2 класс урок№27 Гергара дешнаш

Нохчийн метан интернет урокан х1оттам. 2 класс.

27. Гергара дешнаш.

-Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

-Вай х1инца д1айолор ю рог1ера нохчийн меттан урок.

-Тахана вайна хуур ду, стенах олу гергара дешнаш, муха лаха беза гергарчу дешнийн орам а.

-Цхьана дашах схьадевллачу дешнех гергара дешнаш олу.

Слайд:

Юкъара (цхьатерра) дакъа а, маь1ница  вовшашна гергара а долчу дешнех гергара дешнаш олу:

Масала: Деша-дешар- дешархо,пондар-пондарча.

-Х1ара дешнаш «Деша» бохучу а «пондар» бохучу а дешнех схьадевлла ду.

0Х1ора а дешан шен лексически маь1на ду.

-Вайна хаа деза, лексически маь1на бохург х1ун ду а, дешнийн кеп хийцаялар х1ун бохург ду а.

-Цхьадолчу гергарчу дешнийн орамера мукъа элп хийцалуш хуьлу:

Масала: Хьун- хьуьнхо.

-Хьовсур вай хьеха бохучу дашах гергара дешнаш кхолла:

Слайд:

Хьеха- хьехам- хьехархо

-Оцу дешнийн орам «хьех» бу.

-Цу орамах керла дешнаш кхолладелла, шайн лексически маь1на а хийцалуш.

-Хуьйцур вай хьехархо боху дош дожаршца:

Слайд:

Ц1. хьехархо

Дл. хьехархочун

Л. хьехархочунна

Др. хьехархочо

К. хьехархочуьнца

Х. хьехархочух

М. хьехархочуьнга

Д. хьехархочул

-Дош дожаршца хийцадаларх, цуьнан лексически маь1на ца хийцало. Вайна ма-гарра, хийцаелларш чаккхенаш бен яц. Цундела вай дожаршца хийцина дешнех гергара дешнаш ца хуьлу. Церан кеп хийцаелла.

-Х1инца хьовса шина б1ог1амалгерчу дешнашка:

Слайд:

Беш-бешан

Бешахо-бешах

Бешлелархо-бешаца

-Хьалхарчу б1ог1амалгера дешнаш гергара ду, ткъа шолг1ачу б1ог1амалгехь дерш цхьана дешан кепаш ю.

-Ткъа х1инца 1амийнарг т1еч1аг1деш т1едиллар кхочушдийр ду.

-Д1аязде х1ара дешнаш, оцу дешнийн юкъара дакъа билгалдаккха:

Слайд:

Теша, тешам, тешнабехк;

Язда, яздар, яздархо;

Талла, таллам, таллархо;

Кхолла, кхоллам, кхолламхо.

Слайд: (нийса иштта хир ду)

Теша, тешам, тешнабехк;         — теш

Язда, яздар, яздархо;                     — язд

Талла, таллам, таллархо;          — талл

Кхолла, кхоллам, кхолламхо;       — кхолл

-Х1инца  шаьш кхочуш де иштта т1едиллар:

-Цхьана орамах схьадевлла гергара дешнаш цхьана мог1ане д1аязде.

Слайд:

Куьйгалла, оьзданиг, хьехам, ахархо, зуламхо, куьг, хьехархо, оьздангалла, зулам, хьеха, оьзда, аха, куьйгалхо.

Слайд:  (нийса иштта хир ду)

Куьг, куьйгалхо, куьйгалла;

Хьеха, хьехам, хьехархо;

Аха, ахархо;

Зулам, зуламхо;

Оьзда, оьздангалла, оьзданиг.

-Тахана вайна хии, стенах олу гергара дешнаш, муха лаха беза  гергарчу дешнийн орам.

Иштта цхьана дашах схьадевллачу дешнех гергара дешнаш олий а,

Уьш схьакаро а.

-Кху т1ехь вай таханлера урок ерзор ю.

 1одика йойла шун.

 Марша 1ойла!

Дудаева Ирса Хожаевна.

Close
Яндекс.Метрика