Урок №09. Латтам

Хьалхарчу шина  урокехь 1амийра предложенин коьртаза меженаш-кхачам, къастам.  Х1инца евзар ю  кхин цхьа коьртаза меже — латтам. Оьрсийн маттахь «Обстоятельство» олу цунах.
Дар я хилар маца, мичахь, муха, муьлхачу барамехь,  х1ун 1алашо йолуш, х1ун бахьана долуш  кхочушхуьлу гойтучу предложенин коьртазчу меженах латтам олу. Латтамна х1иттадо  х1ара хаттарш: (маца?) (мичахь?) (муха?) (мел?) (х1унда?) (х1ун 1алашо йолуш?) 
Предложенехь латтам, сиз-т1адам хьокхуш, билгалбоккху.
Масала:
Селхана бераш хьуьнхахь левзира. 
Левзира (мичахь?) хьуьнхахь — х1окху латтамо  дар я хилар мичахь кхочушхилла  гойту; левзира (маца?) селхана — латтамо дар маца кхочушхуьлу гойту. 
Дешархочо хаза яздора. 
Яздора (муха?) хаза — х1оху предложенехь латтамо дар я хилар муха кхочушхуьлура  гойту. 
Дас стогарш алссам ийцира. 
Ийцира (мел?) алссам — латтамо дар я хилар муьлхачу барамехь кхочушхилла гойту.
Ледарлонна т1аьхьависира к1ант дешарна. 
Т1аьхьависира (х1унда?) ледарлонна — латтамо дар я хилар х1ун бахьана долуш кхочушхилла гойту.
Шен лулахочунна  дарбанна  муьргаш  елира  Ибрах1има. 
Елира (х1унда?) дарбанна — латтамо дар я хилар  х1ун 1алашо йолуш кхочушхилла  гойту. 
Латтамаша  дар я хилар тайп-тайпанчу хьелашкахь кхочушхилар гойту. Предложенехь церан уьйр сказуемица хуьлу.
Хаттарийн метта  маь1ница дог1у г1оьнна далийна  дешнаш яздеш, т1едиллар кхочушде:
Г1оьнна дешнаш:  сарахь, чехка, г1алахь
(Мичахь?) вехаш ву сан деваша.
(Маца?) нанна дуьхьал  вахара  Асхьаб.
(Муха?) дог1ура шовда.
Нийса иштта хуьлу:
Г1алахь вехаш ву сан деваша.
Сарахь  нанна дуьхьал вахара Асхьаб.
Чехка дог1ура  шовда.
Аша предложенешна  юкъа далийна дешнаш  латтамаш бу.
Вайна  евзи предложенин ерриш  коьртаза меженаш. 
Уьш кхоъ ю: кхачам, къастам, латтам. 
Диц ма де цара вайн къамел хаздеш, кхетам шорбеш хилар. Дагахь латтаде царех долу хаарш.
1амийнарг т1еч1аг1деш, ц1ахь  «Тамашийна олхазар»-туьйрана юккъара  шайца латтамаш болу  ялх предложени схьаязъе.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. 1одика йойла шун! Марша  1ойла!
Урок кечйинарг: Алиханова Малика Лечаевна

Close
Яндекс.Метрика