Даудов Гилани вина 1988-чу шеран эсаран беттан 30-чу дийнахь, Веданан кIоштарчу Тевзанахь. Циггахь чекхйаьккхина йуккъера ишкол. Дешна Нохчийн Пачхьалкхан Университетан филологин факультетехь. Байташ язйан волавелла ишколехь доьшуш волуш дуьйна. Гиланин стихаш, дийцарш зорбане девлла «Нана», «Орга» журналашкахь а, «Даймохк», «Керла дахар», «Хьехархо», «Кадыровн некъ» «Гумс» газетан агIонаш тIехь а, ткъа иштта «Синмаршо» цIе йолчу къоначу йаздархойн йукъарчу гуларехь а. Белхаш бина «Исламан зIаьнарш» газетехь а, Тевзанарчу йуккъерачу ишколехь а. Карарчу хенахь болх беш ву, ГБОУ-н «Дешаран Центрехь» заьIапчу берашна нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш.
2016-чу шарахь республикерчу нохчийн меттан хьехархошна йукъахь дIадаьхьначу къовсадаларехь «2016-чу шеран нохчийн меттан тоьлла хьехархо» чекхваьлла Гилани.
Россин Федерацин журналистийн а, йаздархойн а Союзан декъашхо ву иза. 2019-чу шарахь, Россин Федерацин дешаран «Сийлахь белхахо» аьлла цIе а йелла Гиланина!