1 класс УРОК №39 БУКВА Ж

Урок № 39.

МогIанан доккха а, жима а элп «Ж ж».

— Маршалла душуьга, хьоме дешархой.

-Вай хIинца дIайолор ю рогIера нохчийн меттан урок.

— ДIаяханчу урокехь вайна девзира аз а, элп а тI.

-Тахана суна шуна довзийта лаьа керла аз а, элп а.

«ДогIу дош ала».

Слайд:

Хьуна хаа дац-кха хала,

ХIусам ларъеш, лета …. (ЖIаьла)

Iемаш ву со тиллатхов,

Хьостамна тIе етташ … (ЖIов)

Екашерг яц аьчкан биргIа,

Тата дешерг ю сан … (ЖиргIа)

— Муьлха хIуманаш ю уьш? (ЖиргIа, жIов, жIаьла)

Слайд:

(жIаьлин, жIевнан, жиргIанан суьрташ гойту).

— ХIунду церан юкъара? (Царна юьххьехь хеза аз ж).

— Бераш, вайна тахана девзарду могIанан жима а, доккха а элп Ж ж,

Iемар ду и элпша-ша, дешдакъошкахь а, дешнашкахьа кхечу элпех хоьттина яздан.

Слайд: Ж ж элп гойту.

— Алал, бераш, бумбарис «къамел» муха до? («Ж-ж-ж» — деш)

Ж элп мукъаду я мукъаза ду?

— Алий вай Ж.

— Муха хуьлу цуьнан алар, паргIат я хала?

(Олучухенахь багахь хIаваана цхьацца дуьхьалонаш хуьлу).

Дуста: ала элпЖ, хIинца О, А.

[О, А] аьзнаш вайга паргIат алало, цундела уьш мукъа ду.

Ж элп олуш багахь хIаваана дуьхьало хуьлу, цундела Ж мукъаза элп ду.

— Зорбанан элп Ж ж довзуьйтур ду вай хIинца.

Слайд:

Ж – хIара зорбанан доккха Ж ду;

ж – хIара зорбанан жима ж ду.

—————

Ж элп юкъахь долуш, дешдакъош доьшур ду вай:

Слайд:

Жа жо жу жи же

аж ож уж иж еж

— Ткъа хIинца, ж элп юкъахь долуш, дешнаш деша хьовсур ду вай.

Слайд:

ЖIаьла, харж, жижиг, жоммагIа, жаIу, жарж, жуккар.

— ХIинца вай Iамор ду доккха а, могIанан а элп Ж ж яздан.

Слайд: (йозанан элп аш Ж ж гайтар).

Ж – хIара йозанан доккха элп ду;

ж – могIанан жима элп ду.

— Муьлха могIан чу яздо вай йоза?

Вай йоза яздо жимачу могIан чу.

Слайд: (йозанан элп дилларан схема гайтар)

МогIанан элп ж яздо йозанан белхан могIан чохь.

Слайд:

— ХIинца и элп яздан Iемар дувай. Цкъа хьалха хIаваэхь яздан хьовсий вайэ лп Ж.

Слайд: (анимацица гойту)

— ТIадам буьллу лакхарчу белхан могIанна тIехула. Доца хьаьвзаш сиз а хьокхуш, охьавогIу,билгалонна хьаькхначу лахарчу белхан могIанна тIекхочуш, аьрру агIор доца хьаьвзаш сиз хьокху белхан могIанна юккъе кхаччалц. Белхан лакхарчу могIанна тIера хьалхахьаькхначу сизана тIера дIа тасалург а юьллуш, хьалха хьаькхначу сизе терра хьалавоьду, цу тIера нийса сиз хьокху лахарчу белхан могIанна тIе кхаччалц. Цу тIера дIа тасалург а юьллуш, аьтту агIорхьа дIа лакхарчу белхан могIанна тIе кхаччалц, сиз хьокху. Кхузахь хьалхахьаькхначу сизашка терра аьтту агIор доца хьаьвзаш сиз а хьокхуш, охьавогIу белхан лахарчу могIанна тIе кхочуш, юха а аьтту агIор хьаьвзаш доца сиз хьокху, белхан могIанна юккъе кхаччалц.

— Элп муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь язде элп Ж.

— Юха кепе хьовсуш, тетрадаш тIе яздийрду вай могIанан элп ж.

Ж – элп доккха а, жима а хуьлу.

— Маца яздо вай доккха элп?

Доккха элп вай яздо предложени йолош, долахь цIерашкахь а.

Слайд: (гойту доккха а, могIанан а элп Ж ж).

— Хьовсал, хIун башхалла ю хIокху шина элпана юкъахь?

(и ши элп вовшех къаьста барамца: доккха а, жима а хиларца)

— ХIинца кепе а хьовсуш вай яздийрду йозанан жима элп ж.

Слайд: (анимацица гойту)

Лакхарчу белхан могIанна тIера аьрру агIор белхан могIанна юккъера дIа, доца хьаьвзаш сиз а хьокхуш, охьавогIу, лахарчу белхан могIанна тIе кхочуш аьтту агIорхьа хьаьвзаш доца сиз хьокху белхан могIанна юккъе кхаччалц. Кхузахь белхан могIанна юккъехь тасалург а юьллуш, белхан лакхарчу могIанна тIе кхаччалц хьалавоьду, цу тIера дIа лахарчу белхан могIанна тIе кхаччалц охьавогIу, кхузахь тасалург а юьллий лакхарчу белхан могIанна юккъера аьтту агIорхьа доца хьаьвзаш сиз а хьокхуш, охьавогIу, лахарчу белхан могIанна тIе кхочушюха а аьтту агIор  хьаьвзина доца сиз хьокху, белхан могIанна юккъе кхаччалц.

— Iамийнарг тIечIагIдар тIехь болхбийр бу вай хIинца.

— Вай яздийр ду ж элп юкъахь долуш дешдакъош.

Жа жо жу жи же                 жа жо жу жи же

аж ож уж иж еж                 аж ож уж иж еж

— Бераш, шуна девзий ж элп юкъахь долу дешнаш? Далорду вай уьш.

Слайд:

Жа, жаIу, жижиг, маж, Жамил, бажа, Маржан, Жунид, бож.

— ХIинца, шина дешдекъах лаьтташ долу дешнаш дешдакъошка доькъуш, дIаяздийр ду вай.

Слайд:

Жа-Iу, жи-жиг, Жа-мил, ба-жа, Мар-жан, Жу-нид.

— ХIунда яздина вай цхьадолу дешнаш доккхачу элпаца?

(Уьш адамийн долахь цIерш ю. Адамийн долахь цIерш даккхийчу элпашца язъйо).

Дешнаш довзар.

— Бераш, вай декхарийлахь дунохчийн мотт дика хаа. Цундела лерина хьовса деза: хIун ю юьйцург?

Слайд:

1. Деха лаг а, беха когаш а болу дийнат? (Жираф)

2. Вайна гонах долу Iалам? (ЖилIалам)

3. Кхо ког болу гIант? (ЖIайгIант)

4. Жима диг? (ЖоммагIа)

5. Коран ангали тIехь шелоно диллина сурт? (ЖIамар)

— Ткъа хIинца, бераш, хIокху дешнашкара элпаш дайна, уьш каро хьовсий вай?

— ДIаязде дешнаш, тIадамийн меттана маьIница догIу элпаш а дохкуш, шаьш дехкина элпаш буха сиз хьакхарца билгалде.

Слайд:

ГIа…, коь…алг, кIу…ал, кIа…ар, ги…у, до…ар, хар…, бе….Iу.

Слайд:

ГIаж, коьжалг, кIужал, кIажар, гижу, дожар, харж, бежIу.

— Бераш, тахана вайна девзи мукъаза аз а, элп а Ж ж, иштта и элп яздан а Iеми вайна.

— Цу тIехь вай таханлера урок ерзор ю.

— Шун Iодикайойла. Марша Iойла.

Close
Яндекс.Метрика