Урок №35
МогIанан доккха а, жима а элп «УЬ, уь».
— Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
— Вайна тахана девзар ду мукъа аз а, элп а Уь уь.
— Хуур ду иза дешан юьххьехь, юккъехь, чаккхенгахь деша а, яздан а.
— ДIаяханчу урокехь вай Iамийра мукъа элп а, аз а оь.
— Оь элп юкъахь долуш масалш дагалаций вай.
Слайд:
Боь-ра Оьпа
моьлкъа оьла
— ХIинца дешдакъошка декъа хьовсий вай и дешнаш.
Слайд:
Оь-па
Оь-ла
Моьл-къа
ХIетал-метал хаьийла хьуна:
TIapгIa къажбеш а, кIади деш а яц,амма адамна тIе бедар юху? (УьстагI).
у
Шена тIехь тIулган цIа лелош ерг? (УьнтIепхьид)
— ХIун ю уьш? (УьстагI, уьнтIепхьид).
Слайдаца суьрташ гойту.
— ХIун ду церан юкъара? (Юьххьехь хеза аз (Уь)).
— Муьлхачу элпаца билгалдо аз (Уь) йозанехь? (Уь элпаца).
— Вай тахана Iамор ду
Слайд:
МогIанан доккха — Уь
Жима элп – уь
Слайд:
— Суьрта тIехь вайна гуш ю туька.
— Туька боху дош шина дешдекъах лаьтта
— Туька – дешан уь элп дашна юккъехь ду.
Слайд:
Уь – шалха элп ду.
— И элп яздеш вай пайдаэцна шина хьаьрках.
Слайд:
у+ь
— Дагалаца бераш уь элпаца долу дешнаш.
— Гергарчу хьесапехь иштта хир ду:
Слайд:
Туьрк, буьрка, туьппалг, куьзга, куьг, уьшал.
— Вай хIинца уь элп яздан Iемар ду.
Слайд: (анимацица хьехархочо уь яздар хьоьху)
— ХIинца вай яздийр ду уь – элп юкъахь долу дешнаш.
Хьуьнар, хьуьнхо, хуьлда, цуьнгара, уьдуш.
Слайд:
Элп уь хуьлу дашна хьалха а, юккъехь а.
— ХIинца дешнаш дIаязде вай.
Слайд:
Хьуьнар, хьуьнхо, хуьлда, цуьнгара, уьдуш.
— ХIара дешнаш дешдакъошка декъа
— Хьуь-нар –дешан ши дешдакъа ду
— Хьуьн-хо – дешан ши дешдакъа ду
— Хуьл-да – дешан ши дешдакъа ду
— Уь-душ – дешан ши дакъа ду
— Цуьн-га-ра – дешан кхо дакъа ду
— Iамийнарг тIечIагIдеш предложенеш язйийр ю вай.
Слайд:
Жима эсий хаза ду, уьш Iалашдеш жима Хьава ю.
Хьуьнах шийла шовда мала баханера Iахар.
— Хьалхарчу предложенехь уьш бохучу дашехь ду элп уь.
— ШолгIачу предложенехь хьуьнах бохучу дашехь ду элп уь.
— Вай тахана Iамий уь элп а, аз а. Хии дешнашкахь а, предложенешкахь а аз уь лаха а, къасто а.
— Таханлера урок цу тIехь ерзор ю вай.
— Iодика йойла шу!
(1 класс, хьехархо: Хожаева Эсет Усмановна)