=- 2 класс Урок6
Урокан ц1е: Мукъа аьзнаш а, церан элпийн билгалонаш а.
-Маршалла ду шуьга , хьоме дешархой! Кийча дуй шу цадевзарг довза , цахуург 1амо? Шу кечам бина девллехь ,вай д1айолор ю рог1ера нохчийн меттан урок.
Х1етал-метал хаийла шуна.
К1айн шаршу т1ехь ,1аьржа х1уш? Жоп: (Элпаш)
— Вайна тахана девзар ду мукъа аьзнаш а, церан элпийн билгалонаш а , иштта хуур ду дашехь мукъа элп схьалаха а , мукъачу элпо дешдакъа кхуллуш хилар.
Нохчийн маттахь исс мукъа аз а, пхийтта мукъа элп а ду.
Слайд:
мукъа аьзнаш: а, аь, и, о, оь, у, уь, э, ы;
мукъа элпаш : а,аь,о,оь,у,уь,и,е,ё.ю,юь,я,яь,э,ы;
Е, ё, ю, юь, я, яь элпаша дешан юьххьехь ши аз билгалдо:
ёлка –[йолка], яьшка-[йаьшка],ю-[йу],ехк-[йэхк ]..
-1амийнарг т1еч1аг1деш т1едахкарш кхочушдийр ду вай .
-Бераш , кхаа тобане декъа деза х1ара дешнаш.
Слайд:
хьалхара тоба— ши аз билгалдийриш ,
шолг1а — мукъачу оза т1ера дуьйлалуш дерш ,
кхоалг1а — мукъаза элпаш юьххьехь долуш.
Яьшка, хорбаз, салаз, 1аж, юбка, Муса, стигал, орам, урам, юьхк, кор, Орга, абат,пхьид, яьсса, ойла.
Нийса кеп:
1-тоба 2-тоба 3-тоба
яьшка орам хорбаз
юбка урам салаз
юьхк Орга 1аж
яьсса абат Муса
ойла стигал
кор
пхьид
Кху схемина дог1у дешнаш даладе.
Слайд:
Слайд :
Нийса кеп:
Ч1ара
Зезаг
Дитт
Вайна тахана девзи мукъа аьзнаш а, церан элпийн билгалонаш а , иштта хии дашехь мукъа элп схьалаха а , мукъачу элпо дешдакъа кхуллуш хилар.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. Дала хаарш т1ехь сов дохийла шу. 1одика йойла. Марша 1ойла!
Пайдаэцна литература:
1.Э.Х.Солтаханов. И.Э.Солтаханов. С.Э.Эдилов. Нохчийн мотт 2 класс .Грозный:АО
2. «Издательско-полиграфический комплекс Грозненский рабочий,2016». С.Э.Эдилов. «Ловзуш 1ема» (Юьхьанцарчу классийн хьехархошна методически пособи)
3. З.Д.Джамалханов, У.Х.Эжаев, Э.Х. Солтаханов. Грозный ГУП
«Книжное издательство»
Урок кечйинарг : юьхьанцарчу классийн хьехархо Мецигова Фариза Яхъяевна.