Нохчийн мотт «Urok95ru» (Абуева Т.И).
Урокан цIе: Диалог а, монолог а. Барт кхолларалла. Дийцарш.
Хьехархо. Де дика хуьлда шун, хьоме бераш!
Вай дIайолор йу вешан рогIера урок. Тахана вай литературни теорих лаьцна дуьйцур ду. Кхетам лур бу диалог, монолог, дийцар бохучу дешнашна. Къастор йу барта кхоллараллиний, исбаьхьаллин литературиний йуккъера уьйр.
— Халкъан барта кхоллараллин а, исбаьхьаллин а литературин а произведенешкахь нислуш хуьлу диалогашший а, монологашший.
— Ткъа стенах олу диалог, монолог?
ДIайоьшур йу вай Исмаилов Абун «Бирдолаг» туьйран тIера кийсак
Слайд: — ХIан? — аьлла, ша Iаччохь меттаххьайра Лом. — Бакъдуй барзо бохург?
— Ца хаьа, — бистхилира Сай, Лом тергал а ца деш.
— Ой, хьо бу ма боху, сан олалла дожо гIерташ? ХIара дуьне долийчхьана схьадогIуш долу олалла.
— Дожор ду, — ондда элира Сено.
— Бераш, къамелехь дакъалоцуш маса ву?
— Лом, сай-шиъ ву.
Слайд текст: Диалог-шина (йа масех) стага вовшашка ден къамел.
Ведущая: Диалогехь дакъалоцурш шиннал сов хила, а тарло.
Дукхахьолахь диалог хаттарех а, жоьпех лаьтташ хуьлу.
Ткъа хIинца Саидов Билалан «Майра кIант Сулима» цIе йолчу туьйран тIера къамел далор ду вай:
слайд: «Вохуьйтур ву хIинца
Йуха ца вогIучу
ШайтIанийн цу махка
ТIепаза и вайта
Суна хезна дуьйцуш:
Мискачу ден-ненан
Сов хаза жима йоI
Цара йигна бохуш».
ХIара къамел Содас ша шега деш ду.
слайд текст: Монолог — иза исбаьхьаллин произведени тIехь цхьана персонажан къамел ду.
Монологан башхалла йу-стага къамел до, цуьнга ладугIу, амма жоп ца ло.
Ведущая: Наггахь монолог — ша шега деш долу къамел хуьлу.
Дукхахьолахь монологан кепехь йазйой хуьлу стихотворенеш.
Барта кхоллараллиний, литературиний йуккъехь уьйр хиларх лаьцна дуьйцур ду вай.
Барта кхоллараллин произведенеш, шайн билггал волу автор воцуш халкъо дуккха бIешерашкахь кхоьллина йу.
Ткъа литературин произведенеш кхоллар дIадоладелла йоза-дешар гучудаьллачул тIаьхьа. Уьш йазйо корматалла йолчу дешан говзанчаша-йаздархоша. Цундела церан шайн авторш хуьлу.
Барта кхоллараллиний, литературиний йуккъехь, хадалур йоцуш чIогIа уьйр йу. Туьйранаша, кицанаша, иллеша гIо до йаздархошна къоман меттан исбаьхьалла, хазалла йовза.
Нохчийн халкъан туьйранех, халкъан маттах пайда эцна Саидов Билала, Мусаев Мохьмада, Исмаилов Абус шайн туьйранаш йаздеш.
Ткъа дийцарш хIун йу? Цкъа – делахь, туьйра санна, фольклоран жанрашна йукъа йогIу литературни произведении йу.
слайд текст: Дийцар — шен барамца йоккха йоцуш, цхьана стеган кхоллам йа цуьнан вахаран некъан цхьа киртиг, хилам гойту литературин произведени йу. (сопровождение –сова или что-то другое)
Ведущая: Дийцаран хиламаш цхьана йоццачу хенахь кхочушхуьлу, амма наггахь коьртачу турпалхочун дерриг дахар йукъалоцу мур хила а тарло цо чулоцург.
Муьлххачу а дийцарехь коьрта васт хуьлу цуьнан дIахIоттам а, тема а, хиламаш къастош волу турпалхо а.
Дийцаран йуьхь а,чаккхе а хуьлу шайн башхалла йолуш. Йухь — хиндолчун ойла тIейерзош, чаккхе — жамI деш.
Коьрта дерг гайтар, цунна тIе тидам бахийтар- иза а йу дийцарехь йаздархочун коьрта Iалашо.
Дийцар авторан йа турпалхочун цIарах дIахьош хуьлу. 20-чу бIешеран 20-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь кхоллайелла нохчийн литературехь дийцаран жанр.Сальмурзаев Мохьмада I923-чу шарахь йаздина «Кхетаме Хьамид» дийцар вайн литературехь дуьххьарчарах цхьаъ ду. ХIетахь дуьйна къоман литературехь кхуьуш схьадеана дийцар. Дуккха а йаздархоша пайдаэцна оцу жанрах: Мамакаев Мохьмада а, Окуев Шимас а,Эдилов Хас-Мохьмада а, Гайсултанов Iумара а , иштта кхечара.
Тахана а шуьйра пайдаоьцу вайн йаздархоша оцу жанрах.Кхуьуш а, дебаш а йу цуьнан йерриге билгалонаш.
Дийцар хIотторон схемане хьовсур ду вай.
Слайд текст:
Кульминаци
Долор (завязка)
Чакккхе (развязка)
Йуьхь Дерзор
Ведущая: ХIара дийцар толлур ду вай.
ЧА А, ЗУДАРИЙ А
Йуьхь слайд:
Кабехий, Бикатуй йахара хьуьнах хи чу бохка кхораш лахьо. Лекха а, буьрса а йара хьун. Ширачу некъашкахула, хьуьнан кхораш лоьхуш, генна дIайахара и шиъ. Ирзу тайпа цхьана майдана кхаьчча, саттийна охьабан болалуш кхор карийра цу шинна. Маьлхан серлонгахь, лоппагаш санна, лепара ношбелла кхораш. Кхуран кIело хьешна йара. Наггахь а кхор ца битинера охьаэгначех. Лохо кIондарш дIа а, схьа а кегош, леррина лехча шиъ-кхоъ ношбелла кхор карийра Бикатуна. Церг а тоьхна, хьаьжча чам тайра цунна.
Долор
— ЭхI, хIорш чIогIа дика чам болуш кхораш бу! – кхура тIе хьалахьажира Кабеха.
— ХIара хIун ду? Цхьа адамаш леллачух тера а ма ду кху кIелахула. ТIехь саттийна кхораш а бу.
— Же, шимма а тIе а йаьлла, массо а га лестош кхораш охьаэго беза вайшимма, — аьлла, хьалайелира ши зуда.
Сих а ца луш, парггIата генаш а лестош, кIело йуьззина кхораш охьаэгийра цу шиммо, куьг тIекхочера схьабоккхий наггахь кхор а бууш.
Чаккхе
Ши зуда охьа а йоьссина, кхораш схьалахьо йолайелча, «къарш-къарш» аьлла, йуьстах хьуьнчохь татанаш хезира цу шинна. Кхораш лахьочуьра йукъах а йаьлла, ладуьйгIира шина зудчо. Йа ча, йа нал а, йа хьайба – цхьаъ хила йеза-кх и татанаш дийриг, аьлла хеттачу хенахь, тIаьхьарчу когаш тIе ира а хIоьттина, чухьаьдда йогIура ча.
— Ва-а, орца дала!!!
— Ва-да-а-дай! Орца дала!!! — маьхьарий а хьоькхуш, кхин хьуьнчохь ца соцуш, йедда цIа йеара ши зуда.
Дерзор
Йедда ши зуда кхин тергал а ца йеш, адамо санна, меллаша схьа а лехьош, кхораш баа охьахиира ча.
Ведущая: Шаьш дийцар хIоттор
Шаьш дийцар кхолла хьовса. Суьрташка а хьовсий, дар кхочушхиларан рогIаллехь дIанисде уьш.
СЛАЙД:
Дийцар хIотто суьрташ.
Суьртийн рогIалла
Ведущая: Гергарчу хьесапехь дийцар иштта хила тарло
слайд:
1. Таллархо вара жIаьлица новкъахула вогIуш.
2. Хьозан кIорни бен чуьра охьайоьжнера.
3. КIорни гина, жIаьла цунна тIедоладелира.
4. Нана-хьоза кIорни Iалашйан дIахIоьттира.
5. ЖIаьла цецдаьлла сецира.
6. Таллархочо жIаьла дIаэккхийра.
Ведущая: Текстан анализ йийр йу вай,коьрта дакъош къастош.
Дийцар
Цхьана дийнахь таллархо вара паркехула жIаьлица схьавогIуш. Лекхачу дитта тIехь бен бара, цу чуьра хьозан кIорни охьайуьйжира. КIорни гина жIаьла цунна тIедедира. ЦIаьххьана нана-хьоза гучуделира, шен кIорни Iалашйан дIахIоьттира. Цецдаьлла лаьтта жIаьла, таллархочо дIаэккхийра. Хьозан кIорни кIелхьара йаьккхира.
Ведущая: Урокехь вайна девзи диалогах а, монологах а долу хаарш, барта кхоллараллиний, литературиний йуккъехь уьйр хилар, иштта къамелан жанр — дийцар а
Иштта кхетам бели диалог, монолог бохучу дешнашна. Билгалдели исбаьхьаллин литературиний, халкъан барта кхолларанний йукъахь уьйр хилар.
Цу тIехь вай йерзор йу вешан рог1ера урок.
Iодика йойла шун. Марша Iойла!