стенан? лайн;

Охьаоьгу муха? меллаша.

Слайд:

Тидаме хила! Лайн чимаш, меллаша охьаоьгу дешнийн цхьаьнакхетарш ду.

— ХIинца вай Iамийнарг тIечIагIдеш цхьа тIедиллар кхочушдийр ду вай:

Слайд:

Бераша ша тIехь салазаш хоьхку.

— ТIера схьаязъе предложени.

— ХIокху предложенехь йолу дешнийн уьйр гойтур ю вай:

— Подлежащиний, сказуеминий кIел сиз хьакха.

— Шайн хаттаршца шишша дош схьаязде.

— Цкъа хьалха подлежащи, сказуеми;

— ШолгIа дешнийн цхьаьнакхетарш схьаязде.

Слайд: (нийса жоп)

Бераша ша тIехь салазаш хоьхку.

1. Бераша хоьхку; — подлежащи, сказуеми;

2. Хоьхку хIун? Хоьхку салазашдешнийн цхьаьнакхетар;

3. Хоьхку мичахь? Хоьхку ша тIехь- дешнийн цхьаьнакхетар;

— Дика ойла йина хилла аша, цундела нийса ду вайн жоьпаш.

Чакхъяккха сан ойла.

Слайд:

Предложенино гойту кхочушхилла …..

Предложенеш хуьлу …., …., ……

Шена чохь цхьа хаам болуш, цхьа хIума дийца Iалашо ерг …….предложени.

Цхьа хIума хаттархьама, хаархьама ялош ерг ……предложени.

Хазахетарца, ваккхийверца, кхайкхамбарца олуш ерг …. предложени ю.

Предложенин коьрта меженаш ю ….., …… .

Предложенехь хьанах я стенах лаьцна дуьйцу гойтуш ерг ….. ю

Подлежащих лаьцна дуьйцург….. ду.

Слайд: (нийса иштта хир ду)

Предложенино гойту кхочушхилла яьлла ойла.

Предложенеш хуьлу дийцаран, хаттаран, айдаран.

Шена чохь цхьа хаам болуш, цхьа хIума дийца Iалашо ерг дийцаран предложени.

Цхьа хIума хаттархьама, хаархьама ялош ерг хаттаран предложени.

Хазахетарца, ваккхийверца, кхайкхамбарца олуш ерг айдаран предложени ю.

Предложенин коьрта меженаш ю подлежащи, сказуеми.

Предложенехь хьанах я стенах лаьцна дуьйцу гойтуш ерг подлежащи ю

Подлежащих лаьцна дуьйцург сказуеми ду.

-Хьоме бераш, цу тIехь вайн урокана лерина йолу хан чекхъели.

-Со чIогIа теша, аша алссам пайда эцна хир бу хIокху вайн уроках, шайн дахарехь ненан мотт ма бицбелаш. Шу ю тхан кхане, аша айа беза нохчийн мотт.

— Нохчийн халкъан поэт Арсанукаев Шайхин ненан маттах йолчу байтаца ерзон лаьа суна вайн таханлера урок:

«Доьзалехь бийцар а дастам а хеташ,

Хьуо винчу нанан мотт дIатесна ахь.

«Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ !»-

Бохуш , и сийсазбан ца хета эхь…

Iодика йойла! Марша Iойла.

Арзуева Нуржан Хайдаровна 

Пайдаэцна литература

I.Солтаханов Э.Х.,Солтаханова И.Э. Нохчийн мотт 3 –гIа класс Соьлжа-гIала.

2.Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика»5-IIкласс Соьлжа –гIала 20I2шо

3.Исмаилови Абу «Дош» Соьжа-гIала 2005шо

4.I.Т.Карасаев,А.Т.Мациев русско-чеченский словарь.

5.М.Ахмадов «БIе эзар  дика гIуллакх»

6.Нохчийн поэзии 2-гIа том Соьлжа-гIала,ФГУП «Издательство полиграфический комплекс.20IIшо.

Close
Яндекс.Метрика