Урок №10. Яржаза а, яьржина а предложенеш

Х1окху урокехь вай къасто хьовсур ду яржазий, яьржиний предложенеш муьлханаш ю. Оьрсийн маттахь царех нераспространенные и распространенные предложения олу.
Яханчу урокашкахь дийцира предложенийн коьрта а, коьртазчу а меженех лаьцна. Уьш карлайохур ю вай.
Предложенин коьрта меженаш ю: сказуеми, подлежащи.  
Предложенин коьртаза меженаш ю: кхачам, къастам, латтам.
Х1окху предложенийн коьрта а, коьртаза меженаш билгалйохур ю вай.  
К1анта яздо. 
(Х1ун до?) — яздо, сказуеми ду, яздо (хьан?) — к1анта — подлежащи ду. Х1окху предложенехь коьрта меженаш бен яц.
Жимачу к1анта хаза яздо. 
(Х1ун до?) яздо, сказуеми ду. Яздо (хьан?) — к1анта подлежащи ду, (муьлхачу?) к1анта — жимачу-къастам бу, яздо (муха?) хаза — иза латтам бу. 
Кхузахь коьртачу меженел  сов  коьртаза меженаш а ю.
1-чу предложенехь коьрта меженаш бен яц, ишттачух яржаза предложени олу. 2-чу предложенехь коьртачу меженел сов коьртаза меженаш а ю. Иза яьржина предложени ю.
Шена чохь коьрта меженаш  бен  йоцчух  яржаза предложени олу. Коьрта а, коьртаза а  меженаш шеца йолчух  яьржина предложени олу.
Х1инца схьалаха текст юккъара яржаза а, яьржина а предложенеш: 
Х1орд ловзабаьлла. Малхбалера схьахьоькхура шийла мох. Дог1а доладелира. Ткъес деттара. Олхазарш эшарш лоькхучура севцира. Шайн х1усамашкахь д1атийнера адамаш.   
Кху текстехь кхоъ яржаза предложени ю: 
Х1орд ловзабаьлла. Дог1а доладелира. Ткъес деттара.
Вайна ма-гарра х1окху предложенешкахь коьрта меженаш бен яц. Х1орш яржаза  ю.
Малхбалера схьахьоькхура шийла мох. Олхазарш эшарш лоькхучура севцира. Шайн х1усамашкахь д1атийнера адамаш. 
Х1окху предложенешкахь  коьрта а, коьртаза а меженаш ю. Х1орш яьржина предложенеш ю.  
Ткъа х1инца хьовсур ду, шуьга кхоллараллин болх муха бало:
Яржаза предложенешах  яьржинарш е, коьртаза меженаш т1е а тухуш.
Горгали бийкира. Дешархой чубахара. Хьехархо а чувеара. Дешархой охьахевшира. Урок д1айолаелира.
Гергачу хьесапехь иштта хир бу аша бина болх.
Школан горгали бийкира. Дешархой классаш чу бахара. Хьехархо а берашна т1аьххье чувеара. Цул т1аьхьа дешархой охьахевшира. Нохчийн меттан урок д1айолаелира.
Дийцинарг т1е а ч1аг1деш, нохчийн меттан  учебник т1ера 13-г1а бакъо карлаяккха, 70-г1а шардар кхочушде.
Кху т1ехь урок чекхйолу. Шун 1одика йойла!
Урок кечйинарг — Алиханова Малика Лечаевна 

Close
Яндекс.Метрика