3 класс. Урок №16 «Текст»

3 класс. Урок №16.

— Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

— Вайн урокан тема «Текст» ю.

— ХIокху урокехь вайна хуур ду текст стенах олу, цуьнан тема бохург хIун ду, цунна цIе муха туьллу, муьлхачу дакъойх лаьтта текст.

— Стенах олу текст?

— Цунах кхетархьама вай цхьа ши тоба предложенеш толлур ю.

Слайд:

1) ТIекхечи гуьйре.

Сан йишас бедарш тоьгу.

Олхазарша эшарш лоькху.

2) Седа гIалахь ехаш ю.

Иза кхоалгIачу классехь доьшуш ю.

Аьхка йоI шен денана йолчу юьрта йоьду.

Седас гIо до шен бабина.

— Хьалхарчу тобанехь предложенеш вовше маьIница йозуш яц, ткъа шолгIачу тобанера предложенеш маьIница йоьзна ю.

— Хьалхарчу предложенехь вайна йоI евза, шолгIачу предложенехь иза массалгIачу классехь ю хаьа, кхоалгIачу предложенино гойту иза аьхка денана йолчу яхар, йоьалгIачо – цо шен денанна гIо дар.

— Цундела, шолгIачу тобанера предложенеш текст ю ала йиш ю вай.

Слайд:

Текст – иза маьIница вовшах йозаелла шиъ я масех предложени ю.

— ХIокху предложенеш юкъара текст хIотто йиш ерш схьалохур ю вай.

Слайд:

1) Жимачу Iелин кIеза дайнера.

2) ЦIеххьана догIа доладелира.

3) КIанта дукха лийхира иза, амма ца карийра.

4) ЧIегIардигаш бовхачумахка дIадахана.

5) Халахетта, вилхира иза.

— Кхузахь маьIница йозуш ю хIара предложенеш:

Слайд: (Нийса жоп)

1) Жимачу Iелин кIеза дайнера.

3) КIанта дукха лийхира иза, амма ца карийра.

5) Халахетта, вилхира иза.

— Цундела, хIара жима текст ю ала йиш ю вай.

-Текстан тема а хуьлу. Цунна цIе тилла а мега.

Слайд:

— Текстан тема – иза текстехь шех лаьцна дуьйцург ду.

— Йоьшур ю вай текст:

СЛАЙД:

         Суна чIогIа цициган кIорни езара. Сан йишас еара сунна иза ша балхара цIа йогIуш.

КIорни чIогIа хаза яра, кIайн-Iаьржа а йолуш. Цуьнан кегий тIодаш а, месала кIайн цIога а дара.

Суна чIогIа деза сайн цициган кIорни. Цуьнца ловзуш самукъадолу сан. Аса Iалашдо иза.

 →

— Текстехь цициган кIорних лаьцна дуьйцу, цундела вай ала йиш ю, иза цуьнан тема ю.

— Текстан темига я текстехь дуьйцучуьнга хьаьжжина цунна цIе тилла а мегар ду.

Масала: вай текстан цIе «Цициган кIорни» ала мегар ду.

— ХIара текст маьIница кхаа декъе екъало:

Слайд:

Суна чIогIа цициган кIорни езара.

Сан йишас еара суна иза ша балхара цIа йогIуш.

ХIокху декъехь вайна хаам бо. (ХIун хилла?)

Слайд:

КIорни чIогIа хаза яра, кIайн-Iаьржа а йолуш. Цуьнан кегий тIодаш а, месала кIайн цIога а дара.

— ШолгIачу декъехь суртхIоттор гойту (Муха? Муьлха?)

Слайд:

Суна чIогIа деза сайн цициган кIорни. Цуьнца ловзуш самукъадолу сан. Аса Iалашдо иза.

— КхоалгIачу декъехь – ойлаяр (ХIунда?)

— ХIора дакъа керла ойла гойтуш ду. Цунах абзац олу. Иза цIечу могIанца яздо.

Слайд:

Къамелехь вай текст – хаамах, текст – суртхIотторах, текст – ойлаярх пайда оьцу.

— Вай нийса хIоттийначу текстехь дIадолор а, коьрта дакъа а, дерзор а хир ду.

— Кхин а цхьаьна текстан масаллин тIехь хьовсур ду вай цуьнга.

Слайд:

Була хьуьнан дийнат, акха хьайба ду.

Цо буц юу. ДегIана йоккха, зоьртала хуьлу иза. Цунна тIехь буькъа тIаргIа бу.

Цундела Iай шел ца ло була. Барзаха, кхечу экханах а ца кхоьру иза.

— Хьалхарчу декъехь вайна довзуьйту акха дийнат. Иза текстан дIадолор ду,

хаам бу.

— ШолгIачу-коьртачу декъехь –вайна цуьнан сурт хIоттадо.

— КхоалгIачу декъехь – дерзорехь – вайн ойлаерзайо. Авторо шена ала луург дерриге а аьлла хилар гойту.

— ХIокху урокехь вайна Iеми текст муха хIоттайо, муьлхачу дакъойх лаьтта,

цуьнан тема билгалъяккха а, текстана цIе тилла а.

— Кху тIехь вай урок чекхйолу.

— Iодика йойла. Марша Iойла!

Close
Яндекс.Метрика