5 класс Урок№15 Мамакаев Iаьрби «Садаьржаш».

Садулаева Айза Амсадовна     5 класс

Урокан цIе: Мамакаев Iаьрби «Садаьржаш».

Стихаш а, проза а.         

в кадре -Де дика хуьлда шун!

-Вай дIахьур йу вешан рогIера урок, хIокху урокехь вай дуьйцур ду Мамакаев Iаьрбин кхоллараллех лаьцна, йийцаре йийр йу «Садаьржаш» цIе йолу стихотворени.

Слайд

                                 Мамакаев  Iаьрби  Шамсуддинович 

                                                        (I9I8-I958)

Слайд

   «Мамакаев Iаьрбис  шен кхоллам нохчийн литературех къасталур боцуш боьзна, иза уггар дукхабезаш болчу поэтех ву».

                                                                         Мамакаев Мохьмад.

Нохчийн литературехь дуьххьара Iаламан хазалла  гайтинчу йаздархойх цхьаъ ву Мамакаев Iаьрби. Иза вина Теркаца йолчу ширачу йуьртахь Лаха-Неврехь.

-Кхо шо долуш байлахь висначу Iарбин боккха безам бара вайнехан дийцархоша иллешкахь хестош дуьйцучу сийначу Терке а, Кавказан башхачу Iаламе а.

-Мамакаевн нохчийн литературе, къаьсттина поэзе, болу безам чIагIбелира иза рабфакехь доьшуш волчу хенахь. Шен стихотворенеш тIехь лаккхарчу  говзаллица гайтина цо Даймохк дукхабезар.  Хаза, исбаьхьа йу  Iалам гойту лирика. Доггаха йека халкъан кхоллараллин бух  болу цуьнан эшарш а, иштта дека цуьнан иллеш а.

в кадре: -Мамакаев Iаьрбин кхоллараллехь йоккха меттиг дIалоцу ирсе дахар, машар, хьанал къинхьегам, даймехкан толамаш гойтучу произведенеша. Ишттачех йу цуьнан «Даймохк»,  «БIаьстенан Iуьйре», «ДоттагI гIаролехь», «Кавказан латта» цIерш йолу стихотворенеш.

-«Садаьржаш» цIе йолчу шен стихотворенехь къеггина васт хIоттийна поэто цхьа тийна, исбаьхьа йолчу аьхкенан Iуьйренан.

Слайд:

                                                     Садаьржаш

НIаьнеш кхойкху, садаьржина,

Стиглахь йетта шура йу,

Бутт, сахиллалц цабижарна,

КIалдан мижарг санна бу.

Сирла хIо сирчу арахь,

Дуьне набарх долуш ду.

Цу хенахь хьо беша валахь,

Хьуна Iуьйре йезар йу.

Цхьа шатайпа хазалла йу

Аьхка Iуьйре гIаттарехь,

Аренашкахь семалла йу

ГIийла серлайаларехь.

Сирла, керла седарчий ду

ГIаш тIерачу тIадамийн.

Сатоссуш йерг кIадалла йу,

Мерза наб йу адамийн.

Олхазарийн гIера гIотту

Нахал хьалха меттара,

Уггар хазчу хене хотту

Цара мерза маршалла.

Могуш-паргIат араволуш

И Iуьйренаш хьайн йелахь,

Варий, доттагI, дийна волуш

Хьайн ирс дац ма алалахь!

в кадре: — «Садаьржаш» цIе йолчу стихотворенехь Мамакаев Iаьрбис ма-дарра, къеггина сурт хIоттадо садаьржачу хенан. Поэтан зевнечу дашо лерг хьоьстуш, ладугIу вай нIаьнеш кхойкхуш, нахал хьалха гIаьттинчу олхазарийн гIерано мерза маршалла хоьттуш. Дуьне набарх долу хан, исбаьхьа Iуьйре, аьхна, эсала, кIеда хилар хаало хIоранна а.

 — Иштта, самадолучу Iаламо, цуьнан ларамаза теш хиллачу адамийн бIаьрг белош, дог-ойла серлайоккху.

-Дешнаш тIехь болх

Слайд

НIаьнеш – боргIалш 

Олхазарийн гIера – стая птиц

КIадалла – утомление, ослабление

Варий (Варийлахь!) – Смотри (Смотри у меня!)

в кадре: — Хаттаршца доьзна къамел дийр ду вай:

Слайд:

  1. Муьлхачу дешнаша, васташа (эпитеташа) кхуллу аьхкенан Iуьйренан сурт?
  2. И тайпа аьхна , маьрша Iуьйренаш йолу стаг ирс долуш ву хIунда боху поэто?
  3. Ойла йе, хIун  гIуллакх кхочушдо дустарша стихотворенехь. Масалш даладе. 
  4. Синонимаш даладе «гIийла» бохучу дашна.

Слайд

Нийса жоп:

  1. Сирла хIо, сирчу арахь, гIаш тIера керла седарчий, олхазарийн мерза маршалла, адамийн мерза наб, аренийн гIийла серлайалар…
  2. Могуш-паргIат а волуш, маьршачу Даймахкахь сатоссуш хьала а гIаьттина, йолучу Iуьйренан терго йеш , олхазарийн декаре ладоьгIча, хIора стагана а ша ирсе хетар ву.   
  3. Йетта шура, кIалдан мижарг.
  4. Меллаша , тийна, сатийна, жим-жима, йехха.

в кадре: — Йуьхьанцарчу школехь дуьйна хаьа вайна стихаш прозех къасто. Проза а, стихаш а йуьстича , хуур ду вайна, царна йуккъехь хIун башхалла йу:

Слайд

 «Садаьржина, нIаьнеш кхойкху, йетта шура санна кIайбелла стиглахь бутт бу кIалдан мижаргах тера кхозуш»

— Ткъа Мамакаев Iаьрбис иштта йаздина:

НIаьнеш кхойкху, садаьржина,

Стиглахь етта шура йу,

Бутт, сахиллалц цабижарна,

КIалдан мижарг санна бу.

— в кадре: Шуна атта хуур ду, мичахь йу кхузахь стихаш.

— Уггар хьалха, стих кхуллу ритмо. Нохчийн стихашкахь хийцалуш хуьлу тохар( ударение) долу а, тохар доцу а дешдакъош, цундела стихан ритм къаьсташ хуьлу могIанашкахь. МогIанийн ритм кхоллало дешдакъойн хийцадаларца.

Слайд

Стихотворенехь йух-йуха а цхьаьна далош долу тохар долу, тохар доцу дешдакъош – иза стихан гIулч йу (стопа).  

_V – тохар долу дешдакъа , V – тохар доцу дешдакъа

В кадре:  Ритм хаало муьлхачу стихотворенехь, амма иза атта йохалуш йу, стихотворенин могIанера цхьа дош дIадаьккхичхьана а. Прозехь а  йу шен ритм, амма поэзехь иза мукъаме йу, цундела дукхахйолу стихаш эшаршка йоьрзу.

— Стихашкахь рифма а хуьлу.

Слайд

Рифма – иза стихотворенин шина йа масех могIанийн чаккхенаш цхьаьна йалош , цхьатера декаш долу аьзнаш ду.

СЛАЙД:

-Рифмийн цхьаьнакхетаре хьаьжжина, могIанаш тобанашка деттало: ши могIа, биъ могIа и.д.кх.а. И тайпа тобанийн могIанех строфа олу.

В КАДРЕ: — Вай дийци Мамакаев Iаьрбин дахарх, кхоллараллах лаьцна а, йийцаре йи «Садаьржаш» цIе йолу цуьнан стихотворени а.

— Халкъан ойланашца детталуш хила деза йаздархочун  дог. «Сан дог, хьо деттало къахьоьгуш халкъана» — оцу дешнашца автаро (Мамакаев I.) чIагIдо, муьлххачу хьелашкахь хилча а, поэт нийсонна тIера ца волуш, бакъдерг нахе дIакхачош, цIенчу, беркатечу ойланашца вехаш а, йаздеш а хила везар. Иштта йаздархой кхуьийла вайн махкахь массо а заманахь!

-Iодика йойла шун, марша Iойла!

— «ПОЭТ» темина синквейн йазйе

Слайд

Синквейн стихотворенин уггаре атта форма йу.

  1. Хьалхарчу могIанехь йаздо цхьа дош — цIердош. Иза синквейнан коьчал (тема) йу.
  2. ШолгIачу могIанехь йаздо ши билгалдош. Цара синквейнан коьчалан (темин) билгалонаш гойту.
  3. КхоалгIачу могIанехь йаздо  кхо хандош. Цара синквейнан темица  догIуш долу дар йа хилар гойту.
  4. БоьалгIачу могIанехь йазйо фраза, цитата , йа масех дашах лаьтташ йолу предложени. Цо гойту синквейнан чулацамах кхоллайелла йолу ойла.
  5.  ПхоьалгIачу  могIанехь  цIердашна   синоним  йаздо. Цу дашо синквейнан жамI  а до, цуьнан тема кхин дIа а кхио айам ло.

Слайд

Масала:                                                    Поэт

Сийлахь, воккха

Кхуллу, доьху, кхуьъу

Шен халкъан дуьхьа веха

Илланча

-Кху тIехь йерзор йу вай вешан рогIера урок. Iодика йойла шун,  марша Iойла!

2-гIа дакъа

Хаарш-зер (тренажер)

                 Нийсаниг харжа:

I. Мамакаев Iаьрбин дахаран шераш:

I) I925 – I987;

2) I930 — I988;

3) I9I8 – I958;

4) I909 – I957.  

2.  «Мамакаев Iаьрбис  шен кхоллам нохчийн литературех къасталур боцуш дIабоьзна, иза уггар дукхабезаш болчу поэтех ву».

             ХIокху мехалчу дешнийн автор ву:

  1. Айдамиров Абузар;
  2. Мамакаев Мохьмад;
  3. Сулаев Мохьмад;
  4. Сулейманов Ахьмад.

3.         «Ма хаза йу-кха хьо, шера тогIе,

Хьайн бай тIе цIен зезаг даьлча!

Ма хаза йу-кха хьо , Теркан гIайре,

Хьайна тIе баьццар къаж йаьлча!»

               ХIокху могIанийн автор ву:

  1. Саидов Билал;
  2. Мамакаев Мохьмад;
  3. Сулейманов Ахьмад;
  4. Мамакаев Iарби.

4. Шен да Шамсудди кхелхинчу хенахь Мамакаев Iаьрбин хилла :

I) I0 шо;

2) 7 шо;

3) I шо;

4) 3 шо.

5. Нохчийн гоьваьллачу поэтан Мамакаев Iаьрбин  цIарах музей схьайиллина:

I) Соьлжа-ГIалахь;

2) Мескетахь;

3) Лаха-Неврехь;

4) Олхазар-кIотарахь.

Close
Яндекс.Метрика