2 класс Йозанан урок (4 урок)
Тема: «Аьзнаш а, элпаш а»
-Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
— Вай юха а д1ахьур ю рог1ера нохчийн меттан урок!
— Тахана вайна хуур ду аьзнаш элпаш вовшах къасто а, иштта цхьана элпо я озо дешан дийна маь1на хуьйцуш хилар, аьзнаш йозанехь элпашца билгалдохуш хилар.
-Х1ара дешнаш хийца хьовсий вай:
Дешнийн хьалхара элп а хуьйцуш керла дешнаш кхоллий вай?
Слай:
Кара кор курс кож кад куй ког
Слайд: ( нийса иштта хир ду)
Кара (сара, к1ара, ч1ара, мара);
Кор (лор, мор);
Курс (дурс, турс);
Кож (бож, ч1ож, х1ож);
Кад(бад, г1ад, шад);
Куй (буй, дуй, нуй, туй, суй);
Ког(ков, кож, кой).
-Хьалхарчу мог1анера дешнийн хийцаделла хьалхара элп к.
Тахана вай дуьйцур ду аьзнех а, элпех а лаьцна.
-Х1ун го вайна суьрта т1ехь?
Слайд:
-Кхор бохучу дашера аьзнаш билгалдаха.
Слайд:
Кхор дашехь аьзнаш [кх], [о], [р] ду. кх (кха), о (о), р (эр) элпаш ду.
-Кор дашехь аьзнаш [к], [о], [р] ду. к (ка), о(о), р (эр) элпаш ду.
Кхор, кор дешнаш цхьана дешдекъах лаьтта
—Кхор, кор дашехь аларца х1ун башхо ю?
Кхор- дашехь хьалха кх ду, кор- дашехь хьалха-к.
-Х1ун башхо ю цу шина дешан маь1ница?
Кхор бууш болу хасстом бу, ткъа кор ц1ийнна буьллу г1ирс бу.
Слайд:
Йозанехь аьзнаш элпашца билгалдоху. Аьзнаш вай ала а олу, вайна уьш хаза а хеза, ткъа элпаш вай яздо, вайна ган а го.
-1амийнарг т1еч1аг1деш т1едахкарш кхочушдийр ду вай.
Слайд:
Лам-лом, сай-бай-вай.
-Муьлхачу аьзнаша къастадо и дешнаш вовшех?
Нийса боху и дешнаш вовшех къастадо [а], [о], [с], [б], [в] аьзнашца.
-Аз хийцича дешан маь1на хийцало.
-Йозанехь аьзнаш элпашца билгалдоху.
-Кхин а цхьа т1едиллар кхочушдан хьовсур ду вай.
-Муьлхачу аьзнашца къаьста х1ара дешнаш?
Т1ера схьаязъе, дешнаш къастош долчу элпашна к1ел сиз хьакха.
Слайд:
Лам-лом, бад-кад, г1ант-к1ант, куй-буй, к1а-къа-кха, кир-тир,
тай-сай, т1ай-бай, ч1ара- кара.
Слайд: ( нийса иштта хир ду)
Лам-лом, бад-кад, г1ант-к1ант, куй-буй, к1а-къа-кха, кир-тир,
тай-сай, т1ай-бай, ч1ара- кара.
-Х1етал- метал хуур дарий шуна:
Жоп еак1овш чу д1аяздийр ду вай.
-Олу суна лергаш деха,
-Со массарах кхоьруш еха.
-Коьллаш юкъахь хазахь тата,
-Даго ч1ог1а етта вота.
п | хь | а | г | а | л |
Нийса боху- пхьагал, муьлхачу аьзнех лаьтта и дош?
Слайд:
Пхьагал –дашехь аьзнаш [п], [хь], [а], [г], [а], [л], п (пэ), хь (хьа), а (а), г (гэ), а (а), л (эл) элпаш ду.
— Дагахь латтаде: Йозанехь аьзнаш элпашца билгалдо.
-Цхьа аз хийцича дешан маь1на хийцало.
— Тахана вайна хии аьзнаш элпаш вовшах къасто а, иштта цхьана элпо я озо дешан дийна маь1на хийцар а, аьзнаш йозанехь элпашца билгалдохуш хилар а.
-Цу т1ехь вай урок ерзор ю.
— 1одика йойла шун! Марша 1ойла!