2 класс урок№29 Iамийнарг карладаккхар предложени, текст

2 класс

Урок №29

   Шарахь 1амийнарг карладаккхар  (предложени, текст.)

-Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой.

-Вай тахана шуьца карладоккхур ду  предложених, текстах 1амиийнарг.

-Д1адеша аьрру а, аьтту а  б1ог1амалгашкара дешнаш .

Слайд:

Еза, дешархой, школа.                               Дешархошна шайн школа еза.

Предложени муьлханиг ю?

— Нийса боху предложени ю -Дешархошна шайн школа еза. –.

-Цо кхочушхилла ойла гойту.

Слайд:

Предложени-кхочушхилла ойла гойту дош я масех дош ду.

Предложенин хьалхара дош доккхачу элпаца язйо.

-Х1инца шолг1а  т1едиллар кхочушдийр ду вай:

-Предложенешка а йоькъуш, т1ера схьаязъяй вай текст.

Слайд:

Вай вешан махках Даймохк олу даймахкахь дерриг а вайна хьоме ду Даймохк ларбан беза хьо муьлхачу юьртара ву

-Муьлха хьаьркаш х1иттийна ахьхьовсур ду вай  чаккхенгахь.

Слайд: ( Нийса иштта хир ю)

Вай вешан махках  Даймохк олу .  Даймахкахь дерриг а вайна хьоме ду . Даймохк  ларбан беза ! Хьо муьлхачу юьртара ву?

Слайд:

Жам1 дар: Нагахь санна предложенехь цхьа хаам белахь цуьнан чаккхенга т1адам буьллу(.)

Предложенехь хаттар делахь- хаттаран хьаьрк дуьллу.(?)

Предложени хазахетарца, воккхаверца алахь-айдаран хьаьрк(!)

-Кхин а цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай:

Слайд:

Чекхъяха предложенеш:

Предложени лаьтта ……..

Предложени йолайо ….

Предложени чаккхенга ….

Слайд: Нийса кеп

Предложени лаьтта  дешнех.

Предложени йолайо  доккхачу элпаца.

Предложени чаккхенга дог1уш долу хьаьрк дуьллу.

-Предложенеш д1аеший, текст билгалъяккха.

Слайд:

1)Вайнехан бецан цхьа даар ду иза. 1а 1аламат шийла мур бу.

2)Берахь дуьйна вайна евзаш яр ю нитт. Вайнехан бецан цхьа даар ду иза.

-Шолг1ачу мог1анехь ерг текст ю.

-Х1унда аьлча? Текст-маь1ница вовшех йозаелла шиъ я масех предложени ю.

-Х1окху урокехь вай карладаьккхи предложени стенах олу, текстан а, предложенин башхаллаш а.

-Хьоме бераш! Шун  1одика йойла,  дахаран бехачу новкъахь ирс, аьтту хуьлийла шун. Дешаран арен т1ехь кхиамаш совбохийла аша даима.

 

 

Пайдаэцна литература:

1. Солтханов Э.Х.,Солтханов И.Э. ,Эдилов С.Э. «Нохчийн мотт» 2  класс

 -Соьлжа-г1ала:  АО «ИПК « Грозненский рабочий» -2016

2.З.Д.Джамалханов « Нохчийн  мотт » II дакъа   Синтаксис                                    Нохч-Г1алг1айн АССР-н педучилищан 3-4-чуй курсийн студенташна учебник                          Грозный Нохч-Г1алг1айн Книжни издательство  1985

3.Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала  2005  шо

4.Эдилов С. Э. «Ловзуш ,1ема»  Соьлжа-г1ала  2012  шо.

5..З.Д.Джамалханов, У.Х.Эжаев ,Э,Х.Солтаханов. Юьхьанцарчу классашкахь нохчийн мотт хьехаран некъаш.-Грозный :ГУП «Книжное издательство»

Урок кечйинарг:   Грозни-г1алин № 56  йолчу юккъерчу школан  нохчийн меттан,  литературин  хьехархо  Абуева Таиса Ильмадиевна.

Конец формы

 

 

Close
Яндекс.Метрика