Урок№23 Урокан ц1е: ХIуманаш билгалъен дешнаш.
-Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
-Х1окху урокехь вай шуна довзуьйтур ду хIуманаш билгалъен дешнаш. Иштта хуур ду цара муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло а.
— Х1етал – металш далор ду вай:
Слайд: (Суьрташца гайта)
-Хи йистера баьццара бохча? (Пхьид)
-Хина тIай, некъана накъост? (Говр)
-Шозза дуьненчу даьлларг? (Олхазар)
-Х1уманаш билгалъечу дешнаша х1ун? бохучу хаттарна жоп ло.
Слайд:
Х1ун? борз
мукх
трактор
-Адам билгалдеш долчу дешнаша мила? муьлш? Бохучу хаттаршна жоьпаш ло.
Слайд:
Мила? нана, к1ант, дешархо
Муьлш? Наной, к1ентий, дешархой
-Уьш дерриг а х1уманаш билгалъен дешнаш ду. Царах ц1ердешнаш олу.
-Х1инца х1окху байт т1ехь юьйцург х1ун ю хьанна хуур дара?
Слайд:
Х1уманаш, адам билгалдо,
Мила? Х1ун ю? Хаттарш до.
Ойлаей хьо дийций вала,
Муьлха дакъа ду со ала? (ц1ердош)
-Нийса боху, ц1ердрш ду цу т1ехь дуьйцург.
-Цхьа т1едиллар кхочушдан хьовсур ду вай.
-Ц1ерш яха суьрташ т1ехь гойтучу х1уманийн.
-Д1аязде и дешнаш.
Слайд: (суьрташца гайта)
Малх
ага
шада
ахкарг
рама
-Оцу дешнийн хьалхара элпаш вовшахтесча х1ун дош хир ду а алий, иза юкъахь долуш, предложени язъе. Дийца, муьлхачу хаттарна жоп ло оцу дашо.
-Т1едиллар нийса иштта кхочушдича хир ду.
Слайд:
Малх
ага
шада МАШАР
ахкарг
рама
-Оцу дешнийн хьалхара элпаш вовшахтесча хир ду дош- М А Ш А Р.
-Дуненахь массарна а беза машар.
( беза х1ун? машар ) – машар ц1ердош ду.
-Кхин цхьа т1едиллар а кхочушдийр ду вай.
-Х1ун? бохучу хаттарна жоп лучу кепара, х1окху дешнашкахь цхьа элп хийца.
Слайд:
Моз — …, т1ам — …, вота — …, тай — …, ч1ара — …, поп -…..
—Болх нийса бинехь иштта хила тарло.
Слайд:
Моз – мох, т1ам – лам, вота – гота, тай — бай, ч1ара – кара, поп — топ.
-Х1окху урокехь вай шуна довзийти хIуманаш билгалъен дешнаш. Цара муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло хии. Иштта 1еми цаьрца масалш дало а, предложенеш х1итто а.
-Цу т1ехь вай таханлера урок ерзор ю.
-Шун 1одикайойла. Марша 1ойла.