5 класс Урок№27 Махмаев Жамалди «Буьйсанна гIулчаш»

Садулаева Айза Амсадовна     5 класс

Урокан цIе: Махмаев Жамалди «Буьйсанна гIулчаш».

в кадре:

-Де дика хуьлда шун!

-Вай дIахьур йу вешан рогIера урок.Тахана вай дуьйцур ду, Махмаев Жамалдин дахарх а, кхоллараллех а лаьцна. Иштта, шуна довзуьйтур ду «Буьйсанна гIулчаш» цIе йолу дийцар.

Слайд

МахмаевгIеран Махьмудан Жамалдин

(I939 – 20I4)

— Махмаев  Жамалдин  вина I939-чу шеран бекарг  беттан I4-чу дийнахь БердкIелахь. Цуьнан да йуьртахь хьуьжарехь берашнаIаьрбийн Iилма хьоьхуш, цул тIаьхьа школехь хьехархочун болх беш вара.

— Дуьненан къизалла, харцо хьалхе йевзина Жамалдина. Вайн къам махках даьккхинчу шарахь, Казахстанехь дIакхелхира цуьнан да.

в кадре:

-Боккха доьзал ненан тергамехь бисира. Харцоне, къизалле дегнаш арт цадойтуш, адамашка, халкъе, хьомечу махке безам кхуллуш кхиийра Iайшата доьзал.

— Шен дагалецамашкахь Жамалдис йаздо:

Слайд

«Сан дахарехь хилла йа соьгара даьлла жимма а мехалниг,  диканиг, оьзданиг — дерриг а сан ненера ду».

в кадре: —Махмаевн дуьххьарлера стихотворени зорба туьйхира казахийн маттахь, «Казахстанан пионер» цIе йолчу газета тIехь, иза 6-чу классехь доьшуш волчу хенахь.  Цул тIаьхьа  районни, областан, республикански газеташкахь а, журналашкахь а зорбанейуьйлу цуьнан байташ.

— Вайн къам Даймахка цIа дирзича, нохчийн литература а, мотт а кIорггера Iамо волавелира Жамалдин. Цо чекхйаьккхира хьехархойн училищ а, институт а.

слайд: — I960-I970-чуй шерашкахь зорбане йийлина йаздархочун произведенеш, йерриге бохургсанна, берашна лерина йара.

-Уьш йу: «Маликат», «Маликат ишколехь», «Мамин сурт», «Самукъане абат», «Сан кегий доттагIий» цIе йолу киншкаш. Цуьнан киншкаш арайийлина оьрсийн, гIалгIайн меттанашкахь.

в кадре:

— Иштта, тахана шуна довзуьйтур ду «Буьйсанна гIулчаш» цIе йолу цуьнан дийцар.

— Дийцаран коьрта турпалхо ву дешархо Солса. Дешархой лаьмнашка экскурсе баха кечлуш бу.

Слайд:

Дерриге а кийча дара : жима йай, кад, Iайг, кисанахь лело йозанан книжка, къолам, суьрташ дохкург. Воккхахволчу веше Iелига кечйайтина йуьххьехь коьжалг йолу гIаж.Сабий, гатий-м хIета-вета  а хила дезаш ду. Цергаш цIанйен гIирс  а бицбан ца беза.Тай-маха а хьашт хила мега. Амма коьртаниг г е йу: йукъйина шурий, дакъийна жижиггий, бепиггий,  шекаррий дIанисдира бIугIулан цхьана маьIиге.

в кадре: —ТIаьхьа ца вуьсуш ишколе дIагуллучу кхечира Солса а. Церан хьехархочо Iамалуддис дешархой дIахIиттийра омра дина.

Слайд:

-ЛадогIалаш,-тидам тIеберзийра Iамалуддис,-пурба доцуш, цхьа а ша йуьстахвала мегар дац. СадоIу меттиг а, хан а билгалйаккхар суна тIехь ду. Важадерш цигахь дуьйцур ду  вай, -сахьта тIе  хьаьжира иза:-БархI дала йисинарг итт минот бен йац. Кхин Iан йиш йац.ГIулч йаккха!

    Каде дуьйладелира тхо, кестта хьуьнах дуьйлира. Тийна дара хьуьнхахь.Генара сел буьрса хета хьун  оццул тийна хиларо цецвоккхура.

  ЦIаьххьана хьуьнан тийналла йохош, цхьа башха илли кхолладелира-дахар  санна , хаза, бералла санна, ирсе. Тхо дара хьун самайаьккхинарш. Тхоьца йахье девлча санна, зевнечу эшаршца, вовшашца хьуьнарш къийса дуьйладелира олхазарш.

-ХIоккхузахь совцур дув ай,-элира Iамалуддис, хаза хьалакхиъначу акхтаргашна тIекхаьчча.

Шайн-шайн кхача охьа а биллина, йукъара шун дира бераша. Аса а айса новкъайаьккхинарг йерриг шаршу тIе охьайиллира.

-Дукха ма йилла Солса, кхана а йезар ма йу йуург, — элира хьехархочо.

-Йисинарг йуха чуйуьллур йу-кх!

-ХIан-хIа, и нийса дац. Тоъал схьа а эций, важайерг чуйилла.

Амма хьехархочо дуьйцург хезачохь вацара со: куьйгаш, балдаш дегадора,бIаьргаш хих дуьзнера.

в кадре:

—-Солса чIогIа холчу хIоьттира, шен тIоьрмигчохь вашас биллина  кад ца карийча. Оццу хенахь цуьнца, цхьана доьшуш волу Биболт вогIу  тIе, Солсийн байнарг санна кад а бохьуш. Иза шечух тарлой къовсаме волу иза.Биболатехь болу кад, шовдане цхьамма тIехволучунна хи мала биллина бара.

 Хьехархочо собаре хила, собар ца хилча гIалатволу бохуш сецавора Солса. Шовдане а вигна , Iамалуддис  и кад цигара хилар тIечIагIдира.

Слайд:

-Хьажал, — элира, Iамалуддис, Биболатера кад схьа а оьцуш, — зIе тIетосу чIуг а йу кхуьнан тIома тIехь. ДIо бердах йоьллинчу биргIанах тесначу зIенах дIауллу хIара. Нахана дика болх луучу бусулба адамаша хи мала улле кад а биллина . Дела реза хуьлда царна, Дала йоле дуьллийла цара хьегна къа. Хьуна, Солса , хIара кад хьайчух тарбелла. Оха хьуна бехк ца буьллу, — гонаха хьаьжира хьехархо, — хIан, вало, айхьа дIатаса хIара оцу зIенах. Терхи  тIе охьабилла.

в кадре:

 ——Кад шен боций хиънехь а, Солсин ойла цунна тIехь йара. Вешина цуьнан доттагIчо белла бара и, ткъа Солсе  цо лерина ларбелахь  аьллера.

   Цкъа- шозза йуьстах ваьлла, берел тIаьхьа а сецна, цхьанна а ца хоуьйтуш, Солсас къайлаха схьаоьцу кад .

-Шен ма-хуьллу массарал тIахъаьлла лела гIертара иза, хьехархо а, накъостий а шек ца бовлийта. Амма, мел велавелла-векхавелла лелахь а, ша дина къола дагара-м ца долура.

-Къаьсттина ойлане велира иза дIадийшинчул тIаьхьа.

Слайд: 

«Эхь дац иза? – бохура деган  кIоргенера схьадуьйлучу озо . –Ламанан  оцу новкъа дIаса мел воьдучунна бохам ма бу ахьа бинарг!  ХIинца кхузахь а, цIа вахча а, йуьртахь а, деша дIадуьйладелча а, хIумма а цахилча санна, шек а воцуш, накъосташца къамел а деш, цаьрца ловза а ловзуш, дIалела воллу-кх хьо? Ма къонахалла йу иза!»

в кадре:

-Ткъа муха тIеэца деза кIанта динарг? ХIунда дина цо иза? Хьанах озалуш?

Слайд:

ТIаккха дуьхьала хIуьттура вешин оьгIазе йуьхь-сибат: «Аса кад ларбе, Iалашбе ца аьллера хьоьга! Сан доттагIчун совгIат, цуьнан безам ма бара иза! Сайх санна, хьох тешаш ма вара со. Кад цаIалашбеллачу хьох хIун до?»

-ХIун дича бакъахьа дара-те? – хьийзара кIентан коьрте.

— Цхьана агIор – халкъ; дуккха а некъахой, йуьртахой хила а тарло, дешархой, нийсархой, хьехархо. Вукху агIор – цхьа ваша, цуьнан дегабаам. Иза кхечарал гергара ву.Ткъа накъосташна ца хаа тарло.

Йуха а деган аз: «Цахиъча хIун  ду царна?  Хьуна хьайнна-х хаьий айхьа динарг! Гучу ца даьлларг къола дац ала-м ца воллу хьо?»

в кадре:

-Хатта а хаьттина, схьаэца мегаш барий цо и кад? Кад боцуш и цIа веъча а, ваша кхетар варий цунах?

-Мел дукха ду и тайпа атта жоп далалур доцу хаттарш. КIанта  шен боцу кад схьаэцна, шена и шен боций хуушехь. Цо динарг уггар нийса доцург ду.

— Ткъа кIентан коьртехь къийсалучу ойланех нийсачуьнга  толам баккхийтинарг мила ву хьовсур ду вай

Слайд:

ТIаккха дагадеара суна,  нанас хIун эр дара : «Сайн са а, дегI а цакхоош, къу хилийта кхиош-х вацарий аса хьо? ХIунда байъи ахьа сан а, нехан а тешам? Йуьрто а, махко а лоруш, хьанал къахьоьгуш волчу хьайн дега хIун ала воллу хьо?»

— ЭццахьСолсина дагатесира геннара цхьа де: диъ- пхи шо долуш, берашца гIамарлахь ловзуш, цхьаммо шен жима машен йицйича, ша иза,чета а йоьллина , цIа йар а, нанна гучуйаьлча, цо и сихонца шега дIайахьийтар а.

-Цул тIаьхьа  цкъа а нехан хIуманна тIе куьг кховдийна дацара  кIанта.

— КхидIа Iачохь дацара гIуллакх. Массарна а набарш кхеттий а хьаьжна, боданах, акхаройх кхоьррушехь, ша тила цавалийта, дIа-схьа  гIулчаш а йагарйеш, вахара Солса кад ша схьаэцначу  дIаолла.

— Дийцарехь уггар коьртаниг ду иза. Ойланаш йинчул тIаьхьа Солсас ша-шена тIехь толам боккху, ша динчух кхета иза, шегара даьлларг гIалат дуй, хаьа цунна.

— КIант бунчуьра араволуш хиънера накъосташна, амма хьехархочун дехкарца, хIун до техьа, бохуш, цунна цахоуьйтуш, тергалвинера. ЙухавогIуш, баннаш мичахь йу хаийта цIе а латийнера цара  цо гIулчаш йагарйийр йуйла ца хаьара царна.  Массарна а чIога хазахийтира цо динарг.

-КIантана иза дуккха а тIаьхьа бен ца хиира, доттагIчо Бирланта къайлаха дийцича. Цхьаммо а кхин  багах ца баьккхира и кад. Иштта хуьлу шуна бакъболу доттагIий!

В кадре:

-«Буьйсанна гIулчаш» — иза дийцар ду. Дийцарехь кIеззиг болу хиламаш буьйцу, турпалхой а дукха ца хуьлу, хиламан хан а дозанаш долуш хуьлу.

-Дийцаран сюжет хуьлу хиламашца турпалхойн вастийн гIиллакх, амалш йовзийтар, дуьйцучуьнга авторан  йолу йукъаметтигаш гайтар.

Слайд:

-Ткъа ша сюжет лаьтта:

-экспозици-дакъалацархойн хиламаш дIабуьйлабалале муьлхачу хьелашкахь  бара гайтар;

-долор (завязка)- хилам кхиаран йуьхь, хиламан кхиар;

— кульминаци – хиламан кхиар лаккхарчу тIегIане кхачар;

-дерзор (развязка) – хилам кхиаран тIаьххьара меттиг.

ХIинца дешнаш тIехь болх бийр бу вай

Слайд

БугIул – гитосу тIоьрмиг(рюкзак)

Тептар– тетрадь

Терхи— полка, выступ

ГIулч-шаг

-Iодика йойла шун, марша Iойла!

В кадре:

—Цу тIехь чекхйолу вайн рогIера урок. Харц ойла кхоллайаларх  Дала лардойла вай. Диканехь совдийла пурба лойла Цо вайна.

2-гIа дакъа

Хаарш-зер (тренажер)

Нийсаниг харжа:

I. Махмаев Жамалдин дахаран шераш:

I) I925 – I987;

2) I930 — I988;

3) I939 – 20I4

4) I9I0 – I973.

2.Йаздархо Махмаев Жамалдин вина хIокху йуьртахь:

I) БердкIелахь;

2) Мескетахь;

3) Лаха-Неврехь;

4) Олхазар-кIотарахь.

3. Шен стихаш йуьхьанца муьлхачу маттахь йазйора Жамалдис?

  1. оьрсийн;
  2. казахийн;
  3. нохчийн;
  4. гIалгIайн.

4.Махмаевн книгийн цIерш билгалйаха :

I) «Тайна Малика», «Къонахалла», «Забаре дийцарш» ;

2) «Лаьмнашкахь Iуьйре», «ЦIеран суй», «Лакхенан гIиллакх», «Керла де»;

3) «Лаьмнашкахь бIаьсте», «БIаьстенан беш», «Iимран а, цуьнан доттагIий а»;

4) «Маликат», «Маликат ишколехь», «Со Соскин Солса ву», «Ненан  сурт», «Самукъане абат», «Сан кегий  доттагIий».

5.Дийцар тIера меттан суртхIотторан гIирс-дустар шеца долу предложени билгалйаккха:

I)Ма эхь хетар дара суна, и цIе хIунда латийна цу буса хиънехь!

2) Дикка пайден хIуманаш гира тхуна: хин, меттигийн, боьранийн цIераш а, дечкийн тайпанаш а йевзира, иштта тхешан ницкъ а зийра.

3)Зезагна тIе хиъначу поллано  тIемаш санна, бIаьрг-негIарш а детташ, гонаха хьоьжура иза, гIеххьа цIий а йелла.

4) Декъа дечиг кечдарх  а новкъа дац.

Close
Яндекс.Метрика