Урокан цIе: «Доьшуш хилла кIант». (туьйра)
Маршалла ду шуьга!
Вай шуна бовзуьйтур бу «Доьшуш хилла кIант» цIе йолчу туьйранан чулацам а, маьIна а.
Туьйранаш, вайна ма-хаъара,тамашийначу хиламийн хьокъехь халкъо хаздина кхоьллина дийцарш ду. Иштта хIокху туьйранан турпалхо а цхьа шатайпа амал а, лаам а болуш кIант ву.Туьйранийн шайн дIадолор а, чаккхе а хуьлу.
Масала: «Дас кIантана вониг эр дац»
«Шуна дика дийцарш, диканца шу дахарш»
Вайн туьйранан дIадолор иштта дац:
Вешан туьйранан чулацам бовзийтале вай цхьа хаттар йа хIетал-метал лур ду шуна, ткъа аша вай туьйра доьшучу хенахь лерина, тидамца дика ойлайан йеза цуьнан.
Слайд:
Вайн туьйранан турпалхочунна гIан гина. Цунна гIенах гинарг хIун ду те, тIекхиа хьовсий вай.
Цуьнан дахаран чолхе некъ бовзийтий вай шуна. ХIинца, бераш, дика ладогIалаш!
Слайд:
Доьшуш хилла цхьана ден-ненан кIант. Цунна гIан гина.
Ша самаваьлча цо чIагIо йина, и гIан дуьйцур ма дац ша Далий, маликаший диканиг дойла ца аьллачу стагана аьлла.
ТIаккха шен накъостийчубаьхкича, цаьрга дуьйцу цо, шена гIан дайна олий:
— Дийцахьа шайна и гIан, — олу цара.
— Дуьйцур дац ас.
— Вай цхьаьна доьшуш а ду, вайн вовшех лачкъийна хIума хила йиш а йацара. Кхин тешаме ца хета хьуна тхо? — бохуш, хIорш къийсалуш болуш, моллачувеана.
— Аша хIун къуьйсу? — аьлла хаьттина моллас. Шаьш къуьйсург хIун ду хоуьйту доттагIаша. Моллига а, дуьйцур дац аьлла кIанта.
— Делахь гIан дийццал тхо тешаме ца хетахь,хIокху хьуьжарера дIавала веза хьо олий, цигара дIа воккхий, моллас цIа хаьажаво кIант.
Цул тIаьхьа, деша ца воьдуш кIант хьевелча, дас-нанас, шекдаьлла хаьттина
цуьнга, цаьрга а ца дуьйцу.
Цул тIаьхьа доттагIчуьнга а ца дуьйцу, цо а дIа гIо а олий, араваьккхинчул тIаьхьа цхьана гена махка ваьлла воьдуш, цхьана паччахьан гIаролаша кехаташ а хоттий, уьш цуьнгахь ца хилча, паччахьна тIевуьгу кIант.
Слайд:
Паччахьо хаттар дина кIанте:
— Хьо муха кхаьчна кхуза? Мичара мила ву хьо?
КIанта дерриг а ма-дарра дIадуьйцу.
Паччахьо шена дийца и гIан аьлла омра дина.
— Дуьйцур дац, дийца йиш яц, аьлла кIанта.
— Кхо сахьт хан йелла, ца дийцахь вуьйр ву олий. Цул тIаьха а ша аьллачунна тIера йуха ца волу кIант.ТIаккха паччахьо омра дина, хьуьнах дIа а вигий, вей дIаваккха олий. Шина гIаролхочунна чIогIа къахетта цунах, йух-йуха а цуьнга хьоьжуш, чIогIа безамехь хеташ.
— ТIаккха цара цунах къа а хетий барт бо, и цигахь а витина, къайлах цунна мукъа волчо йуург а хьуш иза лело. Иза цхьана хари чу дIа а лачкъавой, и ши гIаролхо дIавоьду.
Слайд:
ШолгIачу дийнахь царах мукъа волу цхьа гIаролхо, цунна кхача а эцна тIаьхьавахана.
КIанта хаьттина тIахьавеанчуьнга:
— ХIун хьал ду паччахьехь? — аьлла.
— Паччахь чIогIа гIайгIане воьжна ву тхан, — аьлла гIаролхочо.
— ВорхI пачхьалкх шен карахь а йолуш, цхьа нуьцкъала паччахь ву цхьанхьа,
цо ши Iаж баийтина тхан паччахье, бос цхьаъ болуш, терзана тIехь оьзча йозаллин барам а цхьаъ болуш, хIокху шиннах шо кхаьчнарг муьлха бу, шо кхачаза берг муьлха бу аьлла, хоттуш.
Нагахь санна жоп дала ца хаахь, тхан паччахьера мохк дIа а боккхуш, иза шен коьртах воккхур ву аьлла.Цу гIуллакхна хIун дийр ду ца хууш, чот йоьхна ву тхан паччахь.
— Делахь, ахь хIун дай, — аьлла кIанта.
— Цхьана зоканна чу хи а доттий, цу чу таса ала ши Iаж. ТIаккха цу шиннах
шо кхаьчнарг хи тIе бер бу, шо кхачаза берг бухахь буьсур бу ала. И хьанна хиира хаьттича, хьайна хиира ала — аьлла гIаролхо дIавахийтина кIанта.
— КIанта ма-хьеххара къастийна паччахьо, хIара шо кхаьчна бу, хIара шо кхачаза бу, аьлла дIабахьийтина.
— ШолгIа а оцу паччахьо ши боргIал яийтина цуьнга, тIехьаьжча мас цхьатера а йолуш, шо кхаьчна муьлха йу, шо кхачаза йерг муьлха йу аьлла.
— Ши боргIал мох болчу дийнахь хи йисте а йигий, цу шинна кIа таса ала. Махана букъ а тоьхна кIа дуург шо кхаьчнарг хир йу, шо кхачаза йолчо – махана дуьхьал а йирзина дуур ду кIа аьлла, йуха а хьехна кIанта шина гIаролхочунна.
Слайд:
Шена иштта жоп делча, и жоьпаш дала хиина стаг а валош, ша волчу вола аьлла, паччахье йуха а кехат даийтина ворхI пачхьалкхан паччахьо.
Шен гIаролхочуьнга тIе а кхайкхина паччахьо аьлла:
— ВорхI пачхьалкхенан паччахьо шена тIекхойкху вайшинга. Цига ваха веза вайша.
— Со хьоьца веача а, суна цунах хууш хIумма а дац. Иза хиъна стаг аса хьоьга вуьйцур вара, ахьа иза ца вен а, цунна цхьа бохам ца бан а, тIелоцуш кехат лахь, — аьлла гIаролхочо паччахье.
— Цул тIаьхьа паччахьан а, гIаролхочун а барт а хилла, гIаролхочо ма-дарра и дIадийцина.
— Тохара ахьа вен а вей, хьуьнах дIакхосса аьлла волу кIант цунах а, цуьнан хазаллех а къа а хетта, хьуьнах дIа а лачкъийна, ца вуьйш витинера оха. Шех дагаваьлча цо дийцира суна хьан хаттаршна дала дезаш долу жоьпаш.
Слайд:
— Хьада, чехка схьавалаве иза, — аьлла, лачкъийна латтош волу кIант хьуьнхара схьа а валавайтина,иза а эцна, паччахь волчу вахана и шиъ.
Вахана дIакхаьчча, пайтонт1ера охьа а воьссина, нуьцкъала паччахь волчу чубоьлхуш хилла уьш.
Паччахь чохь волчу цIийнан неI хилла, мел генахь делахь а, арахь долу хIума паччахьна гуш, амма арара чухьаьжначунна хIумма а ца гуш.
Оцу некъа тIехь охьайиллина лаьтташ хилла хих юьзна гиба (кувшин). Хьалхаваьлла воьду паччахь,тIехула гIулч а тесна, дехьаваьлла, тIаьхьавоьдуш волу кIант, лата а йина, гиби чу сирник а кхоьссина, дехьаваьлла. И дерриг ган а гуш, чохь Iаш паччахь а хилла.
Вахана дIакхаьчна ши хьаша.ТIаккха паччахь вистхилла кхаьрга:
— Аса цхьа хIума эр ду шуьга. Шуьга санна хаттарш а дохьуьйтуш, царна жоьпаш дала ца хиъна йалх пачхьалкх йоха а йина, сай кара а йерзийна Iаш ву со.
— Иза а аьлла, паччахьо шен можах хьокхуш куьг чекхдаьккхина.
ТIаккха хIокху паччахьца веанчу кIанта, шен коьртара куй дIа а баьккхина, месашна тIехула хьокхуш куьг чекхдаьккхина.
ШолгIа а кIанте вистхилла паччахь:
— КIант, аса цхьа хIума эр ду хьоьга. Хьо чIогIа хьекъал долуш, говза стаг волчух тера ду. Ас хаьттинчу хIуманна хьуна жоп дала хаахь, хьол ирс долуш стаг вац. Нагахь санна хьуна жоп дала ца хаахь, хьол декъаза стаг а вац.
КIант аьлла:
— Дика ду делахь, аса цхьа дехар до хьоьга: хьайна нийса жоп делча, бакъ дац ца олуш, бакъдолчунна бакъ ду алар доьху аса хьоьга.
— Эр ду,- аьлла паччахьо.
— Схьахатта, — аьлла кIанта.
— Шуьшиъ арара чувогIуш, генахь дуьйна гуш вара суна. Хьуна хьалха вогIуш волу хIара паччахь, гIулч а тесна, неIарерчу гибанна сехьавелира, тIаьхьавогIуш волчу ахь сирник а латийна, иза гиби чу кхоьссира.
И хIун дара? Ахьа, хьайн коьртара куй дIа а баьккхина, гобоккхуш месашна тIехула куьг хьаькхира. Иза а хIун дара?
КIанта жоьпаш делла:
— Хьалха соьца вогIучу паччахьана, гиба хIунда йиллина ца хаара. Цундела хIара, гIулч а тесна, сехьавелира. И гиба хIунда йиллинера аьлча, хIокху чохь долчу хин цIарх долу сан хьекъал стен кхачор дара аьлла, йиллинера ахьа. ХIокху цIаро кхехко хи санна, аса кхачор ду иза аьлла, тесира аса сирник гиби чу.
ХIокху сан йуьхь тIехь мел болчу чонан цIарх долу сан хьекъал стен дохор ду аьлла, хьаькхира ахь хьайн можах куьг. Сан коьрта тIехь мел болчу чонан цIарах долчу сан хьекъало дохор ду хьан хьекъал аьлла, хьаькхира аса и куьг.
— Бакълоь хьо. Хьо чIогIа хьекъал долуш стаг хилла. Сан карахь йолчу ворхI пачхьалкхах кхоъ ах пачхьалкх хьан хир ю. И сайн йоI а ло аса хьоьга, — аьлла кхоъ ах пачхьалккхий, шен йоIIий хьекъал долчу кIантана а йелла, и шиъ дIавахийтина нуьцкъалчу паччахьо.
ТIаккха вукху паччахьо а шен карахь йолчух ах пачхьалкх йелла кIантана. Вехаш Iачу хенахь дагадеана хIокху кIантана:
— Со винчу махках а, шен дех-ненах а хIун хилла хьажа веза ша аьлла.
Зуда а эцна шайн махка воьдуш, зудчо хаттар дина, кIанте: «Хьо муха кхаьчнера хIокху махка?» — аьлла.
— КIанта хилларг а, лелларг а ма-дарра дийцина.
Слайд:
— Далий, маликаший диканиг дойла. Дийцахь, муха дара хьуна гина гIан? — аьлла йоIа.
— ХIинца-м иза ца аьлча а тидаделла гIан.
Сайн аьтту агIор белш тIехь нур лепаш дашо малх байра суна гIенах. Суна гина дашо малх хьо ю — ворхI пачхьалкхан паччахьан йоI.
— КIентан махкахь, цуьнан дай-наний долчу дIа а дахана, вовшийн бертахь, дагара дуьйцуш, хаза даха хиира и шиъ.
— ХIинца чулацам а бевзи вайна, дика ойла а йина хир йу аша.
Вай дIадуьйлалуш деллачу хаттарна жоп карийний вайна йа тIекхиин вай оцу хаттарна? Кхиъна, цуьнан жоп ду кIанта шен гIан тидар. КIанта шен гIан хIинца тидаделла олу йоIе.
«Сайн аьтту агIор белш тIехь нур лепаш дашо малх байра суна гIенах. Суна гина дашо малх хьо йу — ворхI пачхьалкхан паччахьан йоI».
ХIокху туьйрано вайна гойту доьшуш хиллачу кIентан дахар, кхоллам, иза дикачух тешар, уггар коьртаниг и собаре хилар. Иштта вайна билгалдолу и хьекъал долу кIант оьзда хилар.
Массо а туьйранашкахь санна, дикачо вониг, зуламе дерг эшадо, турпалхочо шен къовсамехь хьекъалца а, собарца а толам боккху. Цуьнан сатийсам кхочуш а хуьлу.
ХIинца вай йерзор йу вешан рогIера урок!
Iодика йойла, марша Iойла!