3 класс. Урок №10 «Дешан чаккхенгахь «н» яздар».

3 класс

Нохчийн меттан интернет-урок.

Урок №I0.

Урокан цIе: Дешан чаккхенгахь -н яздар.

Маршалла ду шуьга, хьомсара накъостий,

— Дехийла шу ирс долуш!

— Могаш-маьрша шу хилар, дийна беркат ду,

— Iилмане шу кхийдар, бух боцу совгIат ду!

— Юха а дIахьур ю вай-вешан рогIера урок. Луур дар-кха дешар тIехь шун хаарш алсам хуьлийла! Вай тахана дуьйцур ду дешан чаккхенга н яздарх лаьцна.

— Ас текст дIайоьшу, ткъа аша дика тидам а бай ала, муха олу ас хьенан? стенан? бохучу хаттаршна жоп лучу дешан чаккхенгара н.

Слайд:

Халкъийн доттагIалла, вайн Даймохк, тхан класс, дешархочун къолам, Iежийн беш, сан куй, йишин йовлакх, шекъанан тIадам.

— Хьенан? стенан? бохучу хаттаршна жоп лучу дешан чаккхенгара н барта дечу къамелехь ца олу, ткъа йозанехь яздо.

— Схьаязде хьенан? стенан? хаттаршна жоп луш долу дешнаш, дешан чаккхенгара н элпана кIел сиз хьакха.

Нийса иштта хир ду.

Слайд:

Халкъийн, вайн, тхан, дешархочун, Iежийн, сан, йишин, шекъанан.

— Хьовсур вай, маца яздо дешан чаккхенгахь элп н.

Слайд:

Хьенан? стенан? бохучу хаттаршна жоп лучу дешнийн чаккхенга н яздо: вешин кIант, школан беш.

-Вай Iамийнарг тIечIагIдеш тIедахкарш кхочушдийр ду вай.

ДIадеша кицанаш. ТIадамийн метта оьшу элпаш хIиттош, тIера схьаязде.

Хьенан? стенан? бохучу хаттаршна жоп лучу дешнашна кIел сиз хьакха.

Слайд:

Ше… вордана… мохь дена дика хаьа. ДогIана… тIадамаш эгарх, латта Iаьбна дац. Ирса… догIа къинхьегамца бен хир дац. Метта… когаш бац, амма гена кхачало. Цицига… тIемаш хилча, олхазаршна луьра мостагI хир вара.

Нийса иштта хир ду.

Слайд:

Шен ворданан мохь дена дика хаьа. ДогIанан тIадамаш эгарх, латта Iаьбна дац. Ирсан догIа къинхьегамца бен хир дац. Меттан когаш бац, амма гена кхачало. Цициган тIемаш хилча, олхазаршна луьра мостагI хир вара.

— Кхин а цхьа тIедиллар кхочушдийр ду вай.

— Дийца муьлха хаттар хIотто тарло чаккхенга н яздинчу дешнашна.

Слайд:

— Яй-чIара — (рыба из семейства карповых)

ДIаеша текст.

Слайд:

Яй-чIара вайн махкахь хаало Терка а, Соьлжа а чохь. Оцу чIеро дика лоруш дерг тийна, теза хи ду. Цунна дукхаеза хи чуьра кIорга айманаш, цу чохь гулъеллачу дечигийн орамийн кIелонаш. Яй хIилланчех цхьаъ бу. Ткъа йозалла мел хуьлу хаьий шуна цуьнан? БIе кийла сов хила а тарло.

Чаккхенга н яздинчу дешнашна хIотто тарло хьенан? стенан? боху хаттарш.

— ТIера схьаязъе хьенан? стенан? бохучу хаттаршна жоп луш долу дешнаш юкъахь долу предложенеш.

— Хьенан? стенан? бохучу хаттаршна жоп лучу дешнашна кIел сиз хьакха

Нийса иштта хир ду.

Слайд:

Яй-чIара вайн махкахь хаало Терка а, Соьлжа а чохь.

Цунна дукхаеза хи чуьра кIорга айманаш, цу чохь гулъеллачу дечигийн орамийн кIелонаш. Ткъа йозалла мел хуьлу хаьий шуна цуьнан?

— Ткъа хIинца хIокху клеткаш чу яздинчу дешнийн хьалхарчу элпех кица а кхуллур ду вай:

Слайд:

Седа аре налха  
Диг ага йоI малх орам херх кема
Моза аса зингат алу лекъ  
Моша ехк рагIу зу абат  
Буру урчакх  

— Схьаязде кица.

Хьенан? бохучу хаттарна жоп лучу дашна кIел сиз хьакха.

Нийса иштта хир ду.

Слайд:

Сан Даймохк мазал мерза бу.

— Хьоме дешархой, вайна тахана хии хьенан? стенан? бохучу хаттаршна жоп лучу дешнийн чаккхенгахь н яздеш хилар. Иштта дийци дешан чаккхенга н яздаран бакъонах лаьцна.

— Дала вешан меттан сий-лерам бан а, иза кхио а кхетам лойла вайна!

Iодика йойла шун! Марша Iойла!

Close
Яндекс.Метрика