I класс
Урок № 46
Мукъаза аз а, элп а ЦI цI довзийтар, яздар.
— Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой!
Суна хетарехь, аш сатесна хир ду керлачу хааршка, уьш шайна дахарехь оьшуш хилар а хууш. Вай шуьца дIайолайо вешан рогIера нохчийн меттан урок.
— Фонетиках болу хаамаш карлабохуш, вай дийцира нохчий маттахь 10 мукъаза шалха элп ду аьлла.
Уьш ду:
Слайд
ГI, ПI, ТI, ЧI, ЦI, ХI, КI, КХ, КЪ, ХЬ
— Ткъа тахана вайна девзар ду мукъаза аз а, элп а ЦI цI.
— Иштта и яздан а Iамор ду вай.
— Котаман кIорнеша юург муха йоьху? (сурт гойту кIорнеша кIа дууш)
(ЦIип-цIип-цIип)
— Муьлха аз хеза цунна хьалха? (вайна хеза аз цI)
Таханлерчу урокехь вай тидаме оьцур ду мукъаза шалха элп ЦI,
Слайд
ЦI цI
— ХIетал-метал хаийла шуна:
ХIун ю дуьнен тIехь барам а, мах а хаа а,
терзан тIехь оза а йиш йоцург? (цIа) (сурт гойту)
— Ала массара цIа.
— Муьлха аз хеза вайна цIа дашна хьалха?
Вайна хеза аз [цI].
— Далор ду вай цI юкъахь долу дешнаш.
Слайд:
(ЦIа, цIазам, цIубдар, цIерпошт суьрташ гайта)
Слайд:
ХIинца вай дуьйцур ду, цуьнан кхолладаран некъах лаьцна.
Мукъаза шалха элпаш кхуллуш диь тIетуху хьаьрк ду: I, Ъ, Ь, Х
Оцу деа хьаьрках вай тидаме оьцур ду тIетуху хьаьрк I. Цуьнца кхоллалуш долу шалха элпаш хIорш ду:
Слайд
ГI, ПI, ТI, ЦI, ЧI, ХI, КI
— Муха кхоллало ЦI элп?
Ц+I=ЦI
Цхьаьркана тIе Iхьаьрк тоьхча кхоллало элп ЦI.
ЦIэлп шина хьаьрках лаьтташ ду.
—-
— Бераш, ЦI шина хьаьрках кхолладелла хилча и муьлха элп хуьлу?
Слайд:
ЦIшалха элп ду.
—-
ЦI элп мукъа элп ду я мукъаза элп ду?
— Яккха ЦI элпан цIе. (ЦI цI)
— Муха алало цуьнан аз паргIат я хала?
(олучу хенахь багахь хIаваана цхьацца дуьхьалонаш хуьлу)
— Дуста: Ала элп ЦI, хIинца элп О.
[о] аз вайга паргIат алало, цундела и мукъа ду.
ЦIэлп олуш багахь хIаваана дуьхьало хуьлу, цундела ЦIмукъаза элп ду.
— Зорбанан элп ЦI цI довзуьйтур ду вай хIинца.
Слайд:
ЦI — хIара зорбанан доккха ЦI ду;
цI — хIара жима зорбанан цI ду.
—-
— ЦI элп юкъахь долуш, дешдакъош доьшур ду вай:
Слайд:
цIа цIо цIу цIи цIе
ацI уцI ицI ецI
— Ткъа хIинца, цI элп юкъахь долуш, дешнаш деша хьовсур ду вай
Слайд:
ЦIе
ЦIено
ЦIазам
ЦIузам
ЦIов
ЦIена
ЦIен
МуцIар
ЦIинцIолаг
— ХIинца вай Iамор ду доккха а, могIанан а ЦIцI яздан.
Слайд: (Йозанан элпаш гайтар)
ЦI – хIара йозанан доккха элп ду;
цI- могIанан элп ду.
— Муьлха могIан чу яздо вай йоза?
Вай йоза яздо жимачу могIан чу
Слайд: (йозанан элп дилларан схема гайтар)
МогIанан элп цI яздо йозанан белхан могIан чохь.
Слайд:
(ц) – хьалхара хьаьрк ду, I — шолгIа хьаьрк ду.
И ши хьаьрк вовшахтесча кхоллало шалха элп цI.
— ХIинца и элп яздан Iемар ду вай. Цкъа хьалха хIаваэхь яздан хьовсий вай элп цI.
Слайд: (анимацица гойту)
— Элп муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь язде элп цI.
— Юха кепе хьовсуш, тетрадаш тIе яздийр ду вай могIанан элп цI.
ЦI—элп доккха а, жима а хуьлу.
— Маца яздо вай доккха элп?
Доккха элп вай яздопредложени йолош, долахь цIерашкахь а.
Слайд:
гойту доккха а, могIанан а элпаш ЦIцI.
—-
— Хьовсал, хIун башхалла ю хIокху шина элпана юкъахь?
(и ши элп вовшех къаьста барамца: доккха а, жима а хиларца)
— ХIинца вай яздийр ду доккха элп ЦI.
— Кепе а хьовсуш вай яздийр ду йозанан доккха элп ЦI.
Слайд анимацица гайтар:
Слайд: анимацица гайта дешдакъош йозанехь яздар.
— Вай яздийр ду цI юкъахь долуш дешдакъош.
Слайд:
ЦIеста, цIазам, цIахь, цIен, цIоз, цIубдар, цIий.
— ХIинца, шина дешдекъах лаьтташ долу дешнаш дакъошка доькъуш, дIаяздийр ду вай:
Слайд: ЦIес-та, цIа-зам, цIуб-дар.
Ткъа хIинца вай хьовсур ду кхин цхьа тIедиллар кхочушдан.
ДIаязде дешнаш ЦI элп юкъахь долчу дешнашна буха сиз хьакха.
Слайд:
ЦIениг лоьху цIазам аса.
ЦIийза пешахь йогIу цIе.
ЦIена дара церан цIа чохь.
ЦIирцIирхьоза цIен-къорза дуй?
—————————————————
Вай билгалдаьхна дешнаш хIорш ду.
Слайд
ЦIениг лоьху цIазам аса.
ЦIийза пешахь йогIу цIе.
ЦIена дара церан цIа чохь.
ЦIирцIирхьоза цIен-къорза дуй?
—————————————————-
ЦIахь вай хIинца билгалдина долу дешнаш юкъахь долуш, предложенеш хIиттае. ЦI элпана буха сиз хьакха.
Кху тIехь вайн урок чекхйолу, Iодика йойла шун, марша Iойла.