Джамиева Cахабат

Джамиева Cахабат — Соьлжа-ГIалин №8 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо.
Шен къинхьегаман некъ цо дIаболийна 1979-чу шарахь.
Дахаран дуккха а шераш берашна школехь хьоьхуш дIадахна цуьнан. Нохчийн мотт кхиорехь, цуьнга дешархойн безам кхиорехь къахьегар — шен сийлахь декхар хета Сахабатна.
Нохчийн меттан говзалла лакхаяккхарехь болх беш къахьоьгу цо. Шен болха тIехь зеделларг хьехархошна довзийтар мехалла лору Сахабата.
Белхан накъосташа а, дешархоша а лоруш нохчийн мотт хьехарехь керланиг лоьхуш, Федеральни пачхьалкхан дешаран стандартийн лехамашца догIуш, керланиг юкъадалош къахьоьгуш схьайогIу иза.
Джамиева Сахабат автор ю 6-чу классан нохчийн меттан хьехархошна гIоьнна язйинчу методически пособин а, 7- чу классан нохчийн меттан белхан тетрадан а.
2014-чу шарахь интернетехула нохчийн мотт хьехаран проектан белхан тобанан декъашхо а, 2015-шарахь дуьйна оцу проектан экспертни комиссин декъашхо а ю иза.
Хьанал къинхьегам, лаккхара корматалла гайтарна Джамиева Сахабатан болх билгалбаьккхина бу дуккха а Сийлаллин грамоташ яларца. 2016-чу шарахь «Россин Федерацин юкъарадешаран Сийлахь белхало» аьлла совгIат дина цунна.

Close