Урок №11
Тема: Дийцаран, хаттаран предложени.
Нохчийн метан интернет урокан хIоттам
— Де дика хуьлда шун, хьоме бераш!
— Вай тахана дIахьур ю вешан рогIера нохчийн меттан урок.
— Нохчийн мотт хаза, исбаьха, хьалдолуш, бийца атта мотт бу, цундела вай доггаха Iамор бу вешан ненан мотт.
— Тахана вай дуьйцур ду «Дийцаран, хаттаран предложенех» лаьцна.
— Иштта карладохур ду предложенех долу хаарш. Iемар ду и предложенеш вовшех къасто а, церан чаккхенгахь оьшу хьаьрк хIотто а.
Слайд (тарсал, цхьогал, зу, хьун, малх — суьрташ гойту)
— Хьоме бераш, вайна гучу суьртийн цIерш йохур ю вай.
— Суьрташ тIехь вайна го: тарсал, цхьогал, зу, хьун, малх.
— Оьрсийн маттахь яха церан цIерш:
— Белка, лиса, ёжик, лес, солнце;
Нийса ду.
Слайд:
Тарсал суна хьуьнхахь гира.
— ХIорш дешнаш ду.
— Дешнаша билгалйо: хIума, цуьнан дар, цуьнан билгало.
— Оцу дешнех предложени хIоттор ю вай:
Слайд: (Нийса предложени иштта хир ю.)
Суна хьуьнхахь тарсал гира.
— ХIокху предложенино кхочушхилла яьлла ойла гойту.
— ХIара дийцаран предложени ю.
— Предложенеш дийцаран, хаттаран, айдаран а хуьлу;
— ХIора предложени цхьана Iалашонца олу.
— Наха, вовшашца тIекере хуьлуш, хотту,
цхьа хаам бо я цхьана хIуманах лаьцна дуьйцу.
Слайд:
— Цхьа хаам бечу я цхьана хIуманах лаьцна дуьйцучу предложенех
дийцаран предложени олу.
Цуьнан чаккхенга тIадам буьллу.
Тарсал, зу, цхьогал — уьш акха дийнаташ ду, уьш хьуьнхахь деха.
Слайд:
Бераш, хIокху суьртах пайда а оьцуш, предложени хIотто хьовсий вай.
— Стенга дахана бераш?
— Бераш хьуьнах дахана.
Слайд:
Хьалхара предложени хаттаран ю, хIунда аьлча вай цхьа хIума хаттаран Iалашо йолуш ялийна иза. ШолгIа предложени дийцаран ю, цо кхочуш хилла яьлла ойла гойту.
— ХIун Iалашо йолуш ялийра аса хьалхара предложени?
— Цхьа хIума хаттархьама.
— Вай ялийна предложени — хаттаран ю. Цуьнан чаккхенга хаттаран хьаьрк дуьллу.
Слайд:
Шена чохь муьлхха а цхьа хаттар долчу предложенех хаттаран
предложени олу. Цуьнан чаккхенга хаттаран хьаьрк дуьллу. (?)
— ХIинца вай Iамийнарг тIечIагIдеш цхьа тIедиллар кхочушдийр ду:
Слайд: (ДIайоьшу текст).
Муха хуьлу аьхка? Аьхка со юьртахь вара. Тхан юрт шовданна гена йоцуш яра. Шун юьртахь дуй шовданаш?
— Схьаязъе цкъа хьалха дийцаран предложенеш;
— ШолгIа — хаттаран предложенеш.
Слайд: (Нийса жоп)
1. Аьхка со юьртахь вара. Тхан юрт шовданна гена йоцуш яра.
2. Муха хуьлу аьхка? Шун юьртахь дуй шовданаш?
— ХIинца Iамийнарг тIечIагIдеш кхин а цхьа тIедиллар кхочушдийр ду вай:
— Оьш-оьшу хьаьркаш хIиттош, тIера схьаязъе предложенеш.
Слайд:
Хьуьнхахь лелаш пхьагал яра
Тебаш лелаш цхьогал дара
Цхьогал цунна ямарт дара
Муьлха олхазарш дисна вайн махкахь
Хьо хиллий хьуьнхахь
Слайд: (Нийса жоп)
Хьуьнхахь лелаш пхьагал яра.
Тебаш лелаш цхьогал дара.
Цхьогал цунна ямарт дара.
Муьлха олхазарш дисна вайн махкахь?
Хьо хиллий хьуьнхахь?
— Тахана вайна евзи дийцаран, хаттаран предложенеш.
Цу тIехь вайн урок чекхйолу.Iодика йойла, марша Iойла!
Пайдаэцна литература
1. Солтаханов Э.Х., Солтаханова И.Э. Нохчийн мотт 3 –гIа класс Соьлжа-гIала.
2. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 класс Соьлжа –гIала 2012 шо
3. Исмаилови Абу «Дош» Соьжа-гIала 2005 шо
4. I.Т.Карасаев, А.Т. Мациев русско-чеченский словарь.