1 класс УРОК №45 БУКВА ЯЬ

1 класс

Урок № 45

Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

Вай юха а дIайолайо вешан рогIера нохчийн меттан урок.

Фонетиках болу хаамаш карлабохуш, вай дийцира нохчий маттахь I0 мукъаза, 5 мукъа шалха элп ду аьлла.

ХIокху урокехь вайна девзар ду мукъа аз, элп ЯЬ.

Иштта яздан а Iамор ду могIанан доккха а, жима а элп ЯЬяь.

Фонетика Iамош, вай лакхахь ма аллара, нохчийн маттахь шатайпа мукъа аьзнаш билгалдеш 5 шалха элп ду элира вай.

Уьш ду:

Слайд

АЬ, ОЬ, УЬ, ЮЬ, ЯЬ

Таханлерчу урокехь вай тидаме оьцур ду мукъа элп ЯЬ.

ХIинца вай дуьйцур ду, цуьнан кхолладаран некъах лаьцна.

Элпо йозанехь аз билгалдо.

Мукъа шалха элпаш кхуллуш дакъа лоцуш цхьа тIетуху хьаьрк ду: Ь. КIеда хьаьрко керла аз билгалдеш долу керла шалха элп кхуллу. Я-на аьтту агIорхьа улле дуьллуш долчу Ь хьаьрко ЯЬ шалха элп кхуллу.

Слайд:

Я

ЯЬ

Слайд: (яьшканан сурт гойту)

ХIара яьшка ю. Яьшки чохь стомаш, хасстоьмаш Iалашбо. Алий вай массара дош яьшка. И дош олуш вайна хьалха хеза аз яь.

Яь — олуш багахула хIаваъ паргIат, цхьа новкъарло а йоцушарадолу, цундела яь мукъа аз ду. Далор ду вай яь юкъахь дешнаш.

Слайд:

Яьшка яьлла яьржина яьстина Яьсси- (хи)

Цу дешнашкахь аз яь хьалха хезаш ду.

Слайд: (зорбанан Яьяь гайта)

ЯЬ — хIара зорбанан доккха Яь ду;

яь — хIара зорбанан жима элп яь ду.

ХIинца вай яь юкъахь дешдакъош, дешнаш деша хьовсур ду:

Слайд:

Яьл яьхь яьй яьз яьн;

Слайд:

Яьлла яьржина яьстина яьхкина яьшка Яьсси.

— ХIинца вай Iамор ду доккха а, могIанан а Яь яь яздан.

Слайд: (Йозанан элпаш гайтар)

ЯьхIара йозанан доккха элп ду;

яь могIанан элп ду.

Вай йоза яздо жимачу могIан чу.

Слайд: (йозанан элп дилларан схема гайтар)

МогIанан элп яь яздо йозанан белхан могIан чохь.

Слайд:

(я) – хьалхара хьаьрк ду,

ь — шолгIа хьаьрк ду. И ши хьаьрк вовшахтесча кхоллало шалха элп яь.

— ХIинца и элп яздан Iемар ду вай. Цкъа хьалха хIаваэхь яздан хьовсий вай элп яь.

Слайд: (анимацица гойту)

Яьяьяьяь

Яь элп доккха а, жима а хуьлу.

Доккха элп вай яздопредложени йолош, долахь цIерашкахь а

Слайд:

(гойту доккха а, могIанан а элпаш Яь элп яздаран кеп.)

Яь — хIара йозанан доккха Яь элп ду;

яь — хIара могIанан элп яь ду.

— ХIокху шина элпана юкъахь хIун башхалла ю хьовсур ду вай.

— ХIара ши элп вовшех къаьста барамца: доккха а, жима а хиларца.

— ХIинца вай яздийр ду доккха элп Я ь.

— Кепе а хьовсуш хIаваэхь яздийр ду йозанан доккха элп  Яь.

Слайд анимацица гайтар:

Яь шалха элп довза атта хилийтархьама, и юкъахь долу дешнаш дIаяздийр ду вай. Уьш нохчийн маттахь дукха дац.

Слайд:

ЯЬШКА

ЯЬIНА

ЧУЯЬЛЛА

ЯЬГНА

ЯЬЛЛА

СОВЪЯЬЛЛА

ЯЬССА

ЯЬХНА

ЯЬРЖИНА

ЯЬ элп — ши аз билгалдечарех ду. И элп олучу хенахь вайна ши аз хеза.

Масала:

СЛАЙД

[йаьшка]

[йаьIна]

[чуйаьлла]

[йаьгна]

[йаьлла]

[йаьсса]

[йаьхна]

[совъйаьлла]

[йаьржина]

Вайн ма-гарра, мукъачу аь озана хьалхахь Й хезаш ду, ткъа вай ши элп ца яздеш, даим цхьа элп яздо

СЛАЙД:

[йаьшка] ЯЬШКА

[йаьIна] ЯЬIНА

[чуйаьлла] ЧУЯЬЛЛА

[йаьгна] ЯЬГНА

[йаьлла] ЯЬЛЛА 

[йаьсса] ЯЬССА

[совъйаьлла] СОВЪЯЬЛЛА

ЯЬ – кIеда мукъа аз ду. И вайна дика къаьста Я озаца дустарехь

СЛАЙД

ЯЛА — ЯЬЛЛА

ЯХА — ЯЬХНА

ЯГА — ЯЬГНА

Йозанехь ЯЬ элп яздан мегар ду дашна юьххьехь.

Слайд:

ЯЬШКА

ЯЬССА

ЯЬЛЛА

ЯЬГНА

Дашна юккъехь: Мукъачу элпана тIехьа а, Ъ, Ь хьаьркана юххехь а

Слайд

СХЬАЯЬЛЛА

ЧУЯЬЛЛА

СОВЪЯЬЛЛА

РАЗЪЯЬЛЛА

ШЕКЬЯЬЛЛА

Ткъа мукъазчунна тIехьа хезаш хилча, вай аь

яздо

Слайд:

ВАЬЛЛА

ДАЬСТИНА

ДАЬХНИ

ДАЬЛЛА

ХIинца дийцинарг тIечIагIдийр ду вай.

ДIаяздина долу дешнаш аьзнашца а, элпашца а декъа

СЛАЙД:

ЯЬШКА, ЯЬХНА, ЧУЯЬЛЛА, ДАЬХНИ

ЯЬРЖИНА

СЛАЙД:

Нийса жоп

ЯЬШКА — 5аз, 4 элп

ЯЬХНА — 5аз, 4 элп

ЧУЯЬЛЛА — 7 аз, 6 элп

ЯЬIНА — 5 аз, 4 элп

ЯЬРЖИНА — 7 аз, 6 элп

Ткъа хIинца вай хьовсур ду кхин цхьа тIедиллар кхочушдан.

ДIаязде дешнаш

ЯЬГНА, ЯЬЛЛА, СОВЪЯЬЛЛА, ЧУЯЬЛЛА, ЯЬШКА

Аша дIаяздина долу дешнаш иштта яздина хила деза

СЛАЙД

ЯЬГНА, ЯЬЛЛА, СОВЪЯЬЛЛА, ЧУЯЬЛЛА, ЯЬШКА

ЦIахь вай хIинца яздина долу дешнаш юкъахь долуш, предложенеш хIиттае. ЯЬ элпана буха сиз хьакха.

Кху тIехь вайн урок чекхйолу, Iодика йойла шун, марша Iойла.

Close
Яндекс.Метрика