5 класс Урок№19 З. Муталибов ДоттагIалла

3-гIа урок.

ДIадолор.

в кадре Де дика хуьлда шун!

Тахана вай урок лерина йу нохчийн поэтана, прозаикана Муталибов Зайндин дахарна а, кхоллараллина а. Иштта вай шуна йовзуьйтур йу цуьнан стихотворени «ДоттагIалла».

http://news.iltumen.ru/wp-content/uploads/2018/05/146180_original.jpg
Муталибов Зайнди

 Муталибов Зайнди кхолларалла вайн литературехь ша къаьстина меттиг дIалоцуш йу. Цуьнан башхалла йу дукхах йолу шен произведенеш цо Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамах лаьцна йазйина хилар.

слайд Нохчийн поэт, прозаик Муталибов Зайнди вина I922-чу шарахь Веданан кIоштарчу Хотничохь. Йуьртарчу ворхI-шеран школехь дешна Зайндис.

Цуьнан дуьххьарлера стихотворени зорбане йаьлла I937-чу шарахь «Ленинан некъ» газета тIехь.

Сийлахь-боккха Даймехкан тIом дIаболабелча, Муталибов Зайнди тIаме воьду шен лаамехь.  Шен белшаш тIехь лов цо тIеман халонаш, толаман де тIекхаччалц мостагIчух майра леташ. Цундела йоккха меттиг дIалоцу Зайндин кхоллараллехь тIеман темано.

Иза поэт- тIемало ву.  

в кадре: Дукха йу цуьнан кхоллараллехь Даймахкана, хьомечу халкъана лерина произведенеш.

Халкъан аз хилла схьайогIу цуьнан поэзи.

Иштачех йу «ДоттагIалла» стихотворени.

Слайд:

https://ya-odarennost.ru/code/image.php?width=960&image=37279_1511627555.jpg

Дуккха къаьмнаш ду цхьа доьзал санна,

Шайн векалш тхо долчохь сов бертахь бехаш.

Гергарло хилла тхан массо а ханна,

И чIагIлуш дехар ду, дуьне мел деха.

Цхьа а а ца къастош, хьаьгIнаш ца лелош,

Деха тхо вежарийн безамца бертахь,

Цхьа а вац цу хазно воккха ца вевеш,

Дахаран токхо йу хIораннан кертахь.

Къинхьегам ирсан да хиларх а кхеташ,

Халонех ца кхоьруш белхаш бо оха.

ДIахьедан йиш йу тхан дозал а хеташ:

«Тхо долчохь болх ца бен «жуккарш» йац!»-бохуш.

Нохчичо, оьрсичо, гIалгIачо чIогIа

Лоруш ду вовшашца шайн доттагIалла.

Шен йоI-бIаьрг санна, и лардеш ву хIора,

И дохо ницкъ хир бац лаьтта тIехь цхьа а.

в кадре: ДоттагIалла… Муха кхета вай цу дашах? Вай дайша ма чIогIа лерина лелийна и. Ма лакхара мах  хадийна цуьнан.  Вийца доттагI воцург къонах ца лерина. ДоттагIалла сийлахь ду.

Слайд:

Дуккха къаьмнаш ду цхьа доьзал санна,

Шайн векалш тхо долчохь сов бертахь бехаш.

Гергарло хилла тхан массо а ханна,

И чIагIлуш дехар ду, дуьне мел деха.

в кадре: Къинхетаме, нийсо йезаш ду вайн къам. Вайн махкахь дуккха а къаьмнаш даьхна,   цкъа а цаьрца гамо, мостагIалла ца хилла вайн. Вайнехачу исторехь цхьана а къомана тIелетта, вайн лаамца тIом бина къам дац вай. Мелхо а, массо а лулахошца барт, гергарлонаш лехна. Иза вайн къоман фольклоро а дика гойту.

Слайд:

…Цхьа а ца къастош, хьаьгIнаш ца лелош,

Деха тхо вежарийн безамца бертахь,

Цхьа а вац цу хазно воккха цавевеш,

Дахаран токхо йу хIораннан кертахь.

в кадре: Дахаран токхо йолчохь синпаргIато а, барт а, безам а бу.  Цара къаьмнашна йуккъехь  бух боцу хазна кхуллу. Аьтто хуьлуьйт цу халкъийн йукъаметтигаш тойан, вовшашца  ларам хила.

Слайд:

Къинхьегам ирсан да хиларх а кхеташ,

Халонех ца кхоьруш белхаш бо оха.

ДIахьедан йиш йу тхан дозал а хеташ:

«Тхо долчохь болх ца бен «жуккарш» йац!»-бохуш.

в кадре: Стеган сийлахь дарж хьаналчу къинхьегамах дозуш ду. Цуьнан лакхара исбаьхьалла, оьздангалла цуьнан къинхьегамехьа йолчу марзонах лаьтташ йу.

Халкъо къахьега деза, шен Даймохк хьалдолуш бан. ТIаккха бен ца хуьлу уьш шайн мехкан дай. Мало-хало аьлла вайн дайша.  Малончаш, жуккарш-ледарчу нехан лазар ду. Дала лардойла вай царех.

Слайд:

Нохчичо, оьрсичо, гIалгIачо чIогIа

Лоруш ду вовшашца шайн доттагIалла.

Шен йоI-бIаьрг санна, и лардеш ву хIора,

И дохо ницкъ хир бац лаьтта тIехь цхьа а.

в кадре: Шен Даймахке безам хилар халкъе безам хилар ду. Халкъ иза дуккха а къаьмнех хIоттаделла ду. Ткъа къаьмнашна йуккъехь берг вежарийн барт бу. Барт болччохь соцу беркат. Барт болу  «доьзал»  Далла дукха безна.

Тахана вайна девзи Муталибов Зайндин дахар а, кхолларалла а, «ДоттагIалла» стихотворени а. ДоттагIаллехь  коьртаниг  тешам, барт,  вовшийн ларам  хилар а тIечIагIди. 

Кху тIехь урок йезор йу вай

Шун Iодика йойла!

Марша Iойла!

Close
Яндекс.Метрика